bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 20
Jeremiah 20
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 21 →
1
Динан да а, Везачу Элан цӀийнан уггар лакхара хьаькам а волчу Амиран кӀанта Пашихьура, шена Ярми-ЯхӀус Делера болу и хаамаш беш хезча,
2
Ярми-ЯхӀу-пайхамарна еттийтира. ТӀаккха цо, Ярми-ЯхӀу Везачу Элан цӀийнан кертахь долу Бен-Яманан лакхара ков долчу а вигийтина, цунна дечиган буржалш тохийтира.
3
Амма шолгӀачу дийнахь, буржалш дӀа а даьхна, Пашихьура иза дӀахийцира. Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Везачу Эло хьан цӀе Пашихьур аьлла ца тиллина, амма Массанхьа а долу къемат аьлла тиллина.
4
ХӀунда аьлча иштта боху Везачу Эло: „Аса хьох хьуна хьайна а, хьан доттагӀашна а хьалха къемат дийр ду. Уьш шайн мостагӀчун туьро хӀаллакбийр бу, и хӀума хьан бӀаьргашна гур а ду. Аса берриг а ЯхӀудан халкъ Бавелан паччахьан кара дӀалур ду, цо цхьаберш Бавел-махка дӀабуьгур бу, кхиберш хӀаллакбийр бу.
5
Кху гӀалин массо а бахам церан мостагӀийн кара дӀалур бу Аса. Къахьегарца гӀалин халкъо мел гулдинарг а, гӀалин массо а еза хӀуманаш а, яхӀудхойн паччахьийн хазна а мостагӀийн кара дӀалур ю Аса. Цара и массо а хӀума хӀонс санна Бавеле дӀахьур ю.
6
Хьо а, Пашихьур, хьан цӀахь мел верг а йийсаре вуьгур ву. Бавеле дӀавигначул тӀаьхьа хьо лийр ву, цигахь хьо а, хьан массо а доттагӀий а, ахьа шайна харцахьа пайхамаралла дина болу, дӀабухкур бу“».
7
Веза Эла, Ахьа со Хьайна тӀеозийна, ткъа со Хьох Ӏехавелла. Хьо сол ницкъ болуш ву, Ахьа со эшийна. Со массарна а хьалха белам хилла, нах сох массо а дийнахь кхаьрдаш бу.
8
Со вист мосазза хуьлу, Аса, мохь а бетташ, кхойкху: «Къизалла а, хӀаллакьхилар а хир ду». Везачу Элера болу и хаам ас барна, наха со сийсаз а во, сох массо а дийнахь кхаьрда.
9
ТӀаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цӀарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цӀе санна, догура, сан даьӀахкашкахь дӀахьулйина цӀе санна, иза летара. Со хӀоьттинера иза сайгахь сецо гӀерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора.
10
Дукхахболчеран шабар-шибарш хеза суна: «Массанхьа а вайна къемат ду! Вай иза емалван ма веза!» Соьгара гӀалат даларе а хьоьжуш, сан массо а доттагӀаша боху: «Иза Ӏехо мегар ву. ТӀаккха иза эшор ву вай, цунна бекхам а бийр бу».
11
Амма соьца Веза Эла ву, Иза ницкъболу тӀемало санна ву. Цундела сан мостагӀийн ког тасалур бу, цаьрга со эшалур а вац. Церан Ӏалашо кхочушхир яц, уьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Церан эхь цкъа а дицдийр дац, иза абаденналц лаьттар ду.
12
Массо а ницкъийн Веза Эла! Хьо бакъахьара леларш зуьйш ву, нехан даг чохь дерг Хьуна дика го. Айхьа царна бекхам беш гайтахьа суна, сан гӀуллакх аса Хьан кара дӀаделла дела.
13
Лекхийша эшарш Везачу Элана! Хастамаш бейша Везачу Элана! Цуьнга бен ваккхалур вац мисканиг зуламечу стеган карара.
14
Сардам буллу аса со винчу денна! Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де!
15
НеӀалт хуьлда: «Хьуна кӀант вина!» аьлла, кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана.
16
Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу гӀаланашна хилларг хуьлийла цу стагана. Хезийла цунна Ӏуьйранна орца даккхар, ткъа делкъахенахь тӀеман маьхьарий,
17
сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна, сан нана суна каш хилла ца йитарна, со дуьнен чу ца волуш ца витарна!
18
ХӀунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара? Деган Ӏийжамаш, бохамаш бен суна гина хӀумма а ма дац! Ткъа сан дахар юьхьӀаьржачу хӀоттарца чекхдер ду.
← Chapter 19
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 21 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52