bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 19
Jeremiah 19
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 20 →
1
Везачу Эло иштта элира: «Куьпчичуьнгара поппарх йина кхаба эца. Халкъана юкъара а, динан дайшна юкъара а къаной хьайца схьаэца.
2
Йоьхначу Кхабин кевнна уллорачу Бен-ХӀинам-тогӀи йолчу а гӀой, Аса хьайга аьн дерг халкъе дӀадийца.
3
Цаьрга дӀаала: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, Ярушалайман бахархой а! Шуьга массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала боху: хӀокху лаьтта тӀе Аса боккха бохам кхочуьйтур бу. И хӀума хезна волчу муьлххачу а стеган лере зов догӀур ду.
4
Цара Со а витина, хӀара хийра меттиг яр бахьана долуш хир ду и хӀума. Шайна а, шайн дайшна а, иштта яхӀудхойн паччахьашна а бевзаш боцучу харцделанашна цара сагӀанаш дохура. ХӀара меттиг бехк боцучеран цӀийца юьзира цара.
5
Гунаш тӀехь цара БаӀална сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий, БаӀална лерина долу дагоран сагӀа санна, цӀерца багорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац.
6
Цундела, варелаш! — боху Везачу Эло, — тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю.
7
Оцу меттехь Аса ЯхӀуд-махкарчу а, Ярушалаймерчу а наха мел леринарг дохор ду. Аса уьш мостагӀийн туьре хӀаллакбойтур бу, уьш байъа гӀерташ болчеран кара Аса уьш дӀалур бу, ткъа церан декъий олхазарийн а, акхаройн а даар хилла дӀахӀуттур ду.
8
Аса йохийна дӀайоккхур ю хӀара гӀала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича.
9
МостагӀийн ардангаша, нах байа а гӀерташ, го бийр бу гӀалина. ГӀалахь мацалла а хӀоьттина, нах чӀогӀа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кӀентий а, йоӀарий а буур бу“.
10
Хьайца болчарна хьалха кхаба йоха а яй,
11
цаьрга дӀаала: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ХӀара къам а, хӀара гӀала а юха меттахуттийла доцуш, кхаба йохош санна, дохор ду Ас. Белларш Тупатехь а дӀабухкур бу, кхечу меттехь уьш дӀабохка меттиг ца хиларна.
12
И хӀума дийр ду Аса кху меттигна а, цуьнан бахархошна а, — боху Везачу Эло. — ХӀара гӀала Тупатах тарйина дӀахӀоттор ю Аса.
13
Ярушалаймера цӀенош а, яхӀудхойн паччахьийн цӀенош а — шайн цӀенойн тхевнашна тӀехь стигалийн ницкъашна кӀур тоьхна а, кхечу деланашна чагӀаран сагӀанаш даьхна а долу массо а цӀенош — Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“».
14
Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхӀу юхавирзича, иза, Делан цӀийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира:
15
«Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хӀокху гӀалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогӀа а ца лиира“».
← Chapter 18
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 20 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52