bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 35
Exodus 35
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 36 →
1
Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тӀедиллинарг хӀара ду:
2
ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву.
3
Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хӀусамашкахь цӀе ма латае».
4
Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг хӀара ду:
5
шайгара Везачу Элана совгӀаташ да. Даггара сагӀа дала лууш волчу хӀора стага Везачу Элана лерина совгӀат да: деши а, дети а, цӀаста а,
6
сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а,
7
цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,
8
къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а,
9
оникс цӀе йолу тӀулг а, ийпадна чухӀитто а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна тӀетосу а деза тӀулгаш а».
10
«Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тӀедиллинарг дан деза:
11
деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тӀера кхалор а, мӀараш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, баххаш а,
12
бартбаран тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а, дуьхьал уллу кирхьа а,
13
стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, цу тӀе хӀитто Везачу Элана лерина баьпкаш а,
14
четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гӀирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а,
15
хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, Делан четаран неӀаре уллу шаршу а,
16
дийнаташ дагоран сагӀанаш доху кхерч а, цуьнан цӀестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а,
17
кертана ухку шаршуш а, кертан бӀогӀамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а,
18
четар чӀагӀъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а,
19
Делан четарна чохь гӀуллак деш тӀедуха дезаш долу деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш)».
20
Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дӀадахара.
21
Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гӀуллакх къобалдеш а волу хӀора стаг вогӀура Везачу Элана лерина совгӀат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гӀирсана а, дезачу духаршна а лерина хӀуманаш яхьара цара.
22
Шен даггара сагӀа дала лууш долчу хӀора адамо — божарша а, зударша а — мӀерий а, лергах ухку чӀагарш а, мухӀарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хӀуманаш а яхьара. ХӀораммо а дашо совгӀат, шатайпа сагӀа санна, хьалаойура Везачу Элана.
23
Шен долчо сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а дахьара.
24
Детин я цӀастанан совгӀат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагӀина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хӀораммо а Везачу Элана сагӀина яхьара иза.
25
Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а дахьара.
26
И болх шайн дагца тӀе а лаьцна, шайна хуучара газанан тӀаргӀа хьовзабора.
27
Халкъан тхьамданаша оникс цӀе йолу а, ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а лерина а тӀулгаш дахьара,
28
ткъа иштта хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а кечдан.
29
Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара.
30
Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал, ЯхӀудан тӀаьхьенах волу.
31
Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала.
32
Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а,
33
деза тӀулгаш кечдан а, дечигах хӀума ян а, мел болу говза болх бан а.
34
Цунна а, Данан тӀаьхьенах волчу Ахьисамахан кӀантана ОхӀлиабана а похӀма делла кхиберш Ӏамо.
35
Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хӀума ян а, кӀади дан а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир яккха а, кӀадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а».
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 36 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40