bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 29
Exodus 29
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 30 →
1
«Суна лерина гӀуллакх дан царах динан дай беш, ахь хӀара дан деза: кхиъна йогӀу старгӀа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза),
2
совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кӀенан демах дина хила деза.
3
Цхьана тускар чу бепиг а, хьокхамаш а дахка, ткъа иза старгӀица а, шина коьмаца а цхьаьна схьада.
4
АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, гуламан четаран неӀаре схьа а балабай, хица лийчабе.
5
Духарш схьа а эций, АхӀаронна тӀе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тӀоьрмаг а олла, юкъах ийпада тӀехула доьхка а дехка.
6
Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тӀехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чӀагӀде.
7
Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхӀаронан коьрта тӀе дотта, иза къобал а веш.
8
Схьа а балабай, цуьнан кӀенташна тӀе кучамаш юха.
9
Царна юкъах доьхкарш а дехка, кортош тӀе кӀадинан асанаш а яхка, тӀаккха царах ерриг а тӀейогӀучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Суна леррина гӀуллакх дан къобалбийр бу ахь.
10
СтаргӀа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду.
11
Делан цӀенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгӀина.
12
СтаргӀин цӀий хьайн пӀелгаца сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш тӀе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта.
13
Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доӀах тӀехь йолу мохь а, шайна тӀера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе.
14
СтаргӀин жижиг а, неӀ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагӀа ду.
15
Юха шина коьмах цхьаъ схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду.
16
Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀий схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цинцаш тоха.
17
Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тӀеяхка.
18
Берриг а ка сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. Иза дийнат дагоран цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.
19
Важа ка а схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а куьйгаш цуьнан коьрта тӀе дохкур ду.
20
Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀийх цхьадерг АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а аьтту лерган дуьмана тӀе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пӀелга тӀе а хьакха. Юха сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цӀийн цинцаш тоха.
21
Къобалдаран цхьажимма зайтдаьтта а, сагӀа доккхучу кхерча тӀера цхьажимма цӀий а, схьа а эций, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а цинцаш тӀетоха, цуьнан кӀенташна а, церан бедаршна а цинцаш тӀетоха. ТӀаккха иза а, цуьнан бедарш а, шайн бедаршца цуьнан кӀентий а базбина хир бу.
22
АхӀарон вазваран ка иза болу дела, коьман мохь а, цуьнан дума а, чоконан мохь а, доӀахана тӀера мохь а, ши жим а, царна тӀера мохь а, аьтту гӀогӀ а схьаэца.
23
Везачу Элана хьалха дӀахӀоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца.
24
И дерриг а АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дилла. ТӀаккха цаьрга и хӀуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайийта.
25
Юха, цаьргара схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀина тӀехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду.
26
АхӀарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа иза.
27
Вазваран коьмах АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гӀогӀ а.
28
ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгӀат ду, цара бертан сагӀанаш дохучу хенахь.
29
АхӀаронна дина деза духарш цуьнан кӀенташна дуьсур ду, и духарш шайна тӀехь а долуш, уьш, тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбархьама.
30
ВорхӀ дийнахь и духарш лело деза АхӀаронан метта веанчу цуьнан кӀентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гӀуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас.
31
АхӀарон вазваран ка схьа а эций, цунах долу жижиг езачу меттехь кхехкаде.
32
Гуламан четаран неӀарехь цу коьман жижиг а, тускар чуьра дисина долу бепиг а даа деза АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а.
33
АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а къинош дӀадахаран Ӏадатехь, Суна хьалха гӀуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна.
34
Нагахь санна цу жижигах а, баьпках а Ӏуьйре тӀекхаччалц хӀума дисахь, иза дагаде. Диснарг даа мегар дац, хӀунда аьлча иза беза кхача бу.
35
АхӀаронца а, цуьнан кӀенташца а дан дезарг Ас хьайна тӀе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гӀуллакх дан уьш къобалбар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза.
36
ХӀора дийнахь цхьацца старгӀа, е а йийна, къинна дуьхьал сагӀа санна яккха, къа дӀадаккхархьама а, сагӀа доккху кхерч цӀанбархьама а. Кхерча тӀе даьтта дотта, иза беза хилийта.
37
ВорхӀ дийнахь иштта къа дӀадоккху сагӀанаш даха, кхерч баз а беш. ТӀаккха иза чӀогӀа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду».
38
«ХӀора дийнахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цхьа шо кхаьчна ши Ӏахар сагӀина боккхур бу ахь.
39
Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баккха, важа сарахь баккха.
40
Хьалхарчу Ӏахарца иштта сагӀанаш даха: кхачанан сагӀа санна хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархӀ кад дама, ткъа чагӀаран сагӀа санна биъ кад чагӀар.
41
ШолгӀа Ӏахар сарахь, сагӀа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даккха. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.
42
Иштта дагоран сагӀа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хӀуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас.
43
Цу меттехь исраилхошна хьалха хӀуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю.
44
Гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а базбийр бу Ас. АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Ас дӀакъастор бу, цаьрга Сайна динан дайшка санна гӀуллакх дайта.
45
Исраилхошна юкъахь Ӏийр ву Со, церан Дела а хир ву Со.
46
Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Ӏархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву».
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 30 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40