bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 1
Jeremiah 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 2 →
1
ХӀара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тӀехь лаьтташ йолчу Ӏанатот-гӀаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхӀун кӀентех волчу а Ярми-ЯхӀун ду.
2
Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира, яхӀудхойн паччахь Аминан кӀант Юши-ЯхӀу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волу кхойтталгӀа шо.
3
Везачу Элан дош Ярми-ЯхӀуга иштта кхочура яхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхӀун кӀанта ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла дечу цхьайтталгӀачу шеран пхоьалгӀачу батта тӀекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дӀадигира.
4
Соьга, Ярми-ЯхӀуга, Везачу Элан дош кхечира:
5
«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дӀакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дӀахӀоттийра».
6
ТӀаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хӀинца а дукха жима ма ву».
7
Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дӀа мел хьажийначу метте гӀур ву хьо. Аса хьайна тӀедиллинарг дӀа а эр ду ахьа.
8
Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кӀелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло.
9
Шен куьг дӀа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХӀинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас.
10
Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дӀахӀоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цӀарах вистхила. Ахьа дӀахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хӀаллакдина а, дӀадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахӀиттийна а, юхадоьгӀна а хир ду аьлла».
11
ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХӀун го хьуна, Ярми-ЯхӀу?» Аса жоп делира: «Суна бӀаьлланган га го».
12
Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бӀаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта».
13
Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхӀу, хӀун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агӀор таьӀна болу».
14
Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тӀехъоьхур бу.
15
Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, — боху Везачу Эло. — Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гӀанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахӀиттор ду. ГӀалин пенашна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашна а тӀелетар ду уьш.
16
Айса дӀахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тӀехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Ӏибадат дора цара.
17
Ткъа ахьа, Ярми-ЯхӀу, хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хьала а гӀаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дӀадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама.
18
Аса хьо хӀинца чӀагӀйина гӀала санна, аьчка бӀогӀам санна, йоьза пен санна, хӀокху лаьтта тӀехь дӀахӀоттийна. ЯхӀудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву.
19
Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, — боху Везачу Эло, — Аса хьо кӀелхьар а воккхур ву».
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52