bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 18
Jeremiah 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 19 →
1
Ярми-ЯхӀуга Везачу Элан хӀара дош кхечира:
2
«Куьпчи волчу цӀа гӀо, цигахь Сайн дош кхочуьйтур ду хьоьга».
3
Со куьпчи волчу чу вахача, иза шен чарха тӀехь болх беш вара.
4
Цо еш йолу поппаран пхьегӀа йоьхна дӀаелира, цуьнан карахь йоллушехь. Эццахь цу куьпчичо шен куьйгашца шена луучу кепара кхин пхьегӀа йира оцу поппарх.
5
ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира соьга:
6
«Исраилан тӀаьхье, цу пхьеро диннарг Соьга а шух далур дац те? — боху Везачу Эло. — Хьо Сан карахь куьпчичун поппар санна ма ю, Исраилан тӀаьхье.
7
Нагахь санна цхьана хенахь цхьа къам я пачхьалкх орамашца дӀа а яьккхина, йоха а йина, хӀаллакйина хир ю аьлла, Аса дӀахьедар дахь,
8
амма и къам ша лелийначу вонах дӀадерзахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац.
9
Нагахь санна вукху хенахь цхьа къам я пачхьалкх, юхаметтахӀоттар а деш, орамашца иза дӀадогӀа деза аьлла, Аса дӀахьедар дахь,
10
амма оцу къомо, Суна хьалха вониг а лелош, Соьга ла ца догӀахь, тӀаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса дагалаьцна диканиг царна дийр дац.
11
Цундела дӀаала ЯхӀудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хӀуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“.
12
Амма халкъо эр ду: „Цу хӀумане са а ма тийса. Оха тхайна луъург дийр ду. ХӀора стага шен вочу, аьрхачу даго боххург дийр ду“».
13
Цундела иштта боху Везачу Эло: «Кхечу халкъашна юкъахь хаттал, цкъа а хезний царна кхунах тера долу хӀума дуьйцуш? Инзаре ирча хӀума дина йоӀстаг санна долчу Исраилан халкъо.
14
Цкъа а Ливанун-лаьмнийн басенийн тархех ло къайладолий те? Цкъа а соций те генарчу оцу лаьмнашкара охьаоьхуш долу шийла хиш?
15
Сан халкъана-м Со вицвелла. Эрначу цӀушна сагӀанаш доху цара. Цундела когаш тийсалуш лелаш бу уьш шаьш дӀакхоьхьуш долчу некъаш тӀехь. Шайн дайн ширачу некъаш тӀера дӀабевлла уьш, нийса доцучу паначу некъаш тӀе бовлархьама.
16
Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тӀехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву.
17
Малхбалехьарчу мохо санна, дӀасадаржор ду Аса и халкъ цуьнан мостагӀашна хьалха. Царна бохам тӀекхаьчначу дийнахь, Сайн юьхь ца гойтуш, букъ берзор бу Аса царна».
18
ТӀаккха цхьаболчара элира: «Дуьйло, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал барт бийр бу вай! Товрат-хьехам тхуна Ӏамочу динан дайн а, хьехамаш бечу хьекъалчийн а, Делера болу хаам бечу пайхамарийн а цатоар цкъа а хир дац. Вало, Ярми-ЯхӀуна дуьхьал бехкаш далор ду вай, цуьнан дешнаш тергал а дийр дац вай».
19
ЛадогӀахьа, Веза Эла, аса бохучуьнга, сан мостагӀаша бохург дӀахазахьа.
20
Дан дезий те диканна дуьхьал вониг? Делахь а цара ор даьккхина, со вейтархьама. Дагадаийтахьа со Хьайна хьалха лаьтташ хилар, церан дуьхьа Хьуна диканиг дуьйцуш, Хьоьга Хьайн дералла царна тӀера дӀаяккхийтархьама.
21
Цундела хӀоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Ӏойла уьш. ХӀаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тӀамехь туьраца байийла.
22
Тийжарш хезийла церан цӀенош чуьра, Ахьа цӀеххьана уьш болчу мостагӀий балийча, хӀунда аьлча цара суна кӀело йина, къайлаха сан когашна бухахь бойнаш а тесна.
23
Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гӀерташ бу. Цара летийна къинош дӀа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгӀазвахханчохь дехьа царна таӀзар.
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52