bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 40
Jeremiah 40
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 39
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 41 →
1
Рама-гӀалахь Бавелан паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана иза дӀалаьцначуьра мукъаваьккхинчул тӀаьхьа, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Набузар-Аданна иза, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀабига новкъабаьхна Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а болчу йийсархошна юкъахь карийнера.
2
ГӀаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхӀу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хӀокху меттигна хӀара бохам бийр бу аьлла.
3
Ткъа хӀинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгӀна дела а.
4
Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хӀокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дӀаван лаахь, дӀавола, аса Ӏуналла дийр ду хьуна тӀехь. Нагахь хьайна цига дӀаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХӀара дерриг а латта хьуна хьалха Ӏуьллуш ду, хьайна луъучу метте дӀаваха пурба ду хьуна».
5
Ярми-ЯхӀу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо, Бавелан паччахьо массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна тӀехь хьаькам хӀоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дӀагӀо». Ярми-ЯхӀуна яа хӀума а, совгӀаташ а дӀа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира.
6
Ярми-ЯхӀу МицӀпа-гӀалахь сецначу Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза.
7
ЯхӀудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тӀемалошна а, кхечу нахана а дӀахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо хӀоттийна аьлла. Бавеле дӀа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тӀехь цо Ӏуналла дан деза бохуш, хезира царна.
8
Уьш берриш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал а, Къаьрхьин кӀентий Йохьан а, ЯхӀуната а, Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, НатӀупатарчу Ӏейпин кӀентий а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, иштта царна уллора берш а бара.
9
Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царна хьалха чӀагӀонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гӀуллакх дан. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду.
10
Ткъа со МицӀпа-гӀалахь соцур ву, кхуза схьаоьхуш болчу хашадхошна хьалха шух лаьцна жоп а луш. Ткъа аша аьхкенан стоьмаш схьалахьабе, чагӀар а, даьтта а даккха, и массо а кхача кхабанаш чохь латта а бе, шаьш дӀалаьцначу гӀаланашкахь а Ӏе».
11
Массо а Муаби-махкахь а, Ӏаммин-махкахь а, Эдом-махкахь а, иштта кхечу мехкашкарчу яхӀудхошна дӀахезира Бавеларчу паччахьо цхьаболу нах ЯхӀуд-махкахь битина аьлла, царна тӀехь куьйгалла дан Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу а хӀоттош.
12
Шаьш бевдда дӀабаханчу массо а меттигашкара яхӀудхой Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала схьагулбелира. Шаьш юхадирзинчул тӀаьхьа цара дуккха чагӀар а, аьхкенан стоьмаш а гулдира.
13
Цу хенахь Къаьрхьин кӀант Йохьан а, иштта аренгахь лелаш болу кхиболу тӀемалойн хьаькамаш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира.
14
Цара элира Гадал-ЯхӀуга: «Хьуна хууш дуй, Ӏамминхойн паччахь БаӀалси хьо вен гӀерташ вуйла? Цо Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал хьо вен ваийтина». Амма Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царах ца тийшира.
15
ТӀаккха Къаьрхьин кӀанта Йохьана къайлаха цуьнга элира: «Суна пурба лохьа Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал вен. Цунах лаьцна цхьанна а хуур дац. Цуьнга хьо хӀунда воьйтур ву оха? Цо иза дахь, хьуна гонах схьагулбелла болу массо а яхӀудхой маьӀ-маьӀӀехь дӀасаборжуьйтур бара, ткъа ЯхӀуд-махкахь бисинчу нахана бохам бийр бара».
16
Амма Ахьикхаман кӀанта Гадал-ЯхӀус Къаьрхьин кӀанте Йохьане элира: «Ма делахь иза, хӀунда аьлча ахьа ИсмаьӀалах аьлларг бакъ дац».
← Chapter 39
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 41 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52