bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 44
Jeremiah 44
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 45 →
1
Мисар-махкахь Ӏаш болчу яхӀудхошка дӀаала беза хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера. Уьш Мигдол-гӀалахь а, Тахьпанхьас-гӀалахь а, Нуп-гӀалахь а, мехкан къилберачу декъахь а баха хевшинера. ХӀара бу и хаам:
2
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хӀинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац,
3
цигахь дехаш хиллачу адамаша дина долу вонаш бахьана долуш. Я царна а, я шуна а, я шун дайшна а хьалххе бевзаш ца хиллачу кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, царна Ӏамал а еш, Со оьгӀазвахийтира цара.
4
Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цӀарах дӀаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хӀума’.
5
Амма цара пайхамаршка ла а ца дугӀура, уьш тергал а ца бора. Шаьш лелош долчух уьш дӀа ца бирзира — кхечу деланашна сагӀанаш дечуьра ца совцура уьш.
6
Цундела Сан дералла а, оьгӀазалла а охьаӀанайира, ЯхӀуд-махкара гӀаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дӀадехира, ткъа уьш хӀинца а дассаделла лаьтташ ду“.
7
Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀинца а боху: „Шаьш Ӏожалле далош долу доккха вониг хӀунда леладо аша? Аша дийриг бахьана долуш ЯхӀудан къомера божарий а, зударий а, даккхий а, кегий а бераш а хӀаллакдо, шайн къоман тӀаьхье а ца юьтуш.
8
Шайн куьйгашца бинчу цӀушна Ӏамал а еш, шаьш цигахь Ӏан дӀадаханчу Мисар-махкахь кхечу деланашна сагӀанаш а дохуш, Со оьгӀаз хӀунда вохуьйту аша? Шу шаьш хӀаллакдеш ма ду, дуьненан массо а къаьмнашна хьалха наха шун цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна шу дола хетар ду.
9
Шуна дицделла те шайн дайша а, яхӀудхойн паччахьаша а, церан зударша а лелийна долу зуламаш, аша шаьш а, шун зударша а ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалайман урамашкахь а лелийна долу вон хӀуманаш?
10
Таханлерчу денна тӀекхаччалц шу, шаьш кӀезиг а хеташ, Суна хьалха ларамах дуьзна дац, шуна а, шун дайшна а Аса беллачу Сан товрат-хьехамца а, Сан парзашца а ца лелара шу“.
11
Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тӀе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхӀудхой хӀаллакбийр бу Аса.
12
Мисар-махка кхалха а, цигахь Ӏан а сацам бина ЯхӀуд-махкахь дийна биснарш Аса дӀабохур бу. Уьш массо а Мисар-махкахь дӀакхелхар бу! КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц уьш туьраца а, мацаллица а хӀаллакьхир бу. Наха церан цӀе яккхарца неӀалт эр ду, царна динчунна нах Ӏадийна хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола а хетар бу.
13
Аса Ярушалаймана таӀзар ма-дарра, туьраца, мацаллица, Ӏожаллин уьнца таӀзар дийр ду шух болчу Мисар-махкахь бехаш болчарна.
14
Мисар-махкахь Ӏан цига дӀабаханчу яхӀудхойх дийна бисинчарах цхьа а кӀелхьарвер а вац я дийна а вуьсур вац, ЯхӀуд-махка юхаверзархьама. Шайн махка юхадерза шаьш сатуьйсуш делахь а, Ӏожаллех кӀелхьарваьлла масех стаг воцург цхьа а цӀа воьрзур вац“».
15
ТӀаккха шайн зударша кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар хууш болу массо а божарий а, цигахь лаьтташ болчу зударшца цхьаьна Ярми-ЯхӀуга бистхилира. Цигахь йоккха адамийн тоба яра. Царна юкъахь бара къилбаседехьара а, къилбехьара а Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой. Цара Ярми-ЯхӀуна жоп делира:
16
«Оха ладугӀур дац ахьа Везачу Элан цӀарах тхуна беанчу хааме.
17
Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хӀума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тӀе вонаш а ца догӀура.
18
Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучуьра севцича, тхан хӀумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хӀаллакдеш дара».
19
Цул тӀаьхьа зударий бистхилира. Цара элира Ярми-ЯхӀуга: «Стигаларчу зуда-паччахьна оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучу хенахь тхан майранашна иза хууш ца хилла те? Цуьнан сибатехь оха хьокхамаш а доттуш, цунна чагӀаран сагӀанаш а дохуш, цара тхуна пурба ма лора!»
20
ТӀаккха Ярми-ЯхӀус шена иштта жоп деллачу дерриг халкъе а — божаршка а, зударшка а — элира:
21
«Везачу Элана диц ца делла аша а, шун дайша а, паччахьаша а, шун баьччанаша а, мехкан халкъо а ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а кхечу деланашна сагӀанаш дохуш хилар. Цуьнан дагахь иза лаьтташ ма ду.
22
Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тӀехь Ӏаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цӀе яккхарца неӀалт олу.
23
Кхечу деланашна аша сагӀанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тӀебаийтина бу».
24
Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус, леррина зударшка вист а хуьлуш, массо а нахе элира: «Мисар-махкахь Ӏаш болу массо а яхӀудхой, ладогӀа Везачу Элан даше!
25
Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Аша а, шун зударша а шаьш шайн багахула схьааьлларг шайн куьйгашца чӀагӀдина. Аша боху: ‘Стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дийр ду аьлла йолу чӀагӀо оха билггал кхочушйийр ю’. Шаьш делла дош дан ма-дезза кхочушде! Шаьш йина чӀагӀонаш билггал ларъе!
26
Амма ладогӀалаш Везачу Элера болчу хааме, Мисар-махкахь мел бехаш болу яхӀудхой: ‘Сайн сийлахьчу цӀарах Ас чӀагӀо йо, — боху Везачу Эло, — массанхьа а Мисар-махкахь вехаш волчу цхьана а яхӀудхочо кхин цкъа а Сан цӀарах чӀагӀо йийр яц, ‹Дийна волчу Хьалдолчу Элах чӀагӀо йо ас› — бохуш
27
Аса цу нехан тергам бийр бу, амма царна гӀо дархьама бийр бац, уьш хӀаллакбархьама тергал беш хир ву. Мисар-махкахь бехаш болу яхӀудхой я мацалло хӀаллакбийр бу, я туьро бойур бу, царах кхин цхьа а стаг ца виссалц.
28
КӀеззиг нах юхабоьрзур бу Мисар-махкара ЯхӀуд-махка, туьрах кӀелхьар а бевлла. ТӀаккха Мисар-махкахь баха схьабаьхкина болчу дийна бисинчу берриг а яхӀудхошна хуур ду, хьенан дешнаш хилла бакъ — Сан я церан.
29
Кхузахь Аса шуна таӀзар а дийр ду, шуна бохам а боккхур бу аьлла Сан дешнаш чӀогӀа дуйла шуна хоуьйтуш, — боху Везачу Эло, — хӀара билгало гойтур ю шуна.
30
Аса Мисар-мехкан паччахь волу ХьупраӀ-пирӀун вен гӀерташ болчу цуьнан мостагӀийн кара дӀалур ву иза, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу Аса иза вен лоьхучу цуьнан мостагӀа волчу Бавелан паччахьан Набухди-Нецаран кара дӀа-ма-валлара’“».
← Chapter 43
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 45 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52