bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 28
Jeremiah 28
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 29 →
1
Оццу шарахь, яхӀудхойн паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла дечу дуьххьарчу заманахь — доьалгӀачу шеран, пхоьалгӀачу баттахь цуьнан паччахьаллехь — ГавӀонера пайхамар волу Ӏазуран кӀант Хьанан-ЯхӀу соьга вистхилира. Везачу Элан цӀийнан кертахь а волуш, динан дайшна а, массо а халкъана а хьалха Хьанан-ЯхӀус соьга элира:
2
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса дохор ду Бавелан паччахьан дукъ.
3
Ши шо далале, Аса оцу метте юхаяхьар ю Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Везачу Элан цӀа чуьра Бавеле дӀаяьхьна йолу ерриге а хӀуманаш.
4
ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара Бавеле дӀабигна болу массо а йийсархой а Аса хӀокху метте юхаберзор бу, — боху Везачу Эло. — Аса дохор ду Бавелан паччахьо яхӀудхошна тӀедиллина долу дукъ“».
5
ТӀаккха Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь болчу динан дайшна а, массо а нахана хьалха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀуга вистхилира.
6
Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира: «Иштта хуьлийла иза, Везачу Эло иштта нисдойла иза! Везачу Элан цӀийнан хӀуманаш а, массо а йийсархой а Бавелера хӀокху метте юха а берзош, Везачу Эло кхочушдойла ахьа Делан цӀарах аьлла долу дешнаш!
7
Амма ахьа ладогӀалахь аса хӀинца хьоьга массарна а хозуьйтуш олучуьнга.
8
Хьол а, сол а хьалха хиллачу пайхамарша, хиндолчух лаьцна Делера болу хаамаш шаьш бечу хенахь, дуккха а мехкашна а, яккхийчу пачхьалкхашна а тӀом а, бохам а, ун а хир ду аьлла.
9
Нагахь санна цхьана пайхамаро, машар хир бу аьлла, схьакхайкхош хилча, иза, баккъал Везачу Эло ваийтина пайхамар ву аьлла, тӀелоцуш ца хилла, цо аьлларг кхочушхиллалц».
10
ТӀаккха пайхамар волчу Хьанан-ЯхӀус Ярми-ЯхӀун кочара дукъ, схьа а даьккхина, дохийра.
11
Массо а халкъана хьалха Хьанан-ЯхӀус хӀара дешнаш элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Оццу тайпана Аса, ши шо далале, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран дукъ а дохор ду, массо а къаьмнийн кочара схьа а даьккхина“». Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀу-пайхамар шен новкъа дӀавахара.
12
Хьанан-ЯхӀу-пайхамаро Ярми-ЯхӀу-пайхамаран кочара дукъ дохийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
13
«Ваха а гӀой, Хьанан-ЯхӀуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’.
14
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кӀелахь хилийта. Уьш цунна гӀуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дӀаелла’“».
15
Ярми-ЯхӀу-пайхамаро элира Хьанан-ЯхӀу-пайхамаре: «ЛадогӀал соьга, Хьанан-ЯхӀу, хьо Везачу Эло ваийтина вац. Ткъа ахьа хӀара халкъ харцхаамах тешийтина.
16
Цундела Везачу Эло иштта боху: „Аса кху дуьнен чуьра дӀавуьгур ву хьо, Хьанан-ЯхӀу. Хьо кху шарахь лийр ву, хӀунда аьлча ахьа кхайкхийнарг бахьана долуш нах Везачу Элана дуьхьалбевр бу“».
17
Цу шеран ворхӀалгӀачу баттахь Хьанан-ЯхӀу-пайхамар велира.
← Chapter 27
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 29 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52