bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 31
Jeremiah 31
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 32 →
1
«Цу заманахь, — боху Везачу Эло, — Со Исраилан халкъан массо а тайпанийн Дела хир ву, ткъа уьш Сан къам хир ду».
2
Везачу Эло иштта боху: «Туьрах кӀелхьарбевллачу нахана яьссачу аренгахь Везачу Элан дика карийна. Исраилан халкъ шена синтем лохуш лелара».
3
Генначу меттехь Везачу Эло, суна хьалха дӀа а хӀоьттина, соьга элира: «Массо а ханна болчу безамца дезаделла хьо Суна, Исраилан халкъ, Аса хьоьга кховдийна Сан хедар боцу безам.
4
Аса юха а меттахӀоттор ду хьо, йоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахӀоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргӀанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду.
5
Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу.
6
Цхьа де догӀур ду, гӀаролхоша Эпрайм-лаьмнашкара дӀакхайкхор деш: „ХьалагӀовтта, вайн Веза Дела волчу, Цийон-лам тӀе хьаладевр ду вай“».
7
ХӀунда аьлча Везачу Эло иштта боху: «Сакъералуш, Якъубан тӀаьхьенна эшарш лекха, мохь бетта къаьмнийн уггар сийлахьчунна. Массарна а хезаш, цунна хастамаш бе, иштта ала: „КӀелхьардаккхахьа, Веза Эла, Хьайн къам, Исраилан халкъах дисинарг!“
8
Къилбаседерачу махкара Аса схьабалор бу уьш, дуьненан йистошкара Аса схьагулбийр бу уьш. Цаьрца цхьаьна бӀаьрзениг а, астагӀниг а, берах ерг а, бер деш ерг а хир ю. Йоккхачу тобанца уьш юхабоьрзур бу кхуза.
9
Белха а боьлхуш, уьш схьабогӀур бу, доӀанаш а деш, ткъа Аса уьш юхаберзор бу. Хишна уллохула, аттачу некъаца дӀабуьгур бу Аса уьш, церан когаш а тийсалур бац. Аса буьгур бу уьш, хӀунда аьлча Со Исраилан Да ву, ткъа Эпрайм Сан дуьххьарлерниг ву».
10
Халкъаш, ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, хӀордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дӀахаийталаш: «Исраилан халкъ дӀасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Ӏуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду».
11
Везачу Эло Якъубан тӀаьхье мехах паргӀатйоккхур ю, цуьнан чул ницкъ болчеран карара схьа а йоккхур ю.
12
Цийон-лам тӀе а деана, Исраилан халкъ доккхадеш лелар ду, ирсах дуьзна хир ду церан юьхьсибат, Везачу Эло мел деллачунна: кӀа, керла чагӀар, зайтдаьтта, жена а, бежана а юкъара кӀорнеш. Хих тоам хилла йолу беш санна хир бу уьш, ткъа церан дог кхин доьхна хир дац.
13
«Оцу хенахь зудабераш халхадевр ду, къонахой а, баккхийнаш а самукъане хир бу. Церан гӀайгӀанех Аса сакъерар дийр ду. Сингаттаман метта Аса царна синтем а, ирс а лур ду.
14
Аса динан дайшна токхе кхача лур бу, Сан къам Сайн дикачух дузур а ду», — боху Везачу Эло.
15
Иштта боху Везачу Эло: «Аз хеза Рами чохь, инзаре мохь, тийжар хеза. Рахьал йоьлху шен берашна, амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа, хӀунда аьлча цуьнан бераш дӀадевлла ду».
16
Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бӀаьрхиш а дӀадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгӀат дийр ду, — боху Везачу Эло. — Хьан бераш мостагӀийн лаьттара юхадоьрзур ду.
17
Хьан хиндолчунна бу сатийсам, — боху Везачу Эло. — Хьан бераш шайн махка юхадоьрзур ма ду.
18
Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Ӏамийнера! ХӀинца со юхадерзадехьа, тӀаккха со Хьуна тӀе юхавоьрзур вара, хӀунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву.
19
Хьох дӀадирзинчул тӀаьхьа, со дохко а даьлла. КараӀамийначул тӀаьхьа некха тӀе куьйгаш деттара ас, хӀунда аьлча юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“.
20
Эпрайман халкъ Сан хьоме кӀант вац ткъа? Суна дукхадезаш долу бер дац ткъа иза? Иза кест-кестта Аса нисван везаш велахь а, массо а хенахь безамца дагавогӀу Суна иза. Сан кийра иза бахьана долуш карзахбуьйлуш бу, Аса цунах къинхетам а бийр бу», — боху Везачу Эло.
21
ДӀахӀоттае хьайн некъан билгалонаш, некъ каро тӀулгаш хьайна охьадахка. Тидам бе хьо леллачу некъан, хьо дӀадуьгуш хиллачу тачанан. ЙоӀстаг санна долу Исраилан халкъ, юхадерза хьайн гӀаланашка.
22
Дукха лелар дуй хьо дӀасауьдуш, тешаме йоцу йоӀ санна долу халкъ? Везачу Эло дуьнен чохь керланиг кхуллу: зудчо шен майра кӀелхьарвоккхур ву.
23
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса халкъан аьтто юхаметтахӀоттабича, ЯхӀуд-махкахь а, цуьнан гӀаланашкахь а хӀара дешнаш кхин цкъа эр ду: „Везачу Эло декъалбойла хьо, беза лам, нийсо шена тӀехь Ӏаш йолу меттиг“.
24
ЯхӀуд-махкахь кхин цхьаьна Ӏаш хир бу гӀаланийн нах а, ахархой а, жаш дажош болу жаӀуй а.
25
ХӀора кӀадвеллачу стеган Аса хьогалла йойур ю, ткъа хӀора гӀелвелларг Аса кхачанах вузор ву».
26
Со, сама а ваьлла, гонах дӀасахьаьжира: сайн гӀан чӀогӀа тайра суна.
27
«ТӀейогӀур ю зама, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан халкъан а, ЯхӀудан халкъан а мехкашна тӀехь, ахархочо ялта кхиош санна, адамаш а, дийнаташ а кхуьуьйтур йолу.
28
ДӀаяханчу хенахь Со хьожуш вара и халкъ орамашца дӀадаккхийта а, дохийта а, кагдайта а, хӀаллакдайта а, цунна тӀе бохамаш байта а. Иштта, хиндолчу хенахь хьоьжур ву Со уьш меттахӀиттадайта а, лаьтта тӀе дӀадогӀийта а, — боху Везачу Эло. —
29
Цу хенахь адамаша бохур дац: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“.
30
Амма хӀора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю.
31
ТӀекхочуш ду денош, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан тӀаьхьенца а, ЯхӀудан тӀаьхьенца а керла барт бен долу.
32
Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза, хӀунда аьлча цара и Сан барт бохийна, Со шайн олахо воллушехь, — боху Везачу Эло. —
33
ХӀара денош дӀадевлча, иштта барт бийр бу Аса Исраилан тӀаьхьенца, — боху Везачу Эло. — Сан товрат-хьехам церан кортош чу буьллур бу, ткъа иза церан дегнаш тӀехь язбийр бу Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.
34
ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а кхин Ӏамор дац: „Веза Эла вовза“, — бохуш, хӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву, — боху Везачу Эло. — Цаьргара даьллачу вочунна Ас гечдийр ду, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».
35
Иштта боху Везачу Эло: «Аса малх дийнахь схьакхоьтуьйту, ткъа беттаса а, седарчий а буса схьакхоьтуьйту. ТулгӀенаш чӀогӀа гӀоьргӀуьйтуш, хӀорд карзахболуьйту Аса, Сан цӀе — массо а ницкъийн Веза Эла ю.
36
И дерриг а Суна хьалха кхочуш ца хуьлуш сецнехьара, — боху Везачу Эло, — Исраилан тӀаьхье гуттаренна а Сан халкъ хуьлучуьра дӀаер яра».
37
Везачу Эло иштта боху: «Лакхахь йолу стигалш юстур бен яцахьара, лахахь болу лаьттан бух толлур бен бацахьара, Аса Исраилан массо а тӀаьхье дӀатоттур яра цара мел лелийна хӀума бахьана долуш», — боху Везачу Эло.
38
«ТӀейогӀуш ю Ярушалайм Сан дуьхьа юхаметтахӀоттон йолу зама, — боху Везачу Эло. — Ерриг а гӀала юхаметтахӀоттор ю Хьананиалан бӀаьвнна тӀера дуьйна Сонерчу кевнна тӀекхаччалц.
39
Дохалла дустаран тӀийраг Сонерачу кевнна тӀера ГӀарабан гуна тӀе а кхочий, ГуӀа-метте дӀайоьрзур ю.
40
Декъий дӀадухкуш йолу а, юкъ тӀекхуссуш йолу а тогӀи, иштта малхбалехь долчу Кхидрун-хина тӀе а, къилбаседехь долчу Говрийн кевнна тӀе а кхаччалц йолу аренаш а Везачу Элан еза меттигаш хилла дӀахӀуьттур ю. Ткъа Ярушалайм-гӀала цхьана а заманахь орамашца дӀаяьккхина я йохийна кхин хир яц».
← Chapter 30
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 32 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52