bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 4
Jeremiah 4
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 5 →
1
Иштта боху Везачу Эло: «ТӀедерза хьайна лаахь, Суна тӀедерза, ва Исраилан халкъ. Массо а дегаза цӀу Суна хьалхара дӀаваккхал, кхидӀа ца тилаяйттал,
2
нийсонца а, бакъдолчуьнца а, догцӀеналлица а дийна волчу Везачу Элах чӀагӀонаш ел. ТӀаккха Везачу Эло къаьмнаш декъалдийр ду, ткъа Цунах цара дозаллаш а дийр ду».
3
Везачу Эло ЯхӀудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хӀу а ма де.
4
Веза Эла волчу Сан дуьхьа сунтде, ЯхӀудан халкъ! Шайн дегнаш тӀера пардо дӀа а даьккхина, уьш цӀан а дина, сунтбина хила, Ярушалайман бахархой! Шу иштта ца лелахь, Сан дералла, цхьаьнгге а сацалур йоцу сийна цӀе санна, летар ю, аша мел лелийнарг бахьана долуш».
5
ЯхӀуд-махкахь массарна а дӀахаийта, Ярушалаймехь массо а стаге дӀакхайкхаде: «Коьман маӀа а лоькхуш, орца даккха! Мохь а хьоькхуш, массанхьа а дӀаала: „Дерриш а цхьана метте схьагулло, чӀагӀйина йолчу гӀаланашка дӀагӀур ду вай“.
6
Байракхца хаам бе, Цийоне дӀагӀо алий! Хье ца луш, кхерам боцучу дӀадовда, хӀунда аьлча Аса къилбаседехьара доуьйту шу долчу хӀаллакьхилар а, боккха бохам а.
7
Лом шен боьлак чуьра арадаьлла, халкъ хӀаллакдийриг шен некъ бан волавелла. Цо шен хӀусам йитина, шун латта дассорхьама. Шун гӀаланаш хӀаллакйийр ю, царна чохь адамаш а хир дац.
8
Шайна тӀе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хӀунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхӀудан халкъана тӀера дӀа ца йирзина».
9
«И бохам тӀекхаьчначу дийнахь, — боху Везачу Эло, — паччахьан а, тхьамданийн а дегнаш тохалур ду, динан дай инзарбевр бу, ткъа пайхамарш Ӏадийна хир бу».
10
ТӀаккха аса элира: «Ва Хьалдолу Эла! ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъ ледеш хилла те Ахьа, цаьрга: „Шу долчохь машар хир бу“ бохуш, церан логе тур хӀоттийнашехь?»
11
Эццахь ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе хӀара дешнаш кхочур ду: «Бовха мох хьокхур бу яьссачу аренгахь йолчу ерзинчу лакхенашкара Сан хьомечу халкъана тӀе. Иза ялта цӀандечу хенахь хьокхуш болу эсала мох санна хир бац.
12
Ялта цӀандаллал тӀех чӀогӀа мох Сайн омрица хьоькхур бу. ХӀинца Ас-Айса кхел билгалйоккхур ю оцу халкъана!»
13
Ӏаьржа марха санна, тӀегӀерташ ву мостагӀа. Цуьнан гӀудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яӀ! Ма хӀаллакьхир ду вай!»
14
«Ярушалаймхой, шайн даг тӀера вониг дӀацӀанде, Соьга шаьш кӀелхьардахийтархьама! Мел латто еза аша шайн дегнашна чохь зуламе ойланаш?
15
ЛадогӀа, хӀун боху Дан-гӀаларчу хаамчо. Вон кхаъ бу Эпрайман гунаш долчуьра веанчу стага беънарг.
16
Халкъашка хаам бе, Ярушалайме а дӀахаийта: генарчу махкара эскархой тӀегӀерташ бу, ЯхӀудан гӀаланашна тӀе тӀеман маьхьарий хьоькхур ду.
17
МостагӀаша Ярушалаймана го бийр бу, гӀаролхоша кха ма-ларддара, хӀунда аьлча Цуьнан халкъ Суна дуьхьал гӀаьттина», — боху Везачу Эло.
18
«И бохам шуна тӀебеъна аша мел лелийнарг бахьана долуш. Аша лелийна болу харцнекъаш бахьана долуш беана шуьга хӀара къаьхьа бала. И бала чӀогӀа шун дагах а кхетар бу».
19
«Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Ӏало со, хӀунда аьлча суна коьман маӀа хезна, тӀеман маьхьарий суна ма хезна.
20
Цхьа бохам вукху бохамна тӀаьхьа богӀу. Массо а мохк дамардарц хилла Ӏуьллуш бу. ЦӀеххьана сан четарш хӀаллакдина, цуьнан шаршуш бӀаьрганегӀар тохале йоьхна.
21
Дукха гур юй те суна тӀеман байракхаш, дукха хезар дуй те коьман маӀан аьзнаш?»
22
Везачу Эло боху: «Сан халкъ сонта ду. Цунна Со ца вевза. Сонта бераш санна ма ду иза. Сан халкъ кхетам боцуш ма ду. Цуьнан вон дан говзалла кхочу, амма дика дан цунна ца хаьа».
23
Со лаьтте дӀахьаьжира: иза даьсса а, кегарин а дара. Со стигала хьалахьаьжира: ткъа цуьнан нур дацара.
24
Лаьмнашка дӀахьаьжира со: уьш дегош дара, ткъа гунаш техкаш лаьтташ дара.
25
Со гонах дӀасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дӀадаханера.
26
Со дӀахьаьжча, токхе лаьттах яьсса аре хилира, ткъа цуьнан массо а гӀаланаш йохийна лаьттара, Везачу Элан дераллин оьгӀазло бахьана долуш.
27
Везачу Эло элира: «Мохк хӀаллакьхир бу, амма массо а хӀума хӀаллакдийр дац Аса.
28
Цундела латта гӀайгӀа еш хир ду, стигал бодане хилла дӀахӀуттур ю, хӀунда аьлча иза Аса аьлла а ду, Аса чӀагӀдина а ду. Цу хӀуманна Со дохко а ца ваьлла, Айса аьллачунна тӀера а вер вац».
29
Шайна дошлойн а, секхаӀад кхоссархойн а гӀовгӀа хезча, массо а гӀаланашкара нах дӀабовдур бу: цхьаберш хьехаш чохь дӀаловчкъур бу, вуьш терхеш тӀе хьалабевр бу. Массо а гӀаланаш яссалур ю, шайна чохь дийна адам а доцуш.
30
Яссийна хинйолу гӀала, хьо хӀун деш ю? ЦӀен духарш хӀунда духу? Дашо туьтеш хьайна тӀе хӀунда ухку? БӀаьргашна басарш хӀунда хьоькху? Хьо хазъяр эрна ду хьуна! Хьан безаргаша хьо йитина, хӀинца хьо ен гӀерташ бу уьш!
31
Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоӀан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яӀ! Сан са малделла дӀадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!».
← Chapter 3
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 5 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52