bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 36
Jeremiah 36
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 37 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волчу Юши-ЯхӀун кӀанта ЯхӀу-Якхама олалла до доьалгӀа шо долуш, Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера иштта хаам кхечира:
2
«Хьарчийна тептар схьа а эций, Исраилан къомах а, ЯхӀудан къомах а, массо а кхечу къаьмнех а лаьцна Аса хьоьга мел дийцинарг дӀаязде. Юши-ЯхӀу паччахьаллехь волуш Со хьоьга дуьххьара вистхиллачу хенахь дуьйна хӀара де тӀекхаччалц Аса хьайга бина хаамаш дӀаязбе.
3
ЯхӀудан къомана дӀахаза а мега, Ас царна мел бан леринчу бохамах лаьцна, тӀаккха шаьш лелош долчу вочу некъаш тӀера дӀабовла а тарлора уьш. Иза иштта хилча, Ас церан массо а къиношна а, зуламашна а гечдийр дара».
4
ТӀаккха Ярми-ЯхӀус Нери-ЯхӀун кӀант Барух схьакхайкхира. Везачу Эло шега мел аьлла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздора.
5
Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀус элира Барухе: «Со Везачу Элан цӀийнан керта ваха йиш йолуш вац: цу чу вахар суна дихкина ду.
6
Цундела наха марха кхобучу дийнахь Везачу Элан цӀа долчу гӀо, ас дӀадуьйцучу хенахь айхьа дӀаяздина Везачу Элан дешнаш гулбеллачарна дӀа а деша. Уьш ахьа дӀадеша деза шайн гӀаланашкара Ярушалайме схьагулбеллачу массо а яхӀудхошна.
7
Цара Везачу Эле шайн дехарш дан ма мега, уьш шайн вочу новкъах дӀабовла ма мега, хӀунда аьлча Везачу Эло оцу къомана дӀакхайкхийна оьгӀазалла а, дералла а чӀогӀа йоккха ю».
8
Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха дерриг а шега Ярми-ЯхӀу-пайхамаро ма-аллара дира. Цо Везачу Элан цӀийнан кертахь тептар тӀехь дӀаяздина долу Везачу Элан дешнаш аз айина дӀадийшира.
9
ЯхӀудхойн паччахь волу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьаллехь волчу пхоьалгӀачу шеран уьссалгӀачу баттахь Ярушалайман бахархошка а, иштта ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашкара Ярушалайм-гӀала даьхкинчу массо а адамашка а Везачу Элан хьалха марха кхаба дӀакхайкхийра.
10
Цу хенахь Баруха, гулбеллачу массо а нахана а хезаш, Везачу Элан цӀа долчохь хьарчийначу тептар тӀера Ярми-ЯхӀун дешнаш дӀадийшира. Йозанча волчу Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун цӀа чуьра и тептар дӀадоьшуш вара Барух. Цуьнан цӀа лакхарчу кертахь, Везачу Элан цӀийнан керлачу кевнна уллохь дара.
11
Тептар тӀера дӀадоьшуш долу Везачу Элан массо а дешнаш хезаш вара Шапанин кӀентан Гамар-ЯхӀун кӀант Мика-ЯхӀу.
12
Иза паччахьан гӀалина чохь долчу йозанчин цӀа чу велира. Цигахь мехкан массо а баьччанаш бара Ӏаш: паччахьан йозанча волу Эли-ШамаӀ а, ШамӀа-ЯхӀун кӀант Дали-ЯхӀу а, Ӏахбаран кӀант Эли-Ната а, Шапанин кӀант Гамар-ЯхӀу а, Хьанан-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу а, иштта кхиболу мехкан баьччанаш а.
13
Нахана хьалха тептар тӀера Баруха дӀадоьшуш шена хезна массо а дешнаш Мика-ЯхӀус мехкан баьччанашна дӀадийцира.
14
ТӀаккха мехкан баьччанаша Барух волчу Хушин кӀант волчу Шалам-ЯхӀун кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ЯхӀуди вахийтира цуьнга иштта вистхила: «Халкъана хьалха дӀадешна долу тептар схьа а эций, соьца схьавола», — аьлла. Нери-ЯхӀун кӀант Барух, и тептар схьа а эцна, уьш болчу схьавеара.
15
Цара цуьнга, охьа а хаий, шайна хозуьйтуш и тептар дӀадеша элира. Баруха иза дӀадийшира.
16
Цу тӀехь дерг шайна хезча, баьччанаша, кхерамца вовшашка а хьаьвсина, Барухе элира: «И дерриг а паччахье дӀадийца деза оха».
17
Цара Барухе хаьттира: «Дийцал, муха дӀаяздина ахьа и дешнаш? Ярми-ЯхӀус ма-аллара, яздиний ахьа уьш?»
18
Баруха цаьрга элира: «Цо шен багахула хӀара дешнаш схьааьлча, аса уьш шекъанца хӀокху хьарчийначу тептар тӀе дӀаяздина».
19
ТӀаккха баьччанаша Барухе элира: «Хьо Ярми-ЯхӀуца цхьаьна дӀалачкъа веза, цхьаьнгге а шаьшшиъ мичахь ву дӀа а ца хоуьйтуш».
20
И тептар паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀан чохь а дитина, кертахь волчу паччахьна тӀе бахара баьччанаш. Цара и массо а хӀума паччахье дӀадийцира.
21
Паччахьо ЯхӀуди вахийтира, и тептар схьада аьлла. Паччахьан йозанча волчу Эли-ШамаӀера и тептар схьа а эцна, ЯхӀудис иза схьадеара. Цо, паччахьна а, цунна уллохь лаьтташ болчу массо а баьччанашна а хозуьйтуш, иза дӀадийшира.
22
И шадерг а шеран уьссалгӀачу баттахь дара, цундела паччахь ша Ӏа доккхуш хуьлучу цӀа чохь вара. Иза, шена хьалха кхерчахь йогуш цӀе а йолуш, Ӏаш вара.
23
ЯхӀудис хьарчийначу тептар тӀехь яздинчух кхо-биъ бӀогӀам дӀа мосазза боьшу а, паччахьо цо дӀадешнарг, жимачу уьрсаца схьа а хададой, цӀерга кхуссура. Цо иштта дира, и дерриг а тептар цӀергахь дагийна дӀадаллалц.
24
Я паччахь а, я цуьнан берриг ялхой а, цу тептар тӀера дешнаш шайна хезча, кхера а ца белира, цара шайна тӀера бедарш а ца этӀийра.
25
Эли-Натас а, Дали-ЯхӀус а, Гамар-ЯхӀус а дехарш динехь а, паччахье и тептар ма дагаде бохуш, амма цо цаьрга ла ца дуьйгӀира.
26
Паччахьо шен кӀанте Ярахьмиале а, Ӏазриалан кӀанте Сари-ЯхӀуга а, Ӏабдиалан кӀанте Шалам-ЯхӀуга а омра дира, йозанча волу Барух а, Ярми-ЯхӀу-пайхамар а схьалаца аьлла, амма Везачу Эло и шиъ къайлаваьккхинера.
27
ЯхӀу-Якхам-паччахьо Ярми-ЯхӀун багара схьадаьлла а, Баруха дӀаяздина а дешнаш тӀехь долу тептар дагийначул тӀаьхьа, Везачу Элан дош кхечира Ярми-ЯхӀуга:
28
«Хьарчийна керла тептар схьа а эций, цу тӀе яхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь хилла долу дешнаш дӀаязде.
29
ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхаме дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ахьа хӀара тептар дагийна: ‘ХӀунда яздина ахьа кху тӀе Бавелан паччахь схьа а веана, цо хӀара латта хӀаллакдийр ду, цу тӀехь мел долу адамаш а, хьайбанаш а дойуш?’ — аьлла.
30
Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхӀу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а, Даудан тӀаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду.
31
Ас таӀзар дийр ду ЯхӀу-Якхамна а, цуьнан тӀаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхӀуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“».
32
Ярми-ЯхӀус, хьарчийна тептар схьа а эцна, йозанча волчу Нери-ЯхӀун кӀанте Барухе дӀаделира. Цул тӀаьхьа яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу-Якхама дагийначу тептар тӀехь мел хилла дешнаш Ярми-ЯхӀус дӀа а олуш, Баруха уьш керлачу тептар тӀе дӀаяздира. Цу дешнаш тӀе цу тайпана кхин а дуккха а кхидолу дешнаш а дара дӀаяздина.
← Chapter 35
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 37 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52