bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 37
Jeremiah 37
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 38 →
1
Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхӀу-Якхаман кӀентан ЯхӀу-Яхинан метта, ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхӀун кӀант ЦӀадукъ-ЯхӀу охьахаийра.
2
Я ЦӀадукъ-ЯхӀус а, я цуьнан ялхоша а, я цу пачхьалкхехь болчу наха а ла ца дугӀура пайхамар волчу Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьллачуьнга.
3
ЦӀадукъ-ЯхӀус Шалам-ЯхӀун кӀант ЯхӀукал а, МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а вахийтира Ярми-ЯхӀу-пайхамар волчу дӀаала: «Тхуна тӀера доӀа дехьа вайн Везачу Деле».
4
Ярми-ЯхӀу хӀинца а набахти чу воьллина вацара, цундела иза шена луъучу метте ваха йиш йолуш вара.
5
Эццахь пирӀунан эскар Мисар-махкара арадаьлла хилла, ткъа Ярушалайм дӀалацархьама го бина лаьтташ долу хашадхойн эскар, и хӀума шайна дӀахезча, Ярушалаймана уллора юхаделира.
6
ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀу-пайхамаре:
7
«Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тӀе ваийтинчу ЯхӀуд-мехкан паччахье иштта дӀаала: „Хьуна гӀоьнна арадаьлла долу пирӀунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду.
8
Ткъа хашадхой, Ярушалайме юха а бирзина, хӀокху гӀалина дуьхьал кхин цкъа а тӀом беш дӀахӀуьттур бу. Схьа а яьккхина, иза цӀергахь ягор ю цара“.
9
Иштта боху Везачу Эло: „Шаьш-шайга Ӏеха ма лолаш, хашадхой шаьш долчуьра дӀагӀур бу бохуш, хӀунда аьлча уьш дӀагӀур бац.
10
Аша шайна дуьхьал тӀом беш долу хашадхойн эскар дерриг а хӀаллакдахь а, царах чевнаш хилла тӀемалой бен шайн четаршкахь бисина ца хилахь а, цара, хьала а гӀевттина, шайн четаршна чуьра ара а бевлла, хӀара гӀала цӀарца ягор яра“».
11
ПирӀунан эскар схьагӀортарна, хашадхойн эскар Ярушалаймана уллора дӀадаьллачул тӀаьхьа,
12
Ярми-ЯхӀу Ярушалаймера Бен-Яман-махка дӀаваха хӀоьттира, цигахь доьзалан лаьттан шен декъан дола дархьама.
13
Амма иза Бен-Яманан кевне кхаьчча, цигарчу гӀаролхойн хьаькамо Хьанан-ЯхӀун кӀентан Шалам-ЯхӀун кӀанта Йираъ-ЯхӀус Ярми-ЯхӀу-пайхамар сацийра: «Хьо хашадхошкахьа вала воллуш ма ву!» — аьлла.
14
Ярми-ЯхӀус цуьнга элира: «Иза бакъ дац. Со хашадхошкахьа вала воллуш вац». Амма цо цуьнга ла ца дуьйгӀира. Йираъ-ЯхӀус иза, дӀа а лаьцна, баьччанаш болчу дӀавигира.
15
Ярми-ЯхӀуна оьгӀазбаханчу баьччанаша, цунна етта а йиттина, йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа чу воьллира, хӀунда аьлча цу цӀийнах цара набахти йинера.
16
Ярми-ЯхӀу цу цӀийнан уггар бухарчу чоьнна чу воьллира, цу чохь дуккха хан а яьккхира цо.
17
Цул тӀаьхьа ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо, цунна тӀаьхьа нах а бахийтина, иза схьавалавайтира. Шен паччахьан цӀахь паччахьо цуьнга къайлаха хаттар дира: «Везачу Элера хаам хиллий?» Ярми-ЯхӀус жоп делира: «Хилла. Хьо Бавелан паччахьан кара дӀалур ву», — аьлла.
18
Ярми-ЯхӀус ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье элира: «Стенна бехке ву со хьуна а, хьан баьччанашна а, хӀокху халкъана а хьалха, аша набахти чу воллал?
19
Мичахь бу шуьга: „Бавелан паччахь хьуна а, хӀокху махкана а тӀелетар вац“, — бохуш, хаамаш бина болу шун пайхамарш?
20
Ткъа хӀинца ладогӀахьа соьга, сан олахо волу паччахь, хьайга дехар дан пурба лохьа суна. Ма вигийтахьа со йозанча волчу ЯхӀунатин цӀа: ахьа иза дахь, со цигахь лийр ву».
21
ЦӀадукъ-ЯхӀус омра дира, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чуволла, гӀалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хӀора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхӀу гӀаролхойн кертахь чувоьллина Ӏаш вара.
← Chapter 36
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 38 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52