bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 6
Exodus 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 7 →
1
ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХӀинца гур ду хьуна Ас пирӀунна дендерг. Онда куьг шена тӀехь хааделча, цо дӀахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара».
2
Юха Мусага Дала элира: «Со Веза Эла ву.
3
ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цӀе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цӀарца Ас царна Со вовзийтина вац.
4
Ас барт бина цаьрца, КанаӀанан латта царна дӀалур ду аьлла. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара.
5
Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тӀаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна.
6
Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кӀелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргӀат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таӀзарш а деш.
7
Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тӀаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Ӏазапах кӀелхьардаьхна волу.
8
Айса ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дӀалур ду аьлла, куьг а айина чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Ас, иза шуна тӀаьхьалонна дӀа а лур ду. Со Веза Эла ву“».
9
Мусас и дерриг а исраилхошна дӀадийцира, амма цара ла ца дуьйгӀира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна.
10
ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира:
11
«Мисаран паччахь волчу пирӀунна тӀе а гӀой, исраилхой шен махкара дӀабахийта ала цуьнга».
12
Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогӀа, пирӀунна-м муххале а луур дац. Цу тӀе сан къамел говза а дац».
13
Мусаца а, АхӀаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тӀедиллира Исраилан халкъаца а, пирӀунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тӀедожийра Цо.
14
Мусан а, АхӀаронан а дайн тӀаьхьенаш хӀорш яра: Исраилан хьалхарчу кӀентан цӀе Раабан яра. Раабанан кӀентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира.
15
ШимӀин кӀентий бара Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул. Царах ШимӀех схьадевлла гаранаш хилира.
16
Леви бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.
17
ГӀиршанан кӀентий бара Ливани а, ШамаӀи а.
18
КхахӀат бӀе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара Ӏамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Ӏузиал а.
19
Мерарин кӀентий бара Махьли а, Мушхьи а. Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тӀаьхьенаш яра.
20
Ӏамрам бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кӀант вара — АхӀарон а, Муса а.
21
Ицхьаран кӀентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а.
22
Ӏузиалан кӀентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.
23
АхӀарона Ӏамминадабан йоӀ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхӀаронна вира Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а.
24
Кхорахьан кӀентий бара Асар а, Элкхан а, Абуасап а. Царах Кхорахьах схьадевлла гаранаш хилира.
25
АхӀаронан кӀанта ЭлиӀазара Путиалан йоӀарех цхьаъ ялийра. Зудчо ЭлиӀазарна Пайнехьас вира. Левин тӀаьхьенаш яра уьш шайн гаранашца.
26
АхӀарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара.
27
Цара аьллера Мисаран паччахье, пирӀуне, исраилхой Мисар-махкара дӀабахийта аьлла. И шиъ вара Муса а, АхӀарон а.
28
Цу хенахь Везачу Эло Мусаца Мисар-махкахь къамел дира.
29
Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву! Мисаран паччахье, пирӀуне, Ас хьайга аьлларг дерриг а дӀаала».
30
Амма Мусас жоп делира: «Сан къамел говза дац, соьга ладугӀур дуй те пирӀуно?»
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40