bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 27
Jeremiah 27
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 28 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахь хилла дӀахӀоьттинчу дуьххьарчу заманахь Везачу Элера хӀара хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга.
2
Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхӀу, цӀоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тӀедилла.
3
И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Ӏамминарчу а, Цора-гӀаларчу а, ЦӀаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу гархьама баьхкинчу векалшкахула дӀадахьийта.
4
ХӀара дешнаш цу паччахьашка дӀаалар цу векалшна тӀедилла: „Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: шайн паччахьашка иштта дӀаала:
5
‘Сайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца латта а, адамаш а, лаьтта тӀера бежанаш а кхоьллина Аса. Сайна мел луучун кара Аса и латта дӀало.
6
Ткъа хӀинца Аса хӀара массо а хӀума Сайн лай волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀало. Аса аренан акхарой а цунна гӀуллакх дан дӀало.
7
Массо а халкъаш цунна а, цуьнан кӀантана а, цуьнан кӀентан кӀантана а гӀуллакх деш хир ду. Иза иштта хир ду, Бавел эшна хир йолу заман тӀекхаччалц. ТӀаккха дуккха а къаьмнаша а, сийлахьчу паччахьаша а Бавел-мохк муьтӀахь бийр бу.
8
Нагахь санна цхьа къам я пачхьалкх Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дуьхьал далахь, цуьнан дуькъана хьалха шен ворта охьа а ца таӀош, цу къомана Аса туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду, — боху Везачу Эло, — и къам Аса Набухди-Нецаре кхоччуш хӀаллакдайтталц.
9
Ла ма догӀа шайн пайхамаршка а, пал туьйсуш болчаьрга а, гӀенаш туьдуш болчаьрга а, бозбунчашка а, жинашца тайначаьрга а. Цара боху: ‹Шу Бавелан паччахьна муьтӀахь хила ца деза›.
10
Цара шуьга харцдерг дуьйцу, шу шайн лаьтта тӀера гена дӀалахкийтархьама. Аса шу дӀалохкур дара, ткъа шу хӀаллакьхир дара.
11
Бавелан паччахьан дукъ тӀе а эцна, цунна гӀуллакх деш сецна муьлхха а къам Аса шен лаьтта тӀехь дуьтур ду. Иза, шен лаьтта тӀехь гӀуллакх а деш, цу тӀехь дехар ду’, — боху Везачу Эло“».
12
И хаам а аса ЯхӀудан паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀакхачийра. Аса элира: «ОхьатаӀае шайн ворта Бавелан паччахьан дукъана хьалха, цунна а, цуьнан халкъана а гӀуллакх а деш саца — дийна дуьсур ду шу.
13
ХӀунда хуьлуш ду хӀаллак хьо а, хьан къам а тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш? Везачу Эло и дерриг а Бавелан паччахьна муьтӀахь ца хиллачу къомана хир ду аьлла ма ду.
14
Ла ма дийгӀийша шайга: „Бавелан паччахьан кара шу гӀур дац“, — бохуш болчу пайхамаршка. Цара шуна бо хаамаш харц бу.
15
Уьш Аса баийтина бац шу долчу, — боху Везачу Эло. — Цара Сан цӀарах харцхаамаш бо. Цундела Аса шу дӀалохкур а ду, ткъа шу хӀаллак а хир ду — шу а, шуна харцхаамаш беш болу пайхамарш а».
16
Динан дайшка а, дерриг халкъе а аса элира: «Иштта боху Везачу Эло: „‘Везачу Элан цӀа чуьра дӀаяьхьна йолу пхьегӀаш кестта Бавел-махкара юхаерзор ю’, — бохуш болчу шайн пайхамаршка ла ма догӀа. Цара шуна харцхаамаш бо.
17
Цаьрга ла а ца дугӀуш, Бавелан паччахьна муьтӀахь хила, тӀаккха шу дийна дуьсур ду. ХӀара гӀала, къапалг а йина, хӀунда хӀаллакйина яра?
18
Нагахь санна уьш пайхамарш а белахь, цаьргахь Сан дош а делахь, цара массо а ницкъийн Везачу Эле шайн доӀанашца деха деза Везачу Элан цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалаймехь а йисина йолу еза пхьегӀаш Бавеле дӀа ма яхьийта аьлла“».
19
Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цӀестан бӀогӀамех а, цӀестан хӀордах а, цӀестан кӀелхӀотторгех а, иштта хӀокху гӀалахь йисначу кхийолчу хӀуманех лаьцна.
20
(Уьш Набухди-Нецара ша яхӀудхойн паччахьан ЯхӀу-Якхаман кӀант Яхун-ЯхӀу а, ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а цӀеяхана болу массо а нах Бавеле дӀабуьгучу хенахь цига дӀа ца яьхьнера.)
21
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цӀа чохь а, яхӀудхойн паччахьан цӀа чохь а, Ярушалайм-гӀалахь а йисначу хӀуманех лаьцна иштта боху:
22
«Уьш Бавеле дӀахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тӀекхаччалц уьш цу гӀалахь а хир ю, — боху Везачу Эло. — Цул тӀаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».
← Chapter 26
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 28 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52