bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 43
Jeremiah 43
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 42
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 44 →
1
Ярми-ЯхӀус церан Везачу Дала шега дӀаала мел аьлларг дерриг а халкъе дӀаэлира.
2
ТӀаккха ХӀушаӀ-ЯхӀун кӀанта Ӏазар-ЯхӀус а, Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, иштта цигахь болчу массо а кӀоршамечу наха а Ярми-ЯхӀуга элира: «Ахьа бохург бакъ дац. Тхан Везачу Дала ца ваийтина хьо тхоьга: „Шу Мисар-махка даха дӀа ма гӀо“ — ала.
3
Нери-ЯхӀун кӀанта Баруха хьо тхуна дуьхьалвала иракара ма хӀоттийна, тхо, хашадхойн кара дӀа а делла, цаьрга дайъийтархьама а, я Бавел-махка йийсаре дӀадигийтархьама а».
4
Иштта Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман хьаькамаша а, дерриг а халкъо а, ЯхӀуд-махкахь саца аьлла, Везачу Эло шайга аьллачуьнга ла ца дуьйгӀира.
5
Къаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман массо а хьаькамаша а, шаьш дӀасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхӀуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дӀадигира.
6
ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀантехь Гадал-ЯхӀугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхӀу-пайхамар а, Нери-ЯхӀун кӀант Барух а шайца дӀабигира.
7
Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгӀира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гӀала дӀабахара.
8
Тахьпанхьас-гӀалахь Ярми-ЯхӀуга хӀара хаам кхечира Везачу Элера:
9
«Масех боккха тӀулг а лахий, Тахьпанхьас-гӀаларчу пирӀунан цӀенна чу воьдучу меттигна хьалха йолчу майданан поппар буха дӀадохка уьш, берриг а яхӀудхочунна гуччохь.
10
Ахьа и хӀума деш гуш болчу яхӀудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гӀант кхузахь Айса дӀадоьхкина долчу тӀулгаш тӀехь дӀахӀоттор ду. Цу тӀулгаш тӀехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дӀахӀоттор ду.
11
Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тӀелетар ву. Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кӀел гӀур ву.
12
Набухди-Нецара мисархойн деланийн цӀеношкахь цӀе латор ю, цигара цӀуш я багор бу, я йийсаре дӀабуьгур бу. ЖаӀуьно шен бедар мезех цӀан ма-ярра, Мисар-мохк цӀанбийр бу цо, цул тӀаьхьа маьрша цигара ара а вер ву.
13
Набухди-Нецара Ана-гӀалахь долчу харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цӀенош цӀарца дагор ду’“».
← Chapter 42
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 44 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52