bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 42
Jeremiah 42
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 41
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 43 →
1
Уьш КӀамхӀамехь севцначу хенахь, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀант Язан-ЯхӀу а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дахара.
2
Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогӀахьа, Ярми-ЯхӀу. Дийна дисначу тхуна тӀера доӀа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхӀу, дуккха а хилла долу тхо кӀеззиг бен ца дисар.
3
ДоӀа дехьа, хьан Везачу Деле тхо даха деза некъ а гайтахьара, оха хӀун дан деза а дийцахьара алий».
4
ТӀаккха Ярми-ЯхӀу-пайхамаро царна жоп делира: «Аша бохуш дерг со хезаш ву, аса шун Везачу Деле доӀа а дийр ду, аша соьга ма-деххара. Везачу Элера сайна хезнарг, цхьа а хӀума къайла а ца доккхуш, шуьга дӀа а дуьйцур ду».
5
Цара Ярми-ЯхӀуга элира: «Веза Эла бакъволу а, тешаме а теш тхуна дуьхьал хуьлийла, хьан Везачу Дала тхан дуьхьа хьуна луш долчу массо а дешнашка хьаьжжина тхо ца лелахь.
6
И хаам дика хилахь а, вон хилахь а, оха хьо вохуьйтучу тхан Везачу Дала бохучуьнга ладугӀурш хир ду тхо. Тхан Везачу Деле тхо ладугӀуш делахь, тхуна диканиг хир ма ду».
7
Итт де даьлча, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира.
8
Цо Къаьрхьин кӀант Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а, иштта кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц долу дерриг а халкъ а ша волчу дӀакхайкхира.
9
Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «Шайн дехар дӀадала аша со тӀевахийтинчу Исраилан халкъан Везачу Дала боху:
10
„Нагахь санна шу хӀокху лаьтта тӀехь совцахь, Аса шу юхаметта а хӀоттор ду, дохор а дац. Аса шу дӀа а дугӀур ду, орамашца схьа а дохур дац, хӀунда аьлча Со хӀинца дохковаьлла Ас шуна баьккхина бохам бахьана долуш.
11
Ма кхера шаьш кхоьруш волчу Бавелан паччахьах. Шу цунах ма кхера, — боху Везачу Эло, — хӀунда аьлча Со шуьца ву, Ас шу кӀелхьардохур а ду.
12
Аса шух къинхетам бийр бу, Бавелан паччахь шуьца къинхетаме а хуьлуьйтуш. Цо шуна шайн махка юхадерза могуьйтур ду“.
13
Шайн Везачу Дала бохучуьнга ла а ца дугӀуш, аша иштта ала тарло: „Тхо дуьсур дац ЯхӀуд-махкахь.
14
Тхо Мисар-махка дӀа а гӀур ду, цигахь Ӏийр а ду, цу меттехь тхох тӀом а хьакхалур бац, тӀаме кхойкхуш долу коьман маӀан аз тхуна хезар а дац, цигахь тхуна мацалла а гур яц“.
15
Нагахь аша иштта алахь, ЯхӀуд-махкахь дийна бисинарш, тӀаккха аша Везачу Элера болчу хааме ладогӀа деза. ЛадогӀа шайга Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло бохучуьнга: „Нагахь санна аша Мисар-махка дӀадаха а, цигахь Ӏан а баккъал сацам бинехь,
16
шу кхоьруш долу тур цигахь шуна тӀаьхьакхуьур ду, шу къаьхкаш йолу мацалла цигахь, Мисар-махкахь, шуна тӀекхочур ю, ткъа цигахь шу лийр а ду.
17
ХӀора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кӀелхьарвер вац“.
18
Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Сайн оьгӀазалла а, дералла а Ярушалаймерчу бахархошна тӀе ерзийна хиларе терра, Сайн дералла Аса шуна тӀе охьаӀанор ю, шу Мисар-махка дӀадахча. Наха шун цӀе яккхарца неӀалт а эр ду, шуна динчунна нах инзар а бевр бу, шух кхаьрдар а бу, нахана шу дола а хетар ду. Кхин цкъа а хӀара меттиг а гур яц шуна“.
19
Ва ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш, Везачу Эло шуьга элира: „Мисар-махка ма гӀолаш“. Цундела ас шуьга чӀогӀа дӀахьедар до,
20
шу шайгара гӀалат далийта дохку, ткъа цу гӀалато шу Ӏожалле далор ду. Аша со шун Веза Дела волчу вахийтира, соьга иштта олуш: „Тхуна тӀера вайн Везачу Эле доьхуш доӀа дехьа. Цо мел аьлларг тхоьга дӀаалахьа, ткъа оха иза кхочушдийр ду“.
21
Тахана аса шуьга Везачу Элера болу хаам дӀакхачийра, амма шуна ца лаьа, Цо соьгахула шайга аьлларг а деш, Цуьнга ладогӀа.
22
ХӀинца хаа ду шуна: шаьш даха дӀадаха шуна охьаховша лууш йолчу меттехь туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакдийр ду шу».
← Chapter 41
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 43 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52