bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 50
Jeremiah 50
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 49
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 51 →
1
Везачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хӀара бу:
2
«Массо а халкъашка дӀахаийта, байракх хьала а айъаяй, къайла а ца доккхуш, дӀадийца: „Бавел-гӀала схьаяьккхина, Вел-харцдела юьхьӀаьржачу хӀоьттина, Мардух-харцдела дог доьхна ву, Бавелан суьрташ юьхьӀаьржачу хӀиттина, цуьнан цӀуш дог доьхна а бу“.
3
Къилбаседера къам Бавел-махкана тӀегӀертар ду, цунах яьсса аре а йина, дӀа а хӀоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дӀагӀур ду».
4
«Оцу деношкахь, и хан тӀекхаьчча, — боху Везачу Эло, — Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш.
5
Цара Цийон-ломана тӀе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агӀор дӀа а хьоьжуш, уьш цига гӀур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.
6
Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагӀий санна, дара. Церан Ӏуша, нийсачу новкъа тӀера дӀа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дӀасалаьхкинера уьш. Лам тӀера гунна тӀе довлуш, шайн Ӏаш йолу меттиг а йицйина, дӀасалелара уьш.
7
Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагӀаша бохура: „Тхо бехке дац, хӀунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Ӏаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Ӏаш бара“.
8
ДӀагӀо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дӀахӀотта.
9
Ас къилбаседехьара Бавелна тӀе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дӀахӀуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагӀийн пхерчий дика тӀемалой санна ду, тӀам тӀера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу.
10
Хашадхойн берриг а махкахула хӀонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хӀонсах Ӏаьбна хир бу», — боху Везачу Эло.
11
«Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дӀалацарна. КӀа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тӀемалойн говраш санна, терсаш дара шу.
12
Амма хӀинца шун нана юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кӀезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду.
13
Везачу Элан оьгӀазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГӀалина уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича.
14
Бавелна го а бай, тӀамана кечло. СекхаӀедаш кхуьссурш, гӀалехьа дӀахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна.
15
ТӀеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дӀахӀитта. Тахана ша мостагӀийн кара дӀаелла Бавел-гӀалано, йохийна цуьнан бӀаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тӀехь деш дерг аша а де цунна тӀехь.
16
ХӀаллакве Бавел-махкахь латта дӀадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагӀийн туьрах кӀелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хӀорра а шен къам долчу юхаверза веза, хӀорра а шен махка ведда дӀаваха веза».
17
«Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьӀӀехула дӀасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дӀакхаьллина, тӀаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьӀахкаш аьтта».
18
Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таӀзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таӀзар ма-дарра.
19
Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тӀехь а, ГалӀадехь а дузур ду.
20
Цу заманахь, и хан тӀекхаьчча, — боху Везачу Эло, — Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхӀудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хӀунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».
21
«ТӀелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тӀаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хӀаллакбе, — боху Везачу Эло. — Аса шайна тӀе мел диллинарг де.
22
ТӀеман а, боккхачу бохаман а гӀовгӀа ю массо а махкахула схьахезаш ерг.
23
Ма йохийна, кагйина дӀаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна!
24
Ас гураш доьгӀнера хьуна, Бавел, хӀинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дӀалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дӀалаьцна.
25
Везачу Эло Шен дӀадуьллийла йолчуьра оьгӀазаллин герзаш схьаэцна, хӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гӀуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тӀехь.
26
Массо а маьӀӀера Бавелна тӀе гӀорта! НеӀарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Ӏалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хӀума, буха ца дуьтуш, дохадай, дӀадаккха.
27
Массо а тӀемалой, байий, дӀабаха! Стерчий санна, байархьама дӀабига уьш! Къа ду церан! Царна таӀзар дан деза де тӀекхаьчна».
28
(КӀелхьардовлархьама Бавел-махкара дӀаидинчу адамаша бохучуьнга ладогӀа! Цийон-лам тӀе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цӀенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.)
29
«Бавел-гӀалина тӀелата схьакхайкха массо а секхаӀад карахь долчаьрга. Схьаваийта хӀора секхаӀад дула хууш верг. ГӀалина го бе, цигара цхьа а ведда кӀелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хӀунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу!
30
Кегий нах хӀаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тӀемалой а бойур бу», — боху Везачу Эло.
31
«Хьо чӀогӀа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, — боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. — ТӀекхаьчна хьуна таӀзар дан деза хан.
32
Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагӀатта цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац. Ас цуьнан гӀаланех цӀе латор ю, цу цӀеро гонах массо а хӀума дагийна дӀадоккхур ду».
33
Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхӀудхошна а гӀело йо. Уьш дӀабигна массара а дӀалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа.
34
Амма уьш ПаргӀатбохург чӀогӀа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гӀуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гӀайгӀа а кхуллуш».
35
Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!
36
Тур тоха церан динан дайшна, уьш кхетамчуьра а бохуш. Тур тоха церан тӀемалошна, уьш къематах а бузуш.
37
Тур тоха церан говрашна а, гӀудалкхашна а, шайна юкъахь болчу тӀелаьцначу тӀемалошна а, уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш. Тур тоха церан хазнашна, уьш хӀонс санна дӀаса а йохуьйтуш.
38
Йокъа хӀоттае Бавеларчу хишна тӀе, уьш долу меттигаш якъа а еш, хӀунда аьлча Бавел — цӀуйн мохк бу, ткъа оцу дегазчу цӀуша уьш хьерабоху.
39
Яьссачу аренийн акхарой а, чангӀалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухӀанаш а хир ю кху лаьтта тӀехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Ӏаш хир вац.
40
Везачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дӀаяхаре терра, — боху Везачу Эло, — иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац.
41
Хьовсал, къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.
42
Церан карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богӀучу хенахь, карзахбаьллачу хӀордах тера бу. Хьоьца тӀом бан кийча бу уьш. Церан Ӏалашо — хьуна тӀелатар ю, Бавел.
43
Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча, цуьнан куьйгаш гӀелделла охьадахара. Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна, боккха бала бара цуьнгахь.
44
Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана бавелхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур вара Суна дуьхьал?
45
ЛадогӀал Веза Эла волчу Ас Бавел-гӀалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дӀакхоьхьур бу. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш.
46
Бавел схьаяьккхина яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дӀахезаш хир ду».
← Chapter 49
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 51 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52