bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 10
Jeremiah 10
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 11 →
1
ЛадогӀа, исраилхой, Везачу Эло шайга бохуш долчуьнга.
2
Иштта боху Везачу Эло: «Кхечу къаьмнийн некъашкахула ма лела, стигаларчу билгалонех а ма кхера, кхин къаьмнаш, уьш бахьана долуш Ӏадийна делахь а.
3
Царна юкъахь лелаш долу динан Ӏадат эрна ду: хьуьнхахь дитт схьа а хададой, пхьеро агарца цунах кеп йоккху,
4
Цунна тӀе дети а, деши а дуьллий, хьостамашца дӀатуху, охьа ца дожийта.
5
И цӀуш кха тӀе дӀахӀиттош йолу мунданаш санна ю. Уьш бист а ца хилало, уьш карахь дӀасалелайо, шаьш уьш лела ца ло дела. Царах кхера ца оьшу, хӀунда аьлча цаьрга вон далур дац, амма цаьргара диканиг а дер дац».
6
Веза Эла, вац Хьоьца нислур волуш цхьа а! Хьо сийлахь-воккха ву, Хьан цӀе а ю еза Хьан нуьцкъалаллица!
7
Хьуна хьалха ларамах ца вуьзна мила хир ву, ва къаьмнийн Паччахь? Хьоьга и ларам хила догӀуш ма ду! Къаьмнийн массо а хьекъалчашна юкъахь я церан массо а паччахьашна юкъахь Хьоьца нислур волуш цхьа а вац!
8
Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цӀушкара иза схьадаларна.
9
Дуткъадина дети Таршашара деъна, ткъа деши Упазара деъна, цӀушна тӀедилла. И цӀуш бина бу дечиган пхьеро а, дешин пхьеран куьйгаша а. Церан духарш сийначу а, таьӀна-цӀечу а басахь ду. Уьш массо а говзачу белхалоша йина хӀуманаш ю.
10
Амма Веза Эла бакъволу Делан бен вац. Иза дийна волу Дела а, даима волу Паччахь а ву. Иза оьгӀазвахча, латта дегош хуьлу, Цуьнан оьгӀазалла къаьмнашка ла а ца ло.
11
(Аша, наха, иштта дӀаала цаьрга: «Цу цӀуша стигалш а, латта а ца кхоьллина, уьш лаьтта тӀера а, стигалшна бухара а дӀаяьхна хир ю».)
12
Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина, Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина, Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.
13
Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо. Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо. ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш до, Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.
14
ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву. ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво. Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац, церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
15
Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тӀепаза йовр ю.
16
Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац, хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.
17
Шайн массо а хӀума схьагулде, Ярушалайман бахархой. Кестта гӀалина го бийр бу!
18
Везачу Эло боху: «ХӀокху лаьтта тӀера лаьллина дӀа а дахийтина, Аса хӀара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц».
19
Ярушалайм-гӀалано боху: «Ма бала бу соьгахь, хӀара лазарна! И сан чов дукха хала ю. Аса аьллера: „Иза цамгар бен яц, со цунах толур ю“.
20
Сан четар хӀаллакдина, массо а цуьнан тӀергаш дӀаяьхна. Сан бахархой со йолчуьра дӀабахана, уьш кхузахь кхин бац. Четар дӀахӀоттош суна гӀо дан стаг а вац, иштта четаран шаршуш дӀатоха стаг а вац».
21
Вайн Ӏуйшкахь кхетам кӀезиг бу — уьш Везачу Элах дага ца бовлу. Цундела царна тӀера беркат дӀадирзина, церан массо а жа дӀасадаьржина.
22
ЛадогӀа хӀокху схьайогӀучу гӀовгӀане! Мохк бегош санна йолу гӀовгӀа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхӀудан гӀаланех яьсса аре йийр ю, царах чангӀалкхийн баннаш хир ду.
23
Суна хаьа, Веза Эла, адаман карахь доцийла цуьнан дахар, цуьнан карахь дац шен некъ билгалбаккхар.
24
Нисвехьа со, Веза Эла, амма Хьайн нийсонца бен иза ма дехьа. ОьгӀаз а вахана, суна таӀзар ма дехьа, сох хӀумма а воцург ца хилийтархьама.
25
Хьайн дералла охьаӀанаехьа Хьо вовзаза долчу къаьмнашна тӀе, Хьайга ца кхойкхучу халкъашна тӀе. Цара Якъубан тӀаьхье дӀакхаьллира, цаста а цестина, и къам дӀа а кхаьллина, иза Ӏаш болу мохк бассийна цара.
← Chapter 9
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 11 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52