bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 38
Jeremiah 38
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 39 →
1
Матанин кӀантана Шапат-ЯхӀуна а, Пашихьуран кӀантана Гадал-ЯхӀуна а, Шалам-ЯхӀун кӀантана ЯхӀукалана а, Малки-ЯхӀун кӀантана Пашихьурна а хезира, Ярми-ЯхӀус массо а халкъе иштта дешнаш дӀакхайкхош:
2
«Иштта боху Везачу Эло: „ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, я мацалло, я Ӏожаллин уьно вуьйр ву, амма, гӀалара ара а ваьлла, хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цуьнан дахар цунна хӀонс санна хир ду, ткъа иза вехар ву“.
3
Везачу Эло кхин а боху: „ХӀара гӀала, шеко йоцуш, Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, цо иза схьа а йоккхур ю“».
4
ТӀаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхӀу вен везаш ву, хӀунда аьлча цо дуьйцучо кху гӀалахь бисинчу тӀемалойн а, иштта гӀалин бахархойн а майралла дӀайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду».
5
ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо баьччанашна жоп делира: «Иза шун карахь ву, ткъа со аша дечунна дуьхьал хӀумма а дан йиш йолуш вац».
6
Цара Ярми-ЯхӀу, схьа а лаьцна, гӀаролхойн кертахь яьккхинчу паччахьан кӀентан Малки-ЯхӀун гӀунна чу кхоьссира. Ярми-ЯхӀу, машшаш а дихкина, цу гӀунна чу охьавоссийтира. Цу гӀунна чохь, сазз бен, хи дацара. Иштта саззи юкъа охьавоьссира Ярми-ЯхӀу.
7
Паччахьан цӀа чохь гӀуллакх деш волчу Ӏабайд-Малик цӀе йолчу цхьана хушахочунна хезна Ярми-ЯхӀу гӀу чу хаийна хиларх лаьцна. Цу хенахь паччахь Бен-Яманан кевнехь хиъна Ӏаш хилла.
8
Паччахьан цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏабайд-Малика, цунна тӀе а вахана, элира:
9
«Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхӀу гӀунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хӀунда аьлча кху гӀалахь кхин бепиг дац».
10
ТӀаккха паччахьо хушахо волчу Ӏабайд-Малике омра дина: «Хьайца кхузара ткъе итт стаг схьа а эций, Ярми-ЯхӀу гӀунна чуьра хьалаваккха, иза валале».
11
Ӏабайд-Малика, шеца нах схьа а эцна, паччахьан цӀийнан чӀоь-цӀенна кӀелахь йолчу чоьнна чуьра тиша тӀелхигаш а, ца оьшуш йолу кӀадинан кескаш а схьа а эцна, уьш Ярми-ЯхӀу чохь волчу гӀу чу тӀергаш а тесна, чу яхийтира.
12
Хушахо волчу Ӏабайд-Малика элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара тиша тӀелхигаш а, кӀадинан кескаш а хьайн пхьаьрса кӀел а яхкий, царна тӀехула муш бахийта». Ярми-ЯхӀус шега де ма-аллара дира.
13
Машшашца хьала а озийна, цара гӀунна чуьра хьалаваьккхира Ярми-ЯхӀу. ТӀаккха иза гӀаролхойн кертахь Ӏийра.
14
ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус шена тӀекхайкхира Ярми-ЯхӀу. Везачу Элан цӀийнан кертан кхоалгӀа ков долчу схьавалийра Ярми-ЯхӀу. Паччахьо элира: «Ас хӀинца цхьа хӀума хоттур ду хьоьга, ткъа ахьа, хӀумма а къайла ца доккхуш, суна жоп дала деза».
15
Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀуга элира: «Ас хьайна жоп делча, ахьа со вуьйр ма ву, ткъа ас хьайна хьехар дича, ахьа иза дӀаоьцур дац».
16
Амма ЦӀадукъ-ЯхӀус къайлаха Ярми-ЯхӀуна чӀагӀо йира: «Вайна хӀара дахар кхоьллина а, дийна а волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас: ас вуьйр вац хьо, иштта хьо вен гӀерташ болчу нехан кара дӀа а лур вац аса».
17
ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира ЦӀадукъ-ЯхӀуга: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: „Нагахь хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна караводахь, хьан са дийна хир ду, хӀара гӀала а цӀарца ца ягош юьсур ю. Хьо а, хьан доьзал а кхоийна хир бу.
18
Амма хьо Бавел-мехкан паччахьан хьаькамашна кара ца водахь, хӀара гӀала церан кара дӀа а лур ю, цара хӀара цӀарца ягор а ю, ткъа хьо царах кӀелхьар а вер вац“».
19
Амма ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярми-ЯхӀуга элира: «ХӀинцале а хашадхошкахьа бевллачу яхӀудхойн кара со дӀаваларх а, цара со сийсазваккхарх а кхоьру со».
20
ТӀаккха Ярми-ЯхӀус элира: «Хашадхойн тӀемалоша хьо шайгахьа бевллачу яхӀудхошка дӀалур вац. Везачу Эло соьгахула хьайна бохучуьнга ладогӀахьара ахьа! Ахьа иза дахь, дерриг а дика хир ду хьоьца, хьо а дийна вуьсур ву.
21
Нагахь ахьа хьо церан кара ца водахь, хир ду аьлла Везачу Эло суна дӀадиллинарг хӀара ду:
22
ЯхӀудхойн паччахьан цӀа чохь бисина болу зударий хашадхойн хьаькамаш болчу дӀабуьгур бу. Оцу зударша, хьох бела а буьйлуш, эр ду: „Хьан тешамечара хьо ле ма вина, хьан доттагӀаша хьо къера ма хилийтина. Хьан когаш саззи юкъа ма бахана, хьан доттагӀий хьуна гена ма бевлла“.
23
Берриш а хьан зударий а, бераш а, дӀа а бигина, хашадхошна дӀалур бу. Хьо а вер вац церан карара: хашадхойн паччахьо хьо схьалоцур ву, ткъа хӀара гӀала цӀарца ягор ю».
24
ТӀаккха ЦӀадукъ-ЯхӀус элира Ярми-ЯхӀуга: «ХӀара дешнаш цхьана стагана а ма хаийта, хьо ца валийтархьама.
25
Сан баьччанашна дӀахаа мега ас хьоьца къамел дина хилар. Цара, схьа а баьхкина, хьоьга хатта тарло: „Бакъдерг схьадийца, хӀун элира ахьа паччахье а, паччахьо хьоьга хӀун элира а? Тхох къайла ма даккхалахь шаьшшиннан хилла къамел, тӀаккха оха хьо вуьйр вац“.
26
Нагахь иштта хилахь, ахьа цаьрга ала: „Со паччахье дехар деш вара, ЯхӀунатин цӀийнан набахти чохь валийта, со цига ма вахийта бохуш“».
27
Массо а баьччанаш Ярми-ЯхӀу волчу баьхкира, цара цуьнга хеттарш дира. Шега паччахьо ма-бохху, жоп делира царна Ярми-ЯхӀус. ХӀумма а ца олуш, уьш дӀабахара, паччахьца аса дина къамел цхьанна а ца хезна дела.
28
Ярми-ЯхӀу гӀаролхой болчу кертахь Ӏийра, Ярушалайм дӀалоцу де тӀекхаччалц. Ярушалайм дӀалацар иштта дара.
← Chapter 37
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 39 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52