bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 9
Jeremiah 9
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 10 →
1
Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бӀаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хӀаллакбинчарна.
2
Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дӀагӀур вара, уьш массо а тешаме боцу дела — ямартчу нехан тоба ю уьш!
3
«Церан мотт, Ӏад санна, аьшпашна буьйлина бу. Шаьш тешаме цахиларна махкахь нуьцкъала хилира уьш. Цхьана вочу хӀуманна тӀаьхьа важа вониг до цара, амма Со къобалван ца лаьа царна», — боху Везачу Эло.
4
«Ларлуш хила шайн доттагӀех, шайн гергарчарах цхьаннах а ма теша, хӀунда аьлча хӀора гергарчо Ӏехаво, ткъа хӀора доттагӀчо эладита даржадо.
5
5-6 ХӀораммо а шен доттагӀа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тӀетабина. Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало. ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо. Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка», — боху Везачу Эло.
6
***
7
Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦӀарца санна цӀандийр ду Ас Сайн халкъ, Ӏазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хӀун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна?
8
Церан меттанаш Ӏожаллин пхерчий санна ду, цаьрца нах Ӏехабо цара. Шен лулахошца цара мерза мотт буьйцу, амма шайн даг чохь ямартло латтайо.
9
Аса таӀзар дийр дац те царна и хӀума бахьана долуш? — боху Везачу Эло. — Сан даго бекхам бийр бац те цунах терра долчу къомана?»
10
Лаьмнашна ас белхар хӀоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хӀоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Ӏоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дӀадахара, бежанаш цигара дӀадахара.
11
«Аса тӀулгийн оьла йина дӀахӀоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангӀалкхийн бен хир бу, — боху Везачу Эло. — ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац».
12
Вуй те дуьнен чохь цу хӀуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хӀуманах кхето йиш йолу? ХӀунда хӀаллакдина хӀара латта, цхьа а шена тӀехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хӀунда яссийна хӀара аре?
13
Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хӀунда аьлча Аса шена дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀера Сан халкъ дӀадирзира — Сан озе а цара ла ца дугӀура, Аса тӀедиллинчуьнца а уьш ца лелара.
14
Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара».
15
Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду.
16
Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Ӏойтур бу. Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц».
17
Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогӀа, тийжаран зударий схьакхайкха, царах уггар говзанаш схьакхайкха, уьш кхуза схьабахкийтархьама».
18
Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тӀаьхьа тийжар хӀоттадайта, вайн бӀаьргийн негӀарийн чоьш тӀера бӀаьрхиш охьаэхийта, юьхь тӀера хин тачанаш охьаэхийта».
19
Цийонна тӀехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хӀаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьӀаьржачу хӀиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цӀенош дохийна дӀадаьхна».
20
ЛадогӀа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хӀара дешнаш шуна дӀахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Ӏамаде. ХӀара тезетан тийжам вовшашна Ӏамабе:
21
„Ӏожалла еана схьакхаьчна, иза вайн корашкахула чуеана, вайн гӀепашна чоьхьаяьлла. Иза урамновкъара вайн бераш а, майданашкара вайн кегий нах а хӀаллакбан гӀерташ ю“».
22
Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дӀасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Ӏохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тӀехьа Ӏохкуш долу хьаькхна кӀа санна, Ӏохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“».
23
Иштта боху Везачу Эло: «Шен хьекъалх дозалла деш хила ца веза хьекъалча, шен ницкъах дозалла деш хила ца веза ницкъ болуш верг а, ткъа хьал долуш верг шен хьолах дозалла деш хила а ца веза.
24
Амма дозалла дан лууш волчо Со шена кхетарх а, вовзарх а дозалла дойла. Лаьттахь безам а, бакъдерг а, нийсо а лелош волу Веза Эла Со хиларх цо дозалла дойла. И хӀуманаш ду Суна чӀогӀа тамехь дерш», — боху Везачу Эло.
25
«Варелаш, хан тӀейогӀур ю, — боху Везачу Эло, — шайн догӀмашкахь бен сунт ца биначарна Ас таӀзар ден йолу.
26
Мисар-махкарчу а, ЯхӀуд-махкарчу а, Эдом-махкарчу а, Ӏаммин-махкарчу а, Муаби-махкарчу а, иштта яьссачу аренгахь бехаш болчу шайн гиччош тӀера месаш лоргуш болчу нахана тӀехь Аса таӀзар дийр ду, хӀунда аьлча массо а и къаьмнаш баккъалла а сунтдина дац, ткъа Исраилан массо а тӀаьхье цуьнан дагахь сунтдаза ю».
← Chapter 8
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 10 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52