bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 19
Exodus 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 20 →
1
Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагӀа бутт чекхболуш, бутт цӀинлучу хенахь, Синай цӀе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой.
2
Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хӀоттийра.
3
Муса лома тӀе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тӀера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тӀаьхьене, исраилхошка, дӀаала:
4
„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тӀемаш тӀехь санна, шаьш Со волчу схьадалор.
5
Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугӀуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхӀар хир ду, хӀунда аьлча дерриг а Латта Сан ду.
6
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дӀахаийта».
7
Юха а веана, къаной а гулбина, Везачу Эло шена тӀе диллинарг цаьрга дӀаэлира Мусас.
8
Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас.
9
Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хӀуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама». ТӀаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас.
10
Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тӀе а гӀой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дӀакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта.
11
КхозлагӀчу дийнахь кийча хила а ала цаьрга. Цу дийнахь дерриг а халкъана хьалха Веза Эла волу Со Синай-лам тӀе вуссур ву.
12
Ламанна гонах сиз а хьакхий, нахе лам тӀе а ма довла, цуьнан лахенах хьакха а ма ло ала. Ломах хьакхавелларг вуьйр ву.
13
Адам делахь а, хьайба делахь а, тӀулгаш деттий я пха кхоссий, де иза. Цхьаммо а цунах куьг а ма Ӏотта. Локхучу уьстагӀан маӀан дахдина аз хезча, нах лам тӀе хьалабовла мегар ду».
14
Лома тӀера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хӀуманаш йиттира.
15
Цо халкъе элира: «КхозлагӀчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гӀо».
16
КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира.
17
Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кӀел Делаца цхьаьнакхета дӀадигира. Уьш ламанан кӀажехь дӀахӀиттира.
18
Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура.
19
УьстагӀан маӀан аз тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура.
20
Синай-ламанан бохь тӀе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тӀе кхайкхира. Муса хьалавелира.
21
Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гӀерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хӀаллакьхир бу.
22
Веза Эла волчу Суна улло богӀу динан дай а тӀехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта».
23
Мусас Везачу Эле элира: «Халкъан Синай-лам тӀе дала бакъо яц, хӀунда аьлча Ахь аьлла тхоьга, ломана гонах сиз а хьакхий, лам базбеш Хьайна дӀакъастабе аьлла».
24
Везачу Эло цуьнга элира: «ГӀой, нах болчу чувосса, юха АхӀаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хӀаллак ца дайта».
25
Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дӀаэлира Мусас.
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40