bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 33
Jeremiah 33
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 34 →
1
Везачу Элера шолгӀа а хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, иза хӀинца а гӀаролхойн кертахь набахти чохь воллучу хенахь.
2
«Иштта боху Везачу Эло, латта кхоьллина а, цунна куц делла а, иза чӀагӀдина а Волчо, Шен цӀе Веза Эла Йолчо:
3
„Орца даккха Соьга, ткъа Ас жоп лур ду хьуна. Ас даккхий а, дӀахьулдина а хӀуманаш дӀакхайкхор ду хьуна, хьалха хьуна хиъна доцу.
4
Исраилан халкъан Везачу Дала хӀара боху Ярушалаймехь долчу цӀенойх а, иштта ЯхӀуд-махкарчу паччахьийн цӀенойх а лаьцна: гӀала схьалацархьама мостагӀаша динчу лаьттан гунех а, иштта мостагӀчун туьрах а лардеш дохадора и цӀенош.
5
Цхьаболчара хашадхошца тӀом бийр бу, ткъа мостагӀаша гӀалин цӀенош дузур ду Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хӀунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гӀаланах къайлаяьккхинера.
6
Делахь а, Ас гӀалина дарба а, лоралла а дийр ду. Цуьнан халкъ Ас, то а дина, цунна машар а, сашорте а йовзуьйтур ю.
7
Ас Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а аьтто юхаметтахӀоттор бу, ткъа Аса уьш, хьалха санна, чӀагӀдийр ду.
8
Суна дуьхьал цара мел летийначу къинойх Аса цӀандийр ду уьш, ткъа Сайна дуьхьалбовларца цара мел лелийнарг Аса царна гечдийр ду.
9
Ярушалайм-гӀалано дуьненан массо а къаьмнашна хьалха Суна гӀарадаккхар а, хазахетар а, хастам а, сий а доккхур ду, Айса цунна мел дина дика царна хезча. Ларамах а буьзна, уьш бегош хир бу, Аса цунна ден долу дика а, аьтто а шайна дӀагича“».
10
Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду
11
синкъераман а, хазахетаран а аьзнаш, зуда ялош волчун а, маре йоьдучун а аьзнаш. Иштта хезаш хир ду баркаллин сагӀанаш Сан деза цӀа долчу дахьачеран аьзнаш а. Цара эр ду: „Баркалла ала массо а ницкъийн Везачу Элана, Иза дика хиларна. Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу“. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас хӀокху мехкан аьтто, хьалха санна, юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.
12
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Адамаш а, дийнаташ а доцучу хӀокху бассийначу махкахь а, оцу мехкан массо а гӀаланашкахь а юха а дежийлаш хир ю, жаӀушка шайн жашка цигахь садаӀийтархьама.
13
Лаьмнашкахь а, малхбузерачу акъарехь а, къилберачу махкахь а йолчу гӀаланашкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Ярушалаймана гонах йолчу ярташкахь а, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а кхин цкъа шаьш дагардеш болчеран куьйга кӀел жаш догӀур ду», — боху Везачу Эло.
14
«ТӀекхочур ду, — боху Везачу Эло, — Ас Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а дина дика ваӀда кхочушден денош.
15
Цу деношкахь а, цу заманахь а Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь йолу цхьа зӀийдаг кхиор ю. Цо хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
16
Оцу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Ярушалайман бахархой сашортехь Ӏийр бу. ГӀалин цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“».
17
Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь.
18
Иштта даим левихой болчу динан дайх цхьаццаммо Суна уллохь гӀуллакх дийр ду, юх-юха дийнаташ дагоран а, кӀен а, кхин тайпана а долу сагӀанаш а дохуш».
19
Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан дош кхечира:
20
«Везачу Эло иштта боху: „Дийнаца а, буьйсанца а Аса бина барт шуьга бохалур белахьара, уьш шайн хеннахь тӀе ца кхочуьйтуш,
21
тӀаккха Сан ялхо волчу Даудаца бина барт бохалур бара, цуьнан тӀаьхьенах кхин цхьа а паччахь ца хуьлуьйтуш, иштта левихошца Аса бина барт а бохалур бара, шайна юкъара Суна гӀуллакх деш болу динан дай ца хуьлуьйтуш.
22
Стигалахь долу седарчий санна, хӀордан берда тӀехь йолу гӀум санна, ягар ца яллал дукха тӀаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гӀуллакх деш болчу левихошна а“».
23
Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
24
«Оцу наха дуьйцучун тидам биний ахь? Цара олу: „Ша хаьржина долу ши халкъ Везачу Эло Шена уллора дӀатеттина“. Сан халкъ царна дола хета, хӀинца иза Сан къам кхин ца хета царна.
25
Амма Веза Эла волчу Аса боху: нагахь дийнаца а, буьйсанца а Айса бина барт а, иштта стигалах а, лаьттах а долу весеташ а Айса чӀагӀ ца динехьара,
26
тӀаккха Аса Якъубан а, Сан ялхо волчу Даудан а тӀаьхье дӀатоттур яра, иштта ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а тӀаьхьенашна тӀехь паччахьалла дан Даудан тӀаьхьенах цхьаъ хоржур вацара. Делахь а, Сан къоман аьтто Аса юхаметтахӀоттор бу, царах къинхетам а бийр бу».
← Chapter 32
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 34 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52