bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 15
Jeremiah 15
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 16 →
1
Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхӀудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДӀалахкахьа Со волчуьра и нах, дӀабахийтахьа уьш.
2
Цара „Тхо стенга гӀур ду?“ аьлла, хаттар дан тарло хьоьга. ТӀаккха цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, туьро вен леринарг туьрана гӀур ву, мацаллех вала леринарг мацаллина гӀур ву, ткъа йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву.
3
Деа тайпана таӀзар дийр ду Аса царна, — боху Везачу Эло, — уьш байъийта тур а, церан декъий дӀасаийзадайта жӀаьлеш а, стигалара олхазарш а, къиза акхарой а церан декъий даийта.
4
Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дӀахӀоттор ю Аса Ярушалайм, яхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀун кӀанта Маннаша динарг бахьана долуш.
5
Цхьаммо а хьох къинхетам бийр бац, Ярушалайм, цхьа а стаг, дог доьхна, воьлхур вац, я хьоьгахь хӀун хьал ду аьлла, хоттур а дац.
6
Со вити ахь, Ярушалайм, — боху Везачу Эло, — ткъа ахьа Суна букъ берзий. Цундела Аса таӀзар дийр ду хьуна, хьо хӀаллак а йийр ю. Со кӀадвелла къинхетамаш бан.
7
КӀа мохехь цӀандаре терра, Аса уьш оцу мехкан массо а гӀаланашкара аракхуьссур бу. Сан къоман бераш дӀа а даьхна, Аса уьш хӀаллакбийр ма бу, шайн харцачу новкъах уьш дӀа ца бирзина дела.
8
ХӀордан йистерачу гӀамарал а дукха хир бу бисина болу зударий. Делкъахенахь хӀаллакдийриг вохуьйтур ву Аса церан къонахойн наношна дуьхьал. ЦӀеххьана тосур бу Аса царна тӀе кхерам а, къемат а.
9
ВорхӀ кӀант винарг ю са ийзош Ӏуьллуш. Цуьнан малх, де суьйренга а далале, чубуьзна, ткъа иза юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, Ӏуьллуш ю. МостагӀийн таррашка Аса хӀаллакбойтур бу цунах дийна бисинарш’, — боху Везачу Эло“».
10
Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву.
11
Везачу Эло жоп делира: «Аса хьо дикачу Ӏалашонна билггал паргӀатвоккхур ву. Бохам тӀе а беана, бала тӀехӀоьттинчу дийнахь Аса хьан мостагӀашка хьоьга дехарш дойтур ду.
12
Эчиге я йоьзе дохалур дуй те къилбаседехьара долу эчиг?
13
ЯхӀудан хьал а, хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ю. Иза массо а меттехь цара летийна къинош бахьана долуш хир ду.
14
Аса уьш, мостагӀийн лолле дӀа а белла, шайна бевзаш боцучу махка дӀабохуьйтур бу. Сан дералло цӀе латор ю, ткъа оцу цӀеро уьш дӀакхоллур бу».
15
Веза Эла, Хьо сох кхеташ ма ву. Дагаваийтахьа Хьайна со, гӀо дехьа. Сан дуьхьа бекхам бехьа сан мостагӀашна. Цара со веллал чӀогӀа собаре ма хила цаьрца. Хьуна хууш ма ду, со Хьан дуьхьа хьийзош вуйла!
16
Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дӀадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хӀунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела!
17
Со цкъа а ца хилла боьлуш, сакъоьруш болчу нахана юкъахь. Хьан куьйга кӀелахь а Ӏаш, суна уллохь цхьа а вацара, ткъа нахана долчу эргӀадвийларх Ахь вуьзира со.
18
ХӀунда бу те хӀара лазам хедар боцу, хӀунда ца йоьрзу те сан чов дӀа? Веза Эла, Хьо соьца Ӏехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Ӏовраш санна хир ву?
19
Везачу Эло элира: «Нагахь санна хьо Суна тӀе юхаверзахь, Аса юхаметтахӀоттор ву хьо, кхидӀа а хьоьга Сайна хьалха гӀуллакх дайтархьама. Нагахь санна ахь дуьйцург мехала делахь, нагахь санна иза эрна дацахь, хьо кхин а Сан туркх хир ву. И нах хьуна тӀе оьхуш хир бу, амма хьо царна тӀе ваха ца веза.
20
Оцу нахана хьалха Аса хьо мокхазан берд санна вийр ву. Уьш хьуна дуьхьал бевр бу, амма хьо цаьрга эшалур вац, хӀунда аьлча Со хьоьца ву, хьо паргӀатваккха а, кӀелхьарваккха а. — боху Везачу Эло. —
21
Аса кӀелхьарвоккхур ву хьо вочу нехан карара а, иштта паргӀатвер ву хьо къизачу нехан карара а».
← Chapter 14
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 16 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52