bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 25
Jeremiah 25
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 26 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь Везачу Элера ЯхӀудан дерриге а халкъах лаьцна болу хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга. (Иза Набухди-Нецар Бавел-махкахь паччахь дӀахӀоьттина хьалхара шо дара.)
2
И хаам пайхамар волчу Ярми-ЯхӀус дӀакхайкхийра ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а дерриге а халкъе.
3
«ЯхӀудхойн паччахьо Аминан кӀант Юши-ЯхӀус паччахьалла до кхойтталгӀачу шарахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц — ткъе кхаа шарахь — соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дӀакхайкхабора, амма аша ла ца дугӀура Соьга.
4
Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора.
5
Оцу пайхамарша олура: „Шайн вочу некъех а, зуламаш лелорах а шух хӀорра а дӀаверзалаш, тӀаккха Везачу Эло шуна а, шун дайшна а деллачу лаьтта тӀехь абаденналц даха таро хир ю шун.
6
Кхечу деланашна тӀаьхьа ма хӀитта, царна Ӏамал ярхьама а, Ӏибадат дархьама а. Шун куьйгаша бина болу уьш бахьана долуш, ма вахийта со оьгӀаз. ТӀаккха Аса зен дийр дац шуна“.
7
Амма аша Соьга ла ца дуьйгӀира, — боху Везачу Эло. — Шайн куьйгаша дина гӀуллакхаш бахьана долуш, Со а оьгӀаз вохуьйтура аша, иштта шайна вонаш а дора.
8
Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аша Сан хаамашка ла ца доьгӀна дела,
9
Аса массо а къилбаседехьара къаьмнаш а, Сан лай волу бавелхойн паччахь Набухди-Нецар а схьавалор ву. Аса уьш хӀокху махкана а, мехкан бахархошна а, цунна гонах мел долчу къаьмнашна а дуьхьалбохур бу. Аса кхоччуш хӀаллакбийр бу уьш, царах гуттаренна а къапалгаш а еш. Уьш къемате а хир бу, царах кхаьрдар а бу.
10
Аса дӀадоккхур ду кхузара даккхийдер а, сакъерадалар а, кхин хезар дац кхузахь нускалан а, зуда ялош волчун а ирсе аьзнаш. Аса хьеран кохьарш а сацор ю, стогарийн серло а дӀайойур ю.
11
Дерриг а хӀара латта яьсса, инзаре меттиг хилла дӀахӀуттур ду, ткъа кхузарчу къаьмнаша Бавелан паччахьан йийсарехь кхузткъе итт шо доккхур ду.
12
Кхузткъе итт шо дӀадаьллачул тӀаьхьа Аса Бавелан паччахьна а, цуьнан къомана а таӀзар дийр ду, цара летийна къинош бахьана долуш, — боху Везачу Эло. — Хашадхойн мохк гуттаренна а бассор бу Аса.
13
Аса хир бу аьлла болу а, массо а къаьмнашна дуьхьал Ярми-ЯхӀус дӀакхайкхийна болу а, оцу тептар тӀехь дӀаязбина болу а массо а бохамаш бийр бу Аса оцу махкана.
14
Бавелера халкъ дуккха а халкъашна а, баккхийчу паччахьашна а хьалха гӀуллакх деш лелар ду, цара диначуьнга а, церан куьйгаша лелийначуьнга а хьаьжжина, Аса царна доггӀург дӀа а лур ду“».
15
Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хӀара оьгӀазаллин чагӀар чохь долу кад дӀа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта.
16
Уьш, цу чуьра дӀамеллачул тӀаьхьа, дӀаса а лесташ, хьерабевлча санна лелар бу, хӀунда аьлча царна гур ду Аса шайна тӀедерзор долу тур».
17
Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тӀевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира.
18
Аса Ярушалайм-гӀалане а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашка а, церан паччахьашка а, тхьамданашка а цу кеда чуьра малийтира, церан латтанаш дассорхьама а, адамашка, цецбовларца шакарш а етташ, цу меттигийн цӀераш а ялош, неӀалт алийта. Нах хӀинццалц а иштта лела.
19
Аса иштта цу кеда чуьра малийтира: Мисар-махкара паччахь волчу пирӀуне а, иштта цуьнан ялхошка а, тхьамданашка а, цуьнан дерриг халкъе а,
20
цигарчу эделла долчу халкъашка а; ӀуцӀа-махкарчу массо а паччахьашка а; пӀелаштамхойн гӀаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гӀалин а, Ӏази-гӀалин а, Ӏекхран-гӀалин а, иштта Ашдод-гӀалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а;
21
Эдом-мехкан а, Муаби-мехкан а, Ӏаммин-мехкан а бахархошка;
22
Цора-гӀалара а, ЦӀадан-гӀалара а болчу паччахьашка; хӀордан йистехь дехаш долчу къаьмнийн паччахьашка;
23
Даддан-гӀалане а, Тейма-гӀалане а, Буз-гӀалане а; шайн гиччош тӀера месаш лоргуш мел долчу къаьмнашка а;
24
Ӏаьрби-махкарчу массо а паччахьашка а; яьссачу аренгахь дехаш долчу тукхамийн массо а паччахьашка а;
25
Зимарера а, Ӏейламера а, Мадайгара а паччахьашка а;
26
къилбаседехьа долчу уллорачу а, генарчу а латтанашкара болчу массо а паччахьашка тӀекӀел а. Аса дуьнен тӀехь долчу массо а пачхьалкхашкарчу халкъашка малийтира Везачу Элан оьгӀазаллин кад. Ткъа Шейшакарчу паччахьо а мер бу тӀаьххьара и кад.
27
ТӀаккха Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала цаьрга иштта: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: Сан оьгӀазаллин кедара дӀа а молуш, даха а дехаш, схьаӀеттаде, тӀаккха охьа а эгий, кхин хьала а ма гӀитта, шайна Аса даийтина долу тур бахьана долуш“.
28
Нагахь санна уьш, хьан карара дӀа а эцна, и кад ца молуш дуьхьал бовлахь, ахьа цаьрга ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: аша, хӀуъа хилахь а, дӀамер бу и кад!“
29
Со Сайн цӀе лелош йолчу гӀалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тӀехь мел болчу нахана таӀзар де аьлла, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
30
Ярми-ЯхӀу, цаьрга дӀаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гӀигӀ дийр ду. Цо Шен дезачу цӀа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧӀогӀачу озаца Цо гӀигӀ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагӀар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тӀехь бехаш болчу массо а нахе.
31
И гӀовгӀа дуьненан массо а йистошка дӀакхочу, хӀунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Ӏесанаш Цо туьре дӀалур бу“, — боху Везачу Эло».
32
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Цхьана халкъана тӀера вукху халкъана тӀе а кхочуш, бохам бийр бу, ткъа доккха дарц долалуш ду дуьненан генарчу йистошкара.
33
Дуьненан цхьана йистера дуьйна вукху йисте кхаччалц Ӏохкуш хир ду Везачу Эло хӀаллакбинчеран декъий. Цхьа а стаг хир вац царна воьлхуш, цхьаммо а уьш, хьала а эцна, дӀабухкур бац. Уьш лаьтта тӀехь Ӏохкуш хир бу, кхо санна.
34
Ткъа шу, церан Ӏуй, узарш а деш, делха! Шайн лазарш бахьана долуш лаьттахь керча! ГӀайгӀанаш а еш, лаьттахь керча! Шу дайа деза йолу хан тӀекхаьчна. Кегйина еза пхьегӀа санна, шу дӀасакхиссина а, охьаэгна а Ӏохкуш хир ду.
35
Ӏушна кӀелхьардовла меттиг хир яц, жен куьйгалхошна дӀаловчкъа меттиг хир яц.
36
Ӏуша орца даккхаре ладогӀа! Жен куьйгалхойн белхаре ладогӀа! Уьш иштта боьлху, Веза Эла церан дежийла хӀаллакьеш волу дела.
37
Везачу Элан дералла бахьана долуш, машаре йолу дежийлаш яссийна хир ю.
38
Веза Эла шен хьеха чуьра арадаьлла долу лом санна ву. Иштта церан латта дассийна хилира, гӀело йинчун тур а, Цуьнан чӀогӀа дералла а бахьана долуш».
← Chapter 24
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 26 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52