bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 23
Jeremiah 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 24 →
1
«Декъаза бу, Сан уьстагӀий хӀаллак а деш, дӀаса а лоьхкуш лелаш болу Ӏуй», — боху Везачу Эло.
2
Цундела Шен къомана тӀехь Ӏуналла дан дезаш болчу Ӏуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагӀий дӀасалаьхкина, аша царна Ӏуналла а ца дина. Цундела Аса таӀзар дийр ду шуна, — боху Везачу Эло. —
3
Аса уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашкара Сайн дисина долу жа схьа а гулдийр ду, шайн дежийле юха а дерзор ду. Цигахь церан бераш хир ду, церан тӀаьхье стам а лур ю.
4
Аса цунна тӀехь дола дийр долу Ӏуй дӀахӀиттор бу. ТӀаккха уьш, кхера а ца кхоьруш, къемат а доцуш, лелар бу, царах цхьа а вийна хир вац», — боху Везачу Эло.
5
«ТӀекхочуш ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зӀийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
6
Цо олалла дечу деношкахь ЯхӀудан халкъ паргӀат хир ду, ткъа Исраилан халкъ сашортехь Ӏийр ду. Цуьнан цӀе иштта тиллина хир ю: „Тхуна нийсо лелош волу Веза Эла“.
7
Иштта, тӀекхочур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхинчу дийна волчу Везачу Элах адамаша кхин чӀагӀо йийр йоцу.
8
Мелхо а Исраилан халкъ къилбаседехьарачу махкара а, массо а Ша уьш дӀабахийтина долчу латтанашкара а юхадерзийначу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йийр ю цара. Оцу хенахь и халкъ шен лаьтта тӀехь дехар ду».
9
ХӀара дешнаш пайхамарех лаьцна ду. Сан дог кийрара схьаэккха доллуш ду, сан даьӀахкаш егош ю, со чагӀаро вахийна волу стаг санна ву, Веза Эла а, Цуьнан деза дешнаш а бахьана долуш.
10
Далла тешаме боцучарах мохк буьзна. Церан дахар вочунна тӀедирзина ду, цара харцонца нахана шайн ницкъ бо. Везачу Элан неӀалт хилар бахьана долуш, латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу дежийлаш якъаелла Ӏохкуш ю.
11
«Пайхамарш а, динан дай а Ӏеса бу, — боху Везачу Эло, — ур-атталла Сайн цӀа чохь а церан Ӏесалла хааелла Суна.
12
Цундела церан некъ царна хир бу, боданехь нах шоьршуьйтуш болу. ДӀа а теттина, цигахь уьш охьаэгар бу. Царна таӀзар дечу деношкахь Аса царна бохамаш хуьлуьйтур бу, — боху Везачу Эло. —
13
Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хӀума гина Суна: цара БаӀалан цӀарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара.
14
Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хӀума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гӀо дар бахьанехь, цхьа а шен Ӏесаллех дӀа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гӀалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Ӏамор-гӀалин бахархой санна бу».
15
ХӀара боху массо а ницкъийн Везачу Эло оцу пайхамарех лаьцна: «Аса сагал-буц йоуьйтур ю цаьрга, дӀаьвше хи а молуьйтур ду, хӀунда аьлча Ярушалаймера пайхамаршна тӀера массо а лаьтта тӀехь Ӏесалла яьржина».
16
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Шайга хаамаш беш болчу пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шу эрначу сатийсарех дузу. Цара беш берш шайн дегнаш чохь кхоьллинарш бу, Везачу Элера хаамаш бац.
17
Цара массо а хенахь Сох ца бешаш болчаьрга олу: „Везачу Эло боху: шу долчохь машар хир бу“, ткъа шайн аьрхачу дегнашца лелаш болчаьрга цара олу: „Шуьга бохам богӀур бац“».
18
Царна юкъара мила ву Везачу Элан стигаларчу гуламехь лаьттинарг, Везачу Эло бохург гуш а, хезаш а волу? Царна юкъара мила ву, Цуьнга ла а доьгӀна, Цо бохург дӀахезнарг?
19
Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю.
20
Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Ша мел дан леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах дика кхетар ду.
21
Везачу Эло боху: «И пайхамарш Аса бахкийтина бац, амма уьш, Сан геланчаш санна, бевдда лела. Аса царна хӀумма а ца дийцира, амма цара Сан цӀарах хаамаш бина.
22
Уьш Сан стигаларчу гуламехь хиллехьара, цара Сан дешнаш Сан халкъе дӀакхачийна а хир дара, цара и халкъ шен вочу некъа тӀера юьстахдалийтина а хир дара, зуламе гӀуллакхаш дечуьра сацийна а хир дара.
23
Со шуна уллохь волуш бен вац те Дела? — боху Везачу Эло. — Со шуна генахь хилча а ву шуна Дела, Со массанхьа а ву!
24
ДӀалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? — боху Везачу Эло. — Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? — боху Везачу Эло. —
25
Суна хезна Сан цӀарах харцхаамаш беш болчу пайхамарша бохург. Цара олу: „Суна гӀенах гина, суна гӀенах гина“.
26
Мел дахлур ду иза? Дукха лелар буй те и пайхамарш харцдерг а дуьйцуш, шайн дегнашкара болу хаамаш а беш?
27
Вовшашка дуьйцучу гӀенаша Сан халкъе Сан цӀе йицйойтур ю моьтту царна, БаӀал бахьана долуш церан дайшна Сан цӀе йицъелла ма-хиллара.
28
ГӀан гина волчу пайхамаро, шена гӀенах гинарг гӀан ду аьлла, дийца деза, амма шегахь Сан дош долчо, иза ма-дарра дӀадийца деза. Кегаш цӀена кӀа ма дац! — боху Везачу Эло. —
29
Соьгара болу хаам цӀе санна бу, — боху Везачу Эло, — иза тарх йохош йолу варзап санна бу.
30
Иза иштта хилча, — боху Везачу Эло, — вовшашкара Сан дешнаш лечкъадеш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со.
31
Иштта, — боху Везачу Эло, — шайгара хаамаш беш белахь а, Соьгара и хаамаш бу бохуш болчу пайхамаршна дуьхьал ву Со.
32
Харцонех дуьзна гӀенаш дӀадуьйцучу пайхамаршна дуьхьал ву Со, — боху Везачу Эло. — ГӀенаш дӀа а дуьйцуш, шайн харцонашца а, Ӏехорца а цара Сан халкъ тиладо. И пайхамарш Аса бахкийтина а бац, Аса къобалбина а бац. Сан халкъана цхьа а тайпана аьтто ца боккху цара», — боху Везачу Эло.
33
«ХӀокху халкъо, я пайхамаро, я динан дас „Везачу Элан хааман мохь хӀун бу?“ аьлла, хаттар дахь, ахьа, Ярми-ЯхӀу, цаьрга ала деза: „Шу Везачу Элан хала мохь бу, иза Цо охьа а тосур бу“, — боху Везачу Эло. —
34
Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“ алахь, аса цу стагана а, цуьнан цӀенна а таӀзар дийр ду.
35
Цундела вовшашка а, вашас веше а иштта ала: „ХӀун жоп делира Везачу Эло?“, я „ХӀун элира Везачу Эло?“
36
Ткъа „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш цкъа а шайгара ма хазийта, хӀунда аьлча и мохь Везачу Элера бу шаьш алахь а, иза стага ша кхоьллина дешнаш бен дац. Иштта, „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш а далош, дийна волу Дела а, массо а ницкъийн Веза Эла а, вайн Дела а Волчун дешнаш харцахьа туьду аша.
37
Ахьа иштта хатта деза пайхамаре: „Муха жоп делира Везачу Эло?“ я „ХӀун элира Везачу Эло?“
38
Амма аша „Везачу Элера болу мохь бу сан“ алахь, Везачу Эло иштта боху: Аса шуна „Везачу Элера болу мохь бу сан“ ала дихкинера, амма аша, Соьга ла а ца дугӀуш, и дешнаш даладо.
39
Цундела беза мохь санна долу шу Аса, хьала а айина, дӀакхуьссур ма ду. Шу а, шун дайшна Аса дӀаелла гӀала а Аса Сайна уллора дӀатоттур ю.
40
Аса цкъа а йицлур йоцу юьхьӀаьржо а, гуттара а хир йолу сийсазалла а тӀейоуьйтур ю шуна».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52