bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 48
Jeremiah 48
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 47
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 49 →
1
Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гӀала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гӀап, юьхьӀаьржачу а хӀоттийна, йохийна хир ю.
2
Муабин къоман кхин сийлалла хир дац. Хьешбонехь цунна дуьхьалдаккха зулам кечдеш бу: „Дуьйло, хӀаллакдийр ду вай и къам“, — бохуш. Хьо а, Мадмон-гӀала, дӀатийна хир ю, тур хьуна тӀаьхьадаьлла лелар ду.
3
Хьоронайм-гӀаларчу наха маьхьарий детта: „Мел бохам бина! Мел чӀогӀа йохийна!“
4
Муабин къам хӀаллакдина ду. Цуьнан бераш чӀогӀа доьлхуш ду.
5
Лухьайте хьалаболучу новкъахь адамаш ца совцуш доьлхуш ду. Хьоронайм тӀера боьдучу новкъахь гӀайгӀане маьхьарий ду хезаш мостагӀаша дохор бахьана долуш.
6
Довдалаш, кӀелхьардаккхалаш шайн дахар! Яьссачу аренгахь йолчу куллах тарлолаш.
7
Шайн корматаллех а, шайн бахамах а тешна шу Ӏийна дела, йийсаре кхочур ду шу. Шун дела волу Камош а гӀур ву йийсаре, шеца динан дай а, элий а буьгуш.
8
ХӀора гӀали чу хӀаллакдеш верг вогӀур ву, цу гӀаланех цхьа а йоха ца еш а юьсур яц. ТогӀеш а хӀаллакьхир ю, шера аренаш а яссалур ю. Дерриг а Везачу Эло ма-аллара хир ду.
9
Муабин къомана тӀемаш лойша, иза, тӀема а баьлла, дӀабахийта. Цуьнан гӀаланаш яссалур ю, хӀунда аьлча цу чохь Ӏен стаг хир вац».
10
(НеӀалт хир ду Везачу Элан лаам ледара кхочушбечунна! Иштта неӀалт хир ду шен туьре цӀий ца Ӏанадойтучунна а.)
11
Везачу Эло элира: «Муабин къам массо а хенахь паргӀат дара, йийсарехь а иза ца хиллера. Иза, чагӀар санна, хьаьъна лаьтташ дара, цхьана кеда чуьра вукху кеда чу а ца дуттуш. Цундела цуьнан чам а хьалхалера бара, цуьнан хьожа а хьалхалерниг яра.
12
Делахь а, кестта тӀейогӀур ю цхьа зама, — боху Везачу Эло, — Аса чагӀар дуттурш боуьйтур йолу. Ткъа цара Муабин къам, чагӀар санна, охьаӀанор ду. Цуьнан кедаш цара дассор ду, ткъа кхабанаш, кескаш яьхна, йохор ю.
13
ТӀаккха Муабин халкъ юьхьӀаьржачу хӀуттур ду Камош бахьана долуш, Исраилан тӀаьхье, Бетал-гӀалахь болчу цӀуйх а тешна, юьхьӀаьржачу хӀоттаре терра.
14
Шуьга муха алалур ду: „Тхо турпалхой ду, тӀом бан ницкъболу адамаш ду тхо“?
15
Бассалуш бу Муаби-мохк, цуьнан гӀаланаш а ю йогуш, цуьнан тоьлла кӀентий а бу хӀаллакьхуьлуш, — боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо. —
16
ТӀекхочуш ду Муабин къам хӀаллакьхилар, бохам цунна тӀекхача сихбелла.
17
Тийжар хӀоттаде цу къоман дуьхьа, цунна гонах мел Ӏаш долчу къаьмнаша а, цуьнан цӀе евзаш мел долчу халкъаша а. Ала: „Маржа-яӀ! Нуьцкъала къам дӀадаьлла, цуьнан сийлалла хӀинца дайна лаьтта“.
18
Дибонахь дехаш дерш, охьадисса шайн сийлаллин лакхенгара, лаьттарчу чена юккъе охьаховша. Муаби-мохк хӀаллакбийриг хьуна тӀелета, ткъа Цо шун массо а гӀепаш йохор ю.
19
ӀаруӀерахь дехаш долу адамаш, некъа йисте дӀа а хӀиттий, хьовса. ДӀауьдуш болчу божаршка а, кӀелхьарбовлуш болчу зударшка а хаттар де: „ХӀун хилла шуна?“
20
ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Муабин къам, хӀунда аьлча иза дохийна. Мохь бетташ, белхар де, Арнон-хин йистехула дӀахаийта Муабин къам хӀаллакдина хилар.
21
ТаӀзар дина шерачу аренашкахь йолчу гӀаланашна: Хьулон-гӀалина а, ЯхӀац-гӀалина а, МейпаӀат-гӀалина а,
22
иштта Дибон-гӀалина, Набу-гӀалина, Байт-Диблатаймна,
23
Кхиръятимна, Байт-Гамулна, Байт-МаӀунна,
24
Кхиръют-гӀалина, Бацарна — ерриг а Муаби-махкарчу уллорачу а, генарчу а гӀаланашна.
25
Муаби-мехкан ницкъ дӀабаьккхина, цуьнан куьг кагдина, — боху Везачу Эло.
26
Вахон малар мала Муабин къомо, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна. Иза шен Ӏетторашна юкъахь керчар ду, шех нах а бийлош.
27
Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цӀе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол?
28
Йита гӀаланаш, муабахой, тархашна юкъахь даха ховша. Хьеха чу воьдийла йолчохь шайн бенаш а дина, Ӏаш долу кхокхий санна хила.
29
Тхуна хезна Муабин кураллех лаьцна. Цуьнан куралла йоккха ю! Цо ша даздо, деза детта, шех дозалла до, ткъа цуьнан дог кураллех дуьзна ду.
30
Суна девза цуьнан дозалла дар, — боху Везачу Эло, — ткъа иза эрна ду. Цо мел дийриг лаьттар дац.
31
Со а ву Муаби бахьана долуш воьлхуш, цуьнан хӀора вахархочунна тийжаш ву Со. Кхир-Хьарасан бахархошна Со воьлхуш ву.
32
Со ЯӀзирерачу бахархошца цхьаьна тийжаш ву Сибмерачу кемсийн бошмех лаьцна. Ва кемсийн бошмаш, шун таьллангаш ЯӀзир-гӀалина уллорачу хӀордана тӀе кхаччалц Ӏохкуш яра. Ткъа хӀинца хӀаллакдийриг аш кхиийначу кемсашна тӀелетира.
33
Ирс а, синкъерам а дӀабаьлла Кармалахь а, Муаби-махкахь а. Ас совцийна муттдоккхургана чуьра охьаоьхуш йолу чагӀаран Ӏовраш, кхин хьошур яц кемсаш, самукъадаларца маьхьарий а детташ. Маьхьарий деттар ду, амма уьш синкъераме маьхьарий хир дац.
34
Доьлхуш ду Хьешбонера а, ЭлиӀалера а адам, церан белхар ЯхӀац-гӀала кхаччалц дӀахезаш ду, иштта ЦӀоӀар-гӀала дуьйна Хьоронайм-гӀала а, ӀагӀлат-Шалши а дӀахезаш ду иза. Нимраймара хи а дӀасецна.
35
Ас сацор ду, — боху Везачу Эло, — муабахоша шайн дезачу гунаш тӀехь сагӀанаш дахар а, шайн деланашна хаза хьожа йогӀу хӀума ягор а.
36
Иштта сан дог, шедаг санна, Муаби-къомах тийжаш ду. Сан дог Кхир-Хьарасан бахархошна доьлхуш ду, хӀунда аьлча церан массо а бахам хӀаллакьхилла.
37
ХӀораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тӀехь сингаттаман бедарш ю.
38
Муаби-махкарчу цӀенойн хӀора тхевнна тӀехь а, цуьнан майданашкахь а лаьтташ белхар ду, хӀунда аьлча Ас иза, ца оьшуш йолу пхьегӀа санна, хӀаллакбина, — боху Везачу Эло. —
39
Ма хӀаллакьхилла Муабин къам! Ма тийжаш ду иза! ЮьхьӀаьржачу а хӀоьттина, шен букъ берзийна цо! Массо а цунах кхаьрдар бу, ткъа цунна гонах мел долу къаьмнаш кхералур ду, цунна хилларг а гина».
40
Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тӀееанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Муаби-махкана тӀехула.
41
Цуьнан гӀаланаш а, гӀепаш а схьайохур ю, хӀора муабахочун дог цу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду.
42
Муабахой хӀаллакбийр бу, уьш кхин къам хир дац, хӀунда аьлча ша Везачу Элал а лекха хетара цунна.
43
Ӏадор а, ор а, гур а хир бу шуна, Муаби-мехкан бахархой, — боху Везачу Эло. —
44
Ӏадорах веддарг ор чу эккхар ву, ткъа ор чуьра хьалаваьлларг гуро лоцур ву, хӀунда аьлча Ас Муаби-махкана тӀе таӀзаран денош далор ду, — боху Везачу Эло. —
45
Хьешбон-гӀалин пенийн ӀиндагӀехь бевдда боьлхурш гӀо доцуш лаьтта, хӀунда аьлча Хьешбонера цӀе елира, ткъа Сихьон-паччахьан гӀалара алу марсаяьккхира. Цу цӀеро муабахойн бӀаьштигаш ягайо, оцу гӀовгӀа ечеран туьтанех цӀе летира.
46
Къа ду хьан, Муабин къам! Камош-харцделан халкъ, хьо хӀаллакьхилла! Хьан кӀентий кхечу махка дӀабигина бу, ткъа хьан зудабераш йийсаре дӀадигина ду.
47
Амма тӀаьххьарчу деношкахь Аса Муабин къоман аьтто юхаметтахӀоттор бу», — боху Везачу Эло. Муабина тӀехь кхел ярх лаьцна хааман чаккхе кхузахь ю.
← Chapter 47
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 49 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52