bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 26
Jeremiah 26
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 27 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Якхаман паччахьаллин хьалхарчу шарахь Везачу Элера хаам кхечира.
2
Цо элира: «Везачу Элан цӀийнан керта дӀа а хӀоттий, Цуьнан цӀенна уллохь Далла Ӏибадат дан баьхкина болчу а, ЯхӀуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила.
3
Шайга бохучуьнга ла а доьгӀна, шаьш лелаш болчу вочу некъа тӀера дӀаберза мегара уьш. ТӀаккха Аса, дохко а ваьлла, цара лелийначу вочунна Айса бан лерина болу бохам царна бийр бацара.
4
Цаьрга ала: „Везачу Эло иштта боху: Аса шайна белла болчу товрат-хьехамца а лелаш, аша Соьга ладогӀа деза!
5
Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугӀура. ХӀинца церан дешнашка аша ладогӀа деза!
6
Шу иштта ца лелахь, тӀаккха Аса хӀокху Сан дезачу цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду. ТӀаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хӀокху гӀалин цӀе яккхарца неӀалташ бохур ду“».
7
Динан дай а, пайхамарш а, массо а халкъ а ладугӀуш дара Ярми-ЯхӀус хӀара дешнаш Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀакхайкхочу хенахь.
8
Ярми-ЯхӀус Везачу Эло шега дӀаала аьлларг дерриге а халкъе дӀаэлира. Эццахь динан дайша а, пайхамарша а, халкъо а иза схьа а лаьцна, цуьнга элира: «Хьо вала веза!
9
ХӀунда бо ахьа Везачу Элан цӀарах хаамаш, хӀокху Везачу Элан цӀенна Шилун-гӀалина диннарг дийр ду, хӀара Ярушалайм-гӀала йохийна а, яссийна а дӀахӀоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь дӀахӀоьттира, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал а даьлла.
10
Иза шайна дӀахезча, яхӀудхойн тхьамданаш, паччахьан цӀа чуьра ара а бевлла, Везачу Элан цӀа долчу баьхкира. Везачу Элан цӀийнан керта тӀе вогӀучохь лаьтташ долчу Керлачу кевнна уллора шайн меттигаш дӀалецира цара.
11
ТӀаккха динан дайша а, пайхамарша а элира тхьамданашка а, гулделлачу халкъе а: «ХӀокху стагана вен кхел ян догӀуш ду, хӀунда аьлча цо тхан Ярушалайм-гӀалина дуьхьал хаамаш бора. Шуна иза шайн лергашна ма хезара!»
12
Массо а тхьамданашка а, дерриг а халкъе а Ярми-ЯхӀус элира: «Везачу Эло ваийтина со хӀокху цӀийнах а, хӀокху гӀаланах а лаьцна шуна мел хезна хаамаш бан.
13
Нисде шайн некъаш а, шайн гӀуллакхаш а, ткъа шайн Везачу Дала бохучуьнга ладогӀа. ТӀаккха Цо, дохко а ваьлла, Ша аьлла болу бохам шуна бийр бацара.
14
Ткъа со шун карахь ву. Шайна дика а, нийса а хеташ дерг де суна.
15
Амма аша со вехь, шу цхьана хӀуманах кхетар ду: бехк боцучу стеган цӀий шайх а, хӀокху гӀаланах а, цуьнан бахархойх а аша хьорчуьйту, хӀунда аьлча со Везачу Эло ваийтина вара, аса шуьга аьлларг шун лергашна дӀахазийта».
16
ТӀаккха тхьамданаша а, дерриг халкъо а элира динан дайшка а, пайхамаршка а: «ХӀара стаг вен кхел ян вогӀуш вац, хӀунда аьлча цо вайн Везачу Делан цӀарах къамел дина тхоьца».
17
Масех къано, хьала а гӀаьттина, вистхилира дерриге а халкъан гуламе:
18
«Муршатахо волу Мика-ЯхӀу пайхамар хилла яхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхӀудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тӀулгийн оьла хир ю, Делан цӀа тӀехь лаьттинчу лам тӀе хьун ер ю’.
19
ЯхӀудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхӀус а, ЯхӀудан халкъо а вийрий Мика-ЯхӀу? Хьузакх-ЯхӀу Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна ца хилла те, цо Веза Эла шена резахилийтар ца лехна те? Ткъа Везачу Эло, дохка а ваьлла, Ша царна бан аьлла болу бохам ца сацийна те? Ткъа вай ваьшна доккха зен дан кечделла“».
20
(ХӀокху гӀалина а, махкана а дуьхьал Везачу Элан цӀарах, Ярми-ЯхӀус ма-аллара, Делера болу хаамаш беш кхин цхьа стаг вара. Иза Кхиръят-ЯӀариман вахархо волу ШамӀа-ЯхӀун кӀант УръяхӀу вара.
21
ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан мел болчу тӀеман хьаькамашна а, цуьнан тхьамданашна а оцу пайхамаран дешнаш дӀахезча, паччахьна иза вейта лиира. И хӀума шена хиъча, УръяхӀу, кхера а велла, ведда Мисар-махка дӀавахара.
22
Амма ЯхӀу-Якхам-паччахьо, Мисар-махка Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, цуьнца кхин а нах а бахийтина,
23
цигара УръяхӀу схьавалавайтира. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахьо, иза тур тоьхна вен а вейтина, цуьнан дакъа къечу нехан кешнаш долчохь охьакхоссийтира.)
24
Амма Шапанин кӀант Ахьикхам Ярми-ЯхӀуна тӀехӀоьттира, цундела иза халкъан кара дӀа ца велира, цаьрга ца вейтархьама.
← Chapter 25
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 27 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52