bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 46
Jeremiah 46
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 47 →
1
Ярми-ЯхӀу-пайхамаре кхечу къаьмнех лаьцна болу Везачу Элера хаамаш хӀорш бу.
2
И хаам Мисаран къомах а, Мисаран паччахь волчу Наху-пирӀунан эскарх а лаьцна бу. Цуьнан эскар Эпрат-хина йистехь лаьттачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь эшийнера. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара Наху-пирӀунан эскар эшийра яхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу доьалгӀачу шарахь. ХӀара бара оцу эскарх лаьцна Везачу Элера болу хаам:
3
«Мисаран эскаран хьаькамаш кхойкху: „Шайн жима а, доккха а турсаш кечдай, тӀом бан арадовла.
4
Дошлой, шайн говраш тӀе нуьйраш а тахкий, царна тӀе а ховший, шайн гӀемаш дӀатахка. Иштта гӀаьгӀнаш тӀедуха, гоьмукъаш а ирде“.
5
Уьш, кхера а белла, юхабевлла хӀунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агӀор къемат ма ду царна тӀегӀерташ, — боху Везачу Эло. —
6
Сиха водуш верг а ведда, кӀелхьарвалалур вац, ницкъ болуш верг а баланех хьалхавалалур вац. Къилбаседехьа йолчу меттехь, Эпрат-хина уллохь, ког а тасабелла, уьш охьаоьгур бу.
7
Нил-хи санна, хьаладолуш дерг мила ду? Цуьнан хиш санна, тӀехдуьйлуш дерг мила ду?
8
Мисаран къам ду, Нил-хи санна хьаладолуш а, хин гаьннаш санна тӀехдолуш а. Цо боху: „Аса дерриг а латта дӀахьулдийр ду, цу тӀера ерриг а гӀаланаш а, царна чуьра бахархой а хӀаллакбийр бу“.
9
Дошлой, говраш тӀе ховша! ГӀудалкхаш чехка хахкийта! ТӀемалой тӀамана арабаха! Шайн турсашца болу хушахой а, пӀатӀахой а, иштта секхаӀедаш дулуш болу лудамхой а, тӀаме хӀинца арадовла!
10
ХӀара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХӀара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагӀашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дӀакхоллур бу, ша Ӏаббалц, церан цӀий а молур ду, хӀунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагӀа кечдийр ду.
11
ГалӀаде а гӀой, цигара хьайна молханаш схьаэца, ва хьоме Мисаран къам! Амма ахьа дарба леладар эрна хуьлу, хӀунда аьлча хьуна хила дарба дац.
12
Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тӀемало вукху тӀемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву».
13
Мисар-махкана тӀелатархьама Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьаваларх лаьцна Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамаре иштта хаам бира:
14
«ХӀара хаам дӀакхайкхабе Мисар-махкахула, дӀахаийта иза Мигдол а, Нуп а, Тахьпанхьас а гӀаланашкахь: „Лардаран раьгӀнашкахь дӀахӀиттий, тӀамана кечло, мостагӀчун туьро хьуна гонах мел долу къам дӀакхоллу дела.
15
ХӀаллак хӀунда хилла хьан ницкъболу тӀемалой? Уьш дуьхьал латталур бац, хӀунда аьлча Везачу Эло лаьхкина буьгуш бу уьш“.
16
Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тӀе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагӀур ду вай вайн халкъана тӀе а, вайн махкана тӀе а, хӀаллакдечу туьрах кӀелхьардовлархьама“.
17
Цигахь цара эр ду: „Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун эрна гӀовгӀа ян бен вац. Цо шен таро йолу хан дӀаяхийти“.
18
Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, — боху Паччахьо, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, — лаьмнашна юкъахь Табур-лам санна волу а, хӀордана уллохь лаьтташ Кармал-лам санна волу а цхьа ницкъболу куьйгалхо вогӀур ву шуна.
19
Мисар-махкара бахархой, шайн массо а хӀума схьагулде, йийсаре даха кечам бе, хӀунда аьлча Нуп-гӀала ерриг а яссор ю, цхьа а стаг шена чохь ца вехаш ерриг а йохийна хир ю.
20
Мисаран къам чӀогӀа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тӀебогӀу.
21
Цо тӀелаьцна балийна болу тӀемалой дустийначу эсех тера бу. Уьш шаьш бевдда дӀагӀур бу, дуьхьаллатта де доцуш, хӀунда аьлча церан Ӏожаллин де тӀекхаьчна, царна таӀзар хуьлу де ду тӀедеанарг.
22
Мисаран эскар дедда дӀагӀур ду, лаьхьано санна хиш-ш а деш, мостагӀийн эскар улло кхочучу хенахь. Уьш, шайн карахь дагарш а долуш, хьун хьакхархой санна, цунна тӀе летар бу.
23
Цара хьокхур ю мисархойн хьун, — боху Везачу Эло, — Цу хьун чохь дукха дитташ делахь а. ЦӀоз санна, дукха ду мостагӀчун эскар, уьш багарбина а вер вац.
24
ЮьхьӀаьржачу хӀоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагӀур ду иза».
25
Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Ас кестта таӀзар дийр ду Ну-гӀалахь волчу Амин-харцдалла а, иштта ПирӀунна а, Мисар-махкана а, цуьнан деланашна а, паччахьашна а, пирӀунах тешна Ӏаш мел болчарна а.
26
Уьш хӀаллакбан гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу Ас уьш — Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а, цуьнан баьччанийн а кара. Амма тӀаьхьо Мисар-махкахь хьалха санна нах бехаш Ӏаш хир бу», — боху Везачу Эло.
27
«Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, иштта Исраилан халкъ, ма къахка. Аса хьо генарчу махках кӀелхьардоккхур а ду, шаьш йийсаре дӀабигначу махкара хьан тӀаьхьенаш паргӀатйохур а ю. Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Царна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац.
28
Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, — боху Везачу Эло, — Со хьоьца волу дела. Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хӀаллакдийр делахь а, шу хӀаллак ца деш, дуьтур ду. Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца Шуна таӀзар дийр ду».
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 47 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52