bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Exodus 14
Exodus 14
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 15 →
1
Везачу Эло Мусага элира:
2
«Исраилхошка дӀаала, юха а дерзий, Пи-ХӀахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цӀе йолчу меттигний, хӀорданий юккъехь, БаӀал-Цепонна уллохь яккха.
3
ПирӀунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу.
4
Ас пирӀунан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха иза шуна тӀаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирӀунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТӀаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.
5
Мисаран паччахье, пирӀуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хӀун ду вай динарг? ХӀунда бахийти вай уьш дӀа? ХӀинца вайна болх бан нах а бац», — бохура цара.
6
Шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, тӀемалой вовшахтуьйхира пирӀуно.
7
Ялх бӀе тоьлла тӀеман гӀудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гӀудалкхаш а, царна тӀехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо.
8
Везачу Эло дог а чӀагӀдина, исраилхошна тӀаьхьаваьллера пирӀун. Ткъа исраилхой майрра дӀабоьлхуш бара.
9
Мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тӀаьхьабевллера. Пи-ХӀахьират олучу меттигна уллохь, БаӀал-Цапонна хьалха царна тӀаьхьакхиира уьш.
10
Исраилхошна эскарца шайна тӀевогӀу пирӀун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш.
11
Цара элира Мусага: «Мисарахь дӀадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХӀара хӀун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна?
12
ХӀара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, — ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гӀоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул».
13
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.
14
Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».
15
Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хӀунда кхойкху хьо? Исраилхошка дӀадуьйлало ала.
16
Ткъа ахь хьайн некъан Ӏаса хӀорда тӀехула дӀалаца. ХӀорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тӀехула чекхбевр бу.
17
Ас мисархойн дегнаш чӀагӀдийр ду, тӀаккха уьш исраилхошна тӀаьхьагӀур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирӀунна а, цуьнан эскарна а, гӀудалкхашна а, дошлошна а тӀехь толам а баьккхина.
18
Аса пирӀунна тӀехь а, цуьнан гӀудалкхашна тӀехь а, цуьнан дошлойшна тӀехь а Сайн сийлалла гайтича, тӀаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла».
19
Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тӀехьа хӀоьттира, тӀаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бӀогӀам а нахана тӀехьа хӀоьттира.
20
Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хӀоьттира марханийн бӀогӀам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дӀаяллалц тӀеттӀа ца бахара уьш.
21
Мусас хӀорда тӀехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чӀогӀа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хӀорд дӀаса а бекъабалийтина, латта дакъийра.
22
ХӀорда юккъерачу лаьтта тӀехула дӀабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агӀор хи дара царна.
23
ТӀаьхьабевлла богӀу мисархой шайн ерриг а говрашца, гӀудалкхашца, дошлошца хӀорда юккъе бевлира.
24
Ӏуьйранна марханийн а, цӀеран а бӀогӀамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра.
25
Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! — бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. — Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»
26
Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хӀорда тӀехула лаца, тӀеттӀа хьаьддачу хино мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а дӀахьулбийр бу».
27
Мусас шен куьг хӀорда тӀехула лаьцча, Ӏуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хӀаллакбира уьш.
28
Шен метте юхадеанчу хино гӀудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тӀаьхьадаьллачу пирӀунан эскарх цхьа а дийна ца висира.
29
Амма хӀорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тӀехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агӀор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ.
30
Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьарбехира. ТӀаьхьо исраилхошна хӀордан берда тӀехь мисархойн декъий гира.
31
Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.
← Chapter 13
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 15 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40