bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 41
Jeremiah 41
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 42 →
1
ВорхӀалгӀачу баттахь Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу веара. Иза МицӀпа-гӀала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьӀал паччахьан цӀийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхӀуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хӀума юуш Ӏийра.
2
Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гӀевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дӀахӀоттийнарг вийнера.
3
ИсмаьӀала иштта Гадал-ЯхӀуца МицӀпа-гӀалахь хилла болу массо а яхӀудхой а, цигахь хилла болу хашадхойн тӀемалой а байира.
4
Гадал-ЯхӀу вийначу шолгӀачу дийнахь, и хӀума цхьанна а хаале,
5
МицӀпа-гӀала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кӀен сагӀанаш а, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а яхьаш, Везачу Элан цӀа долчохь сагӀа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дӀаяьшнера, шайна тӀера хӀуманаш а этӀийнера, шайна чевнаш а йинера.
6
Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, МицӀпа-гӀалара ара а ваьлла, велха а воьлхуш, царна дуьхьал веара. Цо элира: «Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу гӀо».
7
ГӀалин юккъе кхаьчча, ИсмаьӀала а, цуьнца болчара а уьш, байа а байина, гӀунна чу кхиссира.
8
Амма цу нахана юкъахь хиллачу иттаммо элира ИсмаьӀале: «Ма дайахьа тхо, хӀунда аьлча тхан къайлаха дӀалачкъийна кӀа а, мукх а, зайтдаьтта а, моз а ду. Уьш оха кха тӀехь къайладаьхна ду». Кхечу нахаца цхьаьна уьш байаран метта ИсмаьӀала уьш дийна битира.
9
Цо Гадал-ЯхӀу бахьана долуш байина нах чукхиссина йолу гӀу Аса цӀе йолчу паччахьо яьккхина хилла, исраилхойн паччахь волчу БаӀшах ша ларвайтархьама. Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала и гӀу ша байинчу нехан декъех хьалаюьзна.
10
ИсмаьӀала дерриг а МицӀпа-гӀалахь дисина долу халкъ дӀалецира. Царна юкъахь паччахьан йоӀарий а, иштта МицӀпа-гӀалахь дисина кхин халкъ а дара. Уьш гӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Ахьикхаман кӀантана Гадал-ЯхӀуна, дола де аьлла, дӀабелла бара. Йохьанан кӀант ИсмаьӀал, уьш дӀа а лаьцна, Ӏамминхой болчу ваха новкъа велира.
11
Амма Къаьрхьин кӀантана Йохьанна а, массо а цуьнца болчу тӀеман хьаькамашна а Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала динчу дерриг а зуламех лаьцна дӀахезира.
12
ТӀаккха уьш, шайца кхин а нах схьа а эцна, Натан-ЯхӀун кӀантаца ИсмаьӀалца лата бахара. Уьш цунна ГавӀонехь болу боккха Ӏам болчохь тӀаьхьакхиира.
13
Йохьан а, цуьнца болу тӀеман хьаькамаш а шайна гича, ИсмаьӀал волчохь йийсарехь долчу халкъан чӀогӀа самукъаделира.
14
ИсмаьӀала МицӀпа-гӀалахь йийсаре дигна долу дерриг а халкъ, юха а дирзина, Къаьрхьин кӀант Йохьан волчу дӀадахара.
15
Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, шеца бархӀ стаг а волуш, Йохьанах ведда, Ӏамминхой болчу дӀавахара.
16
ТӀаккха Йохьана а, цуьнца болчу тӀеман хьаькамаша а МицӀпа-гӀалара дийна мел бисинарш дӀабигира. Цара уьш ИсмаьӀалан куьйгах кӀелхьарбехира, шаьш Гадал-ЯхӀу вийначул тӀаьхьа. Цара дӀабигира ГавӀон-гӀалара шайца схьа мел баьхкина болу нах: божарий а, тӀемалой а, зударий а, бераш а, паччахьан кертара нах а.
17
Уьш Байтлахам-гӀалина уллохь йолчу Гейрут-КӀамхӀам йолчохь севцира, цигара Мисар-махка дӀабаха дагахь,
18
хашадхой бахьана долуш. Уьш кхоьрура хашадхойх, хӀунда аьлча Бавелан паччахьо ЯхӀуд-махкана тӀехь куьйгалхо хӀоттийна волу Гадал-ЯхӀу вийнера ИсмаьӀала.
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 42 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52