bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 32
Jeremiah 32
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 33 →
1
Везачу Элера хӀара дош кхечира Ярми-ЯхӀуга яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу уьтталгӀачу шарахь. Иза иштта Набухди-Нецар Бавелан паччахь волу берхӀитталгӀа шо а дара.
2
Цу заманахь бавелхойн паччахьан эскаро Ярушалаймана го бинера. Ярми-ЯхӀу-пайхамар яхӀудхойн паччахьан цӀахь йолчу гӀаролхойн кертахь чувоьллина вара.
3
Иза яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус цу чу воьллина вара, хӀунда аьлча цо Ярми-ЯхӀу иштта бехкевира: «Ахь хӀунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, Набухди-Нецара иза дӀа а лоцур ю.
4
ЯхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дӀалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бӀаьргашца схьа а гур ву.
5
ЦӀадукъ-ЯхӀу цо Бавеле дӀавуьгур ву. Иза цигахь Ӏийр ву, Иза цигахь Ӏийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, — иштта боху Везачу Эло. — Нагахь аша хашадхошца тӀом бахь, шу царал тоьлур дац“».
6
Ярми-ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элера соьга хилла долу дош:
7
„Хьан ден вешин Шалуман кӀант Хьанамиал хьо волчу вогӀуш ву хьоьга дӀаала: ‘Соьгара Ӏанатот-гӀалахь долу сан кха хьайна дӀаэца — вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш иза эца хьан бакъо ю’“».
8
Сан ден вешин кӀанта Хьанамиала, Везачу Эло ма-аллара, со волчу а веана, элира: «Ӏанатот-гӀалина уллора, Бен-Яманан латтанаш долчуьра сан кха хьайна дӀаэца, хӀунда аьлча вайна юкъахь долу гергарло бахьана долуш хьан бакъо ю иза эца а, хьайн дола даккха а. Цундела и латта хьайна дӀаэца». ТӀаккха суна хиира соьга хилла хаам Везачу Элера буйла.
9
Аса Ӏанатот-гӀалара и кха сайн шича волчу Хьанамиалера ийцира, цунах вуьрхӀитта шекхал дети а делира.
10
Латта оьцуш яздечу кехатна кӀел куьг а яздина, иза мухӀарца чӀагӀ а дина, тешаш схьа а кхайкхина, терзанна тӀехь дети уьйзира.
11
Цул тӀаьхьа аса эцаран кехат схьаийцира — шена тӀехь барт а, тӀедожорш а яздина долу мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а.
12
Аса иза Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира, сайн ден вешин кӀантана Хьанамиалана а, цу кехат кӀел куьг яздина болчу тешашна а, гӀаролхойн кертахь охьахиъна Ӏаш мел болчу яхӀудхошна а хьалха.
13
Царна хьалха аса Барухана тӀедиллира:
14
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „ХӀара эцаран кехаташ — мухӀарца чӀагӀдина долу кехат а, иштта чӀагӀдаза долу кехат а — схьа а эций, кхийрачу кхаби чу дӀадилла, уьш заманан йохаллехь лардайта“.
15
Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „ЦӀенош а, кхаш а, кемсийн бошмаш а юха а хӀокху махкахь оьцуш хир ю“».
16
Латта оьцуш долу кехат Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀа а делла, Везачу Эле доӀа дира аса:
17
«Сан Хьалдолу Эла, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, тӀекховдийначу куьйгаца стигалш а, латта а кхоьллина, Хьоьга далур доцуш цхьа а хӀума а дац.
18
Веза Эла, Ахьа эзарнашкахь болчарна Хьайн хедар боцу безам гойту, амма дайша летийна долу къинош бахьана долуш, церан берашна таӀзар до. Хьо сийлахь а, нуьцкъала а Дела ву, Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолуш волу!
19
Хьан хьехамаш баккхий а бу, Хьан гӀуллакхаш нуьцкъала а ду. Хьан бӀаьргашна гуш ду адамаша мел деш дерг, Ахьа хӀоранна а цо диначуьнга хьаьжжина, цунна доггӀург дӀало.
20
Веза Эла, Ахьа инзаре гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а йина Мисар-махкахь, ткъа хӀара хан тӀекхаччалц изза деш ву Хьо Исраил-махкахь а, массо а адамаш долчу меттехь а. И хӀума бахьана долуш массанхьа а гӀараяьлла Хьан цӀе.
21
Тамашийна билгалонаш а, инзаре гӀуллакхаш а деш, нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а, доккхачу къематаца а Хьайн Исраилан халкъ Мисар-махкара арадаьккхина Ахьа.
22
Ахьа царна хӀара латта а делла, церан дайшна лур ду аьлла Айхьа чӀагӀо йина долу. И токхе латта шуьрех а, мазах а дуьзна ду.
23
Цара, цу лаьтта тӀе а баьхкина, иза шайн дола даьккхина. Амма Ахьа бохучуьнга цара ла ца дугӀура, Хьан товрат-хьехамца уьш ца лелара. Ахьа шайна кхочушдан тӀе мел диллинарг цара кхочуш ца дора. И хӀума бахьана долуш Ахьа царна тӀе и массо а бохамаш баийтина.
24
Хьажахьа, мостагӀаша гӀалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а гӀалина тӀелеташ болчу хашадхойн кара дӀадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду.
25
Ткъа Ахьа, сан Хьалдолу Эла, соьга элира: „Хьайна детих кха эца, и кха оьцучу хенахь тешаш а балабе“. Иза Ахьа соьга боху, хашадхойн эскар гӀала дӀалаца кечделлачу хенахь».
26
ТӀаккха Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
27
«Ярми-ЯхӀу, Со — Веза Эла ву, массо а адамашна тӀехь Дела волу. Соьга далур доцуш цхьа хӀума дуй те?»
28
Цундела Везачу Эло иштта боху: «Ас кестта Ярушалайм хашадхойн а, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран а кара дӀалур ю, цо иза дӀа а лоцур ю.
29
Цунна тӀелеташ болчу хашадхоша, гӀалина чу а баьхкина, гӀаланах цӀе а латийна, иза ягор ю. Шайн тхевнашна тӀехь БаӀална хаза хьожа йогӀу хӀума ягорна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш дахарна а, наха Со оьгӀазвахийтина массо а цӀенош шаьш дагийна хир ду.
30
Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша, шаьш кегий долчу хенахь дуьйна, Суна вон хеташ долу гӀуллакхаш дина. Цу халкъаша Со оьгӀазвахийтина, шайн куьйгашца цара мел лелийнарг бахьана долуш, — боху Везачу Эло. —
31
ХӀара гӀала йинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц кхуьнан бахархоша Со оьгӀазвоьду хӀуманаш лелийна, цундела хӀара Сайн бӀаьргашна хьалхара дӀаяккха сацам бина Аса.
32
Ас иза дийр ду, Исраилан а, ЯхӀудан а халкъаша мел лелийна вонаш бахьана долуш. Цара а, церан паччахьаша а, баьччанаша а, динан дайша а, пайхамарша а, иштта ЯхӀудан халкъо а, Ярушалайман бахархоша а и массо а вон гӀуллакхаш леладора.
33
Шайн юьхьан метта цара Суна букъ берзийна. Со уьш юх-юха а Ӏамо гӀертахь а, цара Соьга ла а ца дугӀура, шаьш Соьга нийсачу новкъа а ца буьгуьйтура.
34
Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш.
35
Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цара БаӀална лерина сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а Мулка-харцдалла сагӀина дӀабалархьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. Иза бахьана долуш цара ЯхӀудан халкъе къа латадайтира».
36
«Ахьа а, хьоьца болчара а оцу гӀаланах лаьцна боху: „Туьро а, мацалло а, Ӏожаллин уьно а и гӀала Бавелан паччахьан кара дӀайолуьйтур ю“. Ткъа хӀинца ладогӀа, — боху Исраилан Везачу Дала, — оцу гӀаланах лаьцна Аса бохучуьнга.
37
Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, йоккхачу моханца а уьш дӀалаьхкина болчу массо а мехкашна юкъара Аса билггал юхадерзор ду Сайн халкъ. Аса уьш хӀокху метте юхаберзор бу, сашортехь Ӏайтархьама.
38
Уьш Сан халкъ хир ду, ткъа Со церан Дела хир ву.
39
Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тӀаьхьенан диканна а хир ду.
40
Аса цаьрца массо а тӀейогӀучу ханна барт бийр бу: царна диканиг дечуьра Со цкъа а соцур вац, Ас церан дегнаш чу Сайна болу кӀорга ларам а кхуллур бу, уьш кхин Сох дӀа ца къастийта.
41
Со царах сакъералуш хир ву, царна Айса дика дечу хенахь. Сайн даггара а, сайн синера а болчу лаамца Ас уьш хӀокху лаьтта тӀе чӀагӀбина баха охьаховшор бу».
42
Везачу Эло иштта боху: «Айса цу халкъана бохамаш бина хиларе терра, Айса лур ду аьлла дика мел дерг царна дийр ду Ас.
43
ХӀинца оцу махках наха иштта олу: „И мохк бассабелла бу, кху тӀехь я адамаш а, я хьайбанаш а дац, хӀунда аьлча иза хашадхойн кара дӀабелла бу“. Делахь а, хинйолчу хенахь оцу махкахь кхаш кхин а оьцур ду.
44
Адамаша детих латтанаш а оьцур ду, и латта оьцуш куьйгаш а теӀадеш, мухӀарца чӀагӀдина кехаташ а хир ду, и латта эцаран тешаш а хир бу. Иза Бен-Яман-махкахь а, Ярушалайман гонахарчу меттигашкахь а, ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкахь а, гунаш тӀехь а, малхбузехьа долчу акъари тӀехь а, иштта къилбехьа йолчу меттигашкахь а хир ду. Иза иштта хир ду, хӀунда аьлча Ас оцу халкъан аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло.
← Chapter 31
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 33 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52