bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 12
Jeremiah 12
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 13 →
1
Веза Эла, аса гӀуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Ӏесачеран аьтто хӀунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хӀунда хуьлу?
2
Ахь доьгӀна долчу диттех тера бу уьш. Орамаш а хецна, хьала а кхиъна, цара стом ло. Хьо массо а хенахь церан багахь ву, амма церан дегнаш Хьуна гена ду.
3
Ткъа со Хьуна вевзаш ву. Хьуна со гуш ву, Веза Эла, сан дог Хьайца муха ду а хаьа Хьуна. Дайа дезаш долу уьстагӀий санна, дӀакхехьа уьш! Байаран де тӀекхаччалц дӀакъастабехьа уьш!
4
Мел ханна хир ду хӀара латта дакъийна, мел ханна хир ю хӀора кха тӀехь буц якъаелла? Цигахь Ӏаш болчеран Ӏесалла бахьана долуш, олхазарш а, акхарой а хӀаллакьхуьлуш ю. Цу тӀе а наха боху: «Далла ца хаьа тхан чаккхе муха хир ю».
5
Везачу Эло элира: «Ярми-ЯхӀу, гӀаш болчаьрца хьодуш а хьо кӀадвелла хилча, говрахь болчаьрца муха къовсалур ву хьо? Шерачу аренгахь а хьо тасалуш хилча, Йордан-хин йистерачу боьлакашкахь хӀун дийр ду ахьа?
6
Ур-атталла хьан гергарчара, — хьан ден цӀийнах болчара, — ур-атталла уьш хьуна ямарта хилла. Цара хьуна дуьхьал мохь бетта. Ма теша царах, уьш хьайга эсала бистхилахь а».
7
«Аса Со чохь Ӏаш долу къам дитина, Сайн долахь долу халкъ дӀатеттина. Сайна уггар дукха дезаш дерг церан мостагӀийн кара дӀаделла.
8
Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла. Хьуьнхахь долчу лоьмо санна, цо Суна дуьхьал гӀигӀ до. Цундела Суна иза ца деза.
9
Сан къам акхачу олхазарх тарделла, гонах ломъаьрзунаша дӀасаийзош долчу. ДӀа а гӀой, аренан акхарой схьагулъе! Схьаялае уьш, иза дӀакхаллархьама.
10
Дуккха а болчу Ӏуйша Сан кемсийн беш хӀаллакйина, Сан долахь дерг когашца хьийшина. Сан хьоме латта цара яьсса аре йина дӀахӀоттийна.
11
И латта цара доха ма дина, хӀинца иза дакъийна а, дассийна а ду. Берриг мохк а яьсса аре ю, цунна дола дан стаг а вац.
12
Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагӀий схьабаьхкина, хӀуманаш хӀаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дӀакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Ӏаш вац.
13
Наха кӀа дӀадийна, амма лаьтта тӀера коканаш схьадаьхна. Цара къахьегна, амма цунах пайда ца эцна. Цара гулдинчу ялто шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттабо, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана хилар бахьана долуш».
14
Везачу Эло иштта боху: «Аса дуьйцур ду хьуна исраилхойн лулахошна Айса ден дерг. И нах чӀогӀа вон нах бу, уьш Аса исраилхошна делла долчу латтанашна тӀелетта. Аса уьш шайн мехкашкара аракхуьссур бу, царна юккъера ЯхӀудан тӀаьхье схьайоккхур ю.
15
Амма уьш орамашца дӀабаьхначул тӀаьхьа, Аса царах кхин а къинхетам бийр бу. ХӀора къам Аса шен-шен махка а, лаьтта а тӀе схьадалор ду.
16
Сан къоман некъаш цара баккъалла а Ӏамош делахь, дийна волчу Везачу Элах цара дуй бууш хилахь (дӀаяханчу заманахь цара Сан халкъ БаӀалах дуй баа Ӏаморе терра), тӀаккха церан, Сан къомана юкъахь а Ӏаш, аьтто хир бу.
17
Амма оцу къаьмнаша Аса бохучуьнга ла ца догӀахь, уьш, шайн орамашца дӀа а баьхна, хӀаллакбийр бу Аса», — боху Везачу Эло.
← Chapter 11
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 13 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52