bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 30
Jeremiah 30
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 31 →
1
Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира:
2
«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьайга аьлла долу массо а хӀума тептар тӀе дӀаязде,
3
хӀунда аьлча тӀекхочуш ду, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан а, ЯхӀудан а долу, Сайн халкъан аьтто юхаметтахӀоттор долу денош. Аса и халкъ юха а церан дайшна Айса деллачу лаьтта тӀе схьадалор ду, и латта церан долахь а хир ду“».
4
ХӀара дешнаш Везачу Эло Исраилан а, ЯхӀудан а халкъах лаьцна аьлла ду.
5
«Иштта боху Везачу Эло: „Кхерабелла, боьлхуш болчеран аьзнаш хезаш ду. Къематан гӀовгӀа хезаш ю, машар а бац.
6
Хаттар а дай, ойла е: боьршачу стага бер дой? Дера ца до. Иштта хилча, хӀунда го Суна хӀора боьршачу стеган куьйгаш церан гай тӀехь, бер деш йолчу зудчун санна? Церан яххьаш бос байна а хӀунда ю?
7
ЭхӀ, ма къемате хир ду и де, цхьа а де цунах тарлур а дац. Якъубан тӀаьхьенна иза гӀайгӀане зама хир ю, амма оцу гӀайгӀанех и тӀаьхье кӀелхьаръер ю“».
8
«И де тӀекхаьчна, — боху массо а ницкъийн Везачу Эло, — Аса Исраилан а, ЯхӀудан а халкъийн кочара дукъ дохор ду, Аса шун буржалш а дӀадохур ду. Кхечу къаьмнаша Сан къоме шайна кхин гӀуллакх дойтур дац.
9
Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хӀоттор волчу, Даудан тӀаьхьенах волчу шайн паччахьна а гӀуллакх деш лелар бу.
10
Ткъа хьо, Сан ялхо йолу Якъубан тӀаьхье, кхера ма ло, — боху Везачу Эло, — ма къахка, Исраилан халкъ. Аса хьо генарчу махках кӀелхьар а доккхур ду, шаьш йийсаре дӀадигначу махкара хьан тӀаьхьенаш паргӀат а йохур ю. Якъубан тӀаьхье юхайоьрзур ю, уьш машарехь а, сашортехь а бехар бу. Шуна цхьаммо а кхерамаш а туьйсур бац,
11
хӀунда аьлча Со шуьца ву, шу кӀелхьардохур ду — боху Везачу Эло. — Шу дӀасалаьхкина мел долу къаьмнаш Аса билггал хӀаллакдийр делахь а, шу хӀаллак ца деш дуьтур ду. Шуна таӀзар ца деш Аса шу дуьтур дац, амма Аса нийсонца шуна таӀзар дийр ду».
12
Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахӀотталур яц.
13
Кхелехь къасто дезачу хьан гӀуллакхна гӀайгӀа бан цхьа а вац, хьан цамгар дӀаерзо иштта цхьа а вац. Хьуна дан дарба а дац.
14
Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хӀуъа хилча а. МостагӀчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таӀзар дина, хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
15
Хьайн чевнашна хӀунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хӀунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду.
16
Хьо мел дӀакхоллурш шаьш дӀакхаьллина хир бу. Хьан мел болу мостагӀий шаьш хир бу йийсарехь. Хьох хӀонс мел йоккхурш шаьш хӀонс хилла дӀахӀуьттур бу. Хьуна талор мел дийраш Аса талорхошка дӀалур бу.
17
Аса хьуна могушалла юхалур ю, хьан чевнаш а тойийр ю, — боху Везачу Эло, — хӀунда аьлча хьан мостагӀаша боху: „Цийон юхатеттина ма ю, цунах цхьаммо а гӀайгӀа ма ца бо“».
18
Амма Везачу Эло боху: «Аса Якъубан тӀаьхьенан аьтто юхаметтахӀоттор бу, цуьнан мел болчу доьзалх къинхетам а бийр бу. ГӀала юхаметтахӀоттийна хир ю ша хиллачу гу тӀехь, ткъа гӀалин гӀап шен хьалха хиллачу меттехь лаьттар ю.
19
Кхузара схьа хезаш хастамаш беш йолу эшарш хир ю, массо а маьӀӀера схьахезаш самукъане аьзнаш а хир ду. Аса церан тӀаьхье совйоккхур ю, церан терахь жимлур дац, Аса церан цӀе йохуьйтур ю, цхьа а къам цаьрга лакхара хьоьжур дац.
20
Сан къоман бераш тохара санна Ӏийр ду, цуьнан гулам Суна хьалха дӀахӀуттур бу. Цунна гӀело ечарна Аса таӀзар дийр ду.
21
Цуьнан баьчча оцу къомах схьавер ву, халкъан олахо царна юкъара хир ву. Аса Сайна тӀеозавойтур ву иза, ткъа иза Сайна улло валор ву, хӀунда аьлча Суна улло ван шен са ца кхоош мила ваьхьар ву? — боху Везачу Эло. —
22
Шу Сан къам хилла дӀахӀуьттур ду, ткъа Со шун Дела хир ву».
23
Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тӀейогӀуш ю, иза Ӏесачеран коьрта тӀе, йилбазмох санна, южур ю.
24
Везачу Элан оьгӀазалла дӀаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТӀедогӀуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду.
← Chapter 29
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 31 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52