bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 3
Jeremiah 3
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 4 →
1
«Нагахь санна майрачо дӀаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хӀума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хӀинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? — боху Везачу Эло. —
2
Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Ӏийна хьо, Ӏаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тӀелата дагахь ма-Ӏарра. ХӀара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а.
3
Ахьа къинош летор бахьана долуш догӀанаш а севцинера, бӀаьста догӀу догӀа а цхьаьна. Амма тӀаккха а хьуна эхь ца хетара — хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ.
4
ХӀинца бохург хир ма дац ахьа Соьга: „Сан Да, Хьо сан жималлехь дуьйна сан накъост хилла ву!
5
Массо а хенахь хир ву те Хьо суна реза воцуш? И оьгӀазло Хьайна чохь латтор ю те Ахьа?“ Иштта боху ахьа, амма хьайга далуш долччул зуламаш деш ма ду хьо, Исраилан халкъ!»
6
Юши-ЯхӀу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхӀу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хӀора лекхачу гуна тӀехь а, хӀора луьста гаьннаш долчу дитта кӀелахь а.
7
Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тӀаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхӀудан халкъана гира.
8
Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дӀахердина. Амма Суна гира, и массо а хӀума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ а, дӀа а дахана, кхахьпа санна лелара.
9
Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушца лелаш.
10
Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ цӀеначу дагца Суна тӀе ца дирзира, цо Суна моттаргӀанаш лелайора, ша тӀедирзина моттуьйтуш», — боху Везачу Эло.
11
Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхӀудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо.
12
ДӀа а гӀой, къилбаседехьа хӀара Сан дешнаш дӀакхайкхаде, Ярми-ЯхӀу: „Юхадерза, тешаме доцу ЯхӀудан халкъ! — боху Везачу Эло. — Хьуна дарлур вац Со къинхетаме волу дела, — боху Везачу Эло. — Со массо а хенахь шуна оьгӀазвахана а хир вац.
13
Амма хьо хьайгара баьллачу бехкана къера хила деза, Исраилан халкъ, хӀунда аьлча хьо хьайн Везачу Далла дуьхьал долура, хӀора луьстачу диттана бухахь кхечу къаьмнийн цӀушна суждане оьхура, ткъа Аса аьллачуьнга ахьа ла ца дугӀура“». Иштта боху Везачу Эло.
14
«Тешаме доцурш, Со волчу юхадерза! — боху Везачу Эло, — Со шун олахо ма ву. Аса, хӀора гӀалара цхьацца стаг а, иштта хӀора тайпанара шишша стаг а схьа а эцна, шу Цийон-лам тӀе дуьгур ду.
15
Аса шуна Сайна тешаме болу Ӏуй лур бу, цара шу хьекъалца, кхетамца дуьгур ду.
16
Шун махкахь шу дебна а, даьржина а хиндолчу хенахь, — боху Везачу Эло — наха Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ хьахор дац, хӀунда аьлча Веза Эла Ша хир ву царна юкъахь. Иза цхьанна а дага а догӀур дац, цунах лаьцна цхьаммо а ойла йийр яц, цхьанна а иза оьшур а дац, ткъа иза цкъа а духадийр дац.
17
Цу заманахь Ярушалаймана, Везачу Элан Ӏарш аьлла, цӀе туьллур ю. Массо а къаьмнаш Ярушалайме схьагуллур ду, Веза Эла волчу Суна Ӏибадат дархьама. Цара кхин дийр дац шайн мекарчу, аьрхачу дегнаша бохург.
18
Цу деношкахь ЯхӀудан тӀаьхье цхьаьнакхетар ю Исраилан тӀаьхьенца. Уьш цхьаьна къилбаседехьарчу махкара Аса шайн дайн дола деллачу лаьтта тӀе схьабогӀур бу».
19
Аса, Везачу Эло, элира: «Суна шуьца Сайн кӀенташца санна хила лаьара. Шуна дика латта дала лаьара суна — кхечу къаьмнийн долчул а хаза долу. Суна моьттура аша Сайх Да а олуш, шу кхин цкъа а Сох дӀадоьрзур дац.
20
Амма майрачунна тешаме йоцу зуда санна, хьо Суна тешаме яцара, Исраилан тӀаьхье». Иштта боху Везачу Эло.
21
Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цӀушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш.
22
Везачу Эло боху: «Со волчу юхадерза, Сох дӀадирзинарш! Сайх дӀакъастаран цамгарх Аса дарба дийр ду шуна. Ала Соьга: „Тхо Хьо волчу дӀадогӀу, Хьо тхан Веза Дела волу дела.
23
Баккъалла а, ма эрна хилла-кх сагӀа доккхучу лакхенашкахь а, гунашкахь а оха, цӀушна корта а бетташ, йина гӀовгӀа. Исраилан халкъан кӀелхьардалар баккъалла а тхан Везачу Делера бен дац.
24
Тхо кегий долчу хенахь дуьйна эхьан харцдела волчу БаӀала дӀакхоллура тхан дайша мел гулдинарг — церан жаш а, бежанаш а, иштта церан кӀентий а, зудабераш а.
25
Тхайн эхь тӀехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тӀехь хуьлийла, хӀунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хӀара хан тӀекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугӀуш“».
← Chapter 2
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 4 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52