bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 35
Jeremiah 35
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 36 →
1
ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀу Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Якхам паччахьалла дечу хенахь Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хӀара хаам беара:
2
«Рахбихой болчу а гӀой, цаьрга вист а хилий, уьш Везачу Элан цӀийнан кертахь долчу цхьана чоьнна чу кхайкха, царна чагӀар а ло».
3
Аса, Хьабацин-ЯхӀун кӀант волчу Ярми-ЯхӀун кӀант Яъзан-ЯхӀу сайца схьа а эцна, цуьнан массо а вежарий а, кӀентий а — дерриг а рахбихойн тукхам —
4
Везачу Элан цӀа долчу далийра. Йигдал-ЯхӀун кӀант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цӀа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхӀуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гӀаролхо волчу Шалуман кӀант МаӀсей-ЯхӀун чоьнна тӀехула а яра.
5
ТӀаккха Аса, рахбихойн доьзална хьалха кедаш а, чагӀарх юьзна йолу масех кхаба дӀа а хӀоттийна, элира: «Мала чагӀар».
6
Амма цара элира: «Оха чагӀар ца молу, хӀунда аьлча Рахбин кӀант а, тхан дайн да а волчу ЯхӀу-Надаба тхуна тӀедиллина: „ЧагӀар ма малалаш цкъа а, я аша а, я шун бераша а.
7
ЦӀенош а ма де, хӀу дӀа а ма де, кемсийн бошмаш а ма кхиае, уьш шайн долахь а ма хилийта, ткъа шаьш даим четарш чохь Ӏе. ТӀаккха дехха дахалур ду шу шаьш арадевлла лелачу лаьтта тӀехь“, — аьлла.
8
Оха ладуьйгӀира тхан да а, Рахбин кӀант а волчу ЯхӀу-Надаба бохучуьнга. Оха а, тхан зударша а, тхан кӀенташа а, йоӀарша а цкъа а чагӀар ца молу.
9
Оха иштта тхайна чохь Ӏан цӀенош а ца до, тхан кемсийн бошмаш а яц, я кхаш а, я цу тӀехь йолуш хӀума а яц тхан.
10
Тхо хӀинццалц а четарш чохь дехаш ду. Иштта, массо а хӀуманна тӀехь тхан да волчу ЯхӀу-Надаба тӀедиллинарг кхочушдина оха.
11
Делахь а, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар кху лаьтта тӀе гӀоьртича, оха элира: „Дуьйло, Ярушалайме дӀагӀо вай, хашадхойн а, арамхойн а эскарх кӀелхьардовлархьама“. Цундела тхо Ярушалаймехь дехаш ду».
12
Цул тӀаьхьа Ярми-ЯхӀуга хаам кхечира Везачу Элера:
13
«Иштта боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: „Ваха а гӀой, Соьгара хаам ЯхӀуд-махкарчу халкъана а, Ярушалайман бахархошна а дӀабовзийта: ‘Аса бохучуьнга муха ладогӀа деза хӀокху масалх Ӏама шуна ца лаьа те? — боху Везачу Эло. —
14
Рахбин кӀанта ЯхӀу-Надаба шен тӀаьхьенна, чагӀар ма мала аьлла, тӀедиллинарг кхочушхуьлуш схьадогӀуш ду. Уьш таханлера де тӀекхаччалц чагӀар ца молуш схьабогӀуш бу, шайн ден весет кхочуш а деш. Ткъа Со юх-юха а шуьга дуьйцуш Ӏаш ву, амма аша Соьга ла ца дугӀу.
15
Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дӀаала: ‹ДӀадовла шайн вочу некъаш тӀера, сацаде шаьш лелош долу хӀуманаш, дӀадовла кхечу деланашна тӀаьхьара, царна Ӏамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хӀокху лаьтта тӀехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугӀура.
16
Рахбин кӀентан ЯхӀу-Надабан тӀаьхьено шайн дас шайга дина весет кхочушдо, ткъа хӀокху къомо Соьга ла ца доьгӀна’.
17
Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Дала боху: ‘ЯхӀудан халкъана а, Ярушалаймехь болчу массо а бахархошна а Айса бийр бу аьлла мел болу бохамаш бийр бу, хӀунда аьлча цара Ас шайга мел баьхначуьнга ла ца доьгӀна, Ас шайга кхайкхича, цара Суна жоп ца делла’“».
18
Ткъа рахбихошка Ярми-ЯхӀус элира: «Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Шайн да волчу ЯхӀу-Надабе аша ладугӀура, цо мел дина весет аша кхочуш а дора, иштта массо а хӀуманна тӀехь цо ма-аллара шу лелара.
19
И хӀума бахьана долуш, — боху Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло, — Рахбин кӀант волчу ЯхӀу-Надабан тӀаьхьенах гуттаренна а Суна гӀуллакх деш волу, милла хилла а, цхьаъ хир ву“».
← Chapter 34
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 36 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52