bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 39
Jeremiah 39
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 40 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волу уьссалгӀачу шеран уьтталгӀачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дӀахӀоьттира.
2
Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу цхьайтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀачу дийнахь гӀалин пенех мостагӀаша Ӏуьрг даьккхира.
3
Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гӀалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кӀоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тӀеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тӀеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара.
4
ЯхӀудхойн паччахь а, цуьнца болу тӀемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гӀалара ара а бевлла, бевдда дӀабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Ӏариба-тогӀи йолчу дӀабахара.
5
Амма хашадхойн эскар царна тӀаьхьаделира. Уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тӀевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь вара. Цигахь цо ЦӀадукъ-ЯхӀуна кхел йира.
6
Циггахь, Рабила-гӀалахь, Бавелан паччахьо а ЦӀадукъ-ЯхӀуна хьалха цуьнан кӀентий байира. Иштта ЯхӀуд-махкара баьччанаш а байира цо.
7
Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу, бӀаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавига кечвира.
8
Хашадхоша паччахьан цӀа а, иштта Ярушалаймехь долу цӀенош а дагийра, гӀалин гонахара пенаш а охьаэгийра.
9
ГӀалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дӀабигира.
10
Шайн долахь цхьа а хӀума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхӀуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дӀа а елла.
11
Ткъа Ярми-ЯхӀух лаьцна Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Аданехула тӀедиллинера:
12
«Иза схьа а лахий, цуьнан дола де. Цунна цхьа а тайпа вон а ма де, амма цо мел аьлларг де», — аьлла.
13
ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана а, тӀеман коьрта хьаькам волчу Набуш-Забана а, тӀеман хьаькам волчу Нургал-Шар-Эцара а, иштта кхиболчу хашадхойн тӀеман хьаькамаша а Ярми-ЯхӀу лаха нах бахийтира.
14
Оцу наха Ярми-ЯхӀу, гӀаролхойн кертара схьа а эцна, Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант волчу Гадал-ЯхӀун кара дӀавелира, цуьнга иза шен цӀа дӀавигийтархьама. Ярми-ЯхӀу шен халкъана юкъахь ваха висира.
15
Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина волчу хенахь, цуьнга Везачу Элера хаам кхаьчнера:
16
«Ярми-ЯхӀу, ваха а гӀой, хушахо волчу Ӏабайд-Малике хӀара дешнаш дӀаала: „Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘ХӀокху гӀалина, диканиг а ца деш, бохам бийр бу аьлла долу Сайн дешнаш кхочушдан хӀоьттира Со. Иштта хилча, хьан бӀаьргашна хьалха иза кхочушхир ду.
17
Амма хьо Аса кӀелхьарвоккхур ву, — боху Везачу Эло. — Хьо кхоьручу нехан кара дӀалур вац хьо.
18
Ас хьо кӀелхьарвоккхур ву, хьо туьрах лийр вац, хьан дахар хӀонс санна хир ду хьуна, хӀунда аьлча хьо сох тешна дела’, — боху Везачу Эло“».
← Chapter 38
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 40 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52