bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 13
Jeremiah 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 14 →
1
ХӀара ду Везачу Эло Соьга аьлларг: «ГӀой, хьайна дуткъачу кӀадих дина доьхка эца, хьайн гӀодаюкъах дӀа а дехкий, иза хих ларде».
2
Везачу Эло ма-аллара, доьхка а эцна, иза сайна дӀадихкира аса.
3
ШолгӀа а Везачу Элан дош кхечира соьга:
4
«Хьайн гӀодаюккъехь долу айхьа эцна долу доьхка схьа а эций, Эпрат-хин йисте гӀо. Цигахь тархашна юккъехь болчу кӀогана чохь къайладаккха».
5
Аса Эпрат-хи тӀе а вахана, Везачу Эло ма-аллара, сайн доьхка къайладаьккхира.
6
ТӀаьхьо Везачу Эло соьга элира: «Эпрат-хи тӀе а гӀой, Аса хьайга къайладаккхийтина долу доьхка схьаэца».
7
Аса, Эпрат-хи тӀе а вахана, сайн доьхка схьа а лехна, хьалха иза къайладаьккхинчу меттигера схьадаьккхира. Амма и доьхка лелон йиш йолуш дацара — иза телхина дӀадаьллера.
8
ТӀаккха соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
9
«Веза Эла волчу Аса иштта боху: Оццу тайпана Аса йохор ю ЯхӀудан куралла а, Ярушалайман йоккха куралла а.
10
ХӀара вон халкъ Сан дешнашка ладогӀарх дӀакъаьхкина. Уьш, шайн аьрхачу дегнаша бохург а деш, кхечу деланашна тӀаьхьахӀутту, царна Ӏамал а еш, суждане а оьхуш. Цундела и къам хӀокху доьхкарх терра хир ду — уьш цхьанна а хӀуманна пайденна боцуш бина дӀахӀиттор бу.
11
Адаман гӀодаюккъехь доьхка чӀогӀа дӀадехкаре терра, Аса Исраилан а, ЯхӀудан а ерриге а тӀаьхье Сайна чӀогӀа улло ялийнера, — боху Везачу Эло, — царах Сайн къам дархьама, уьш Сан сийлалла а, дозалла а, хазалла а хилла дӀахӀиттийтархьама. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира».
12
«Ярми-ЯхӀу, халкъе дӀаала: „Исраилан Везачу Дала боху: ‘ХӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила еза’. Ткъа цара хьоьга эр ду: ‘Тхуна ца хаьа те хӀора чагӀаран кхаба чагӀарх юьзна хила езийла?’“
13
ТӀаккха ахьа цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса ваххал чагӀарца вузор ву хӀора кху лаьтта тӀехь вехаш волу стаг — Даудан тӀаьхьенах болу паччахьаш а, динан дай а, пайхамарш а, иштта Ярушалаймехь вехаш мел волу стаг а.
14
Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш — кӀентий шайн дайшца цхьаьна, — боху Везачу Эло. — Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хӀаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“».
15
Ла а догӀий, тергам бе! Кура ма хила, хӀунда аьлча вистхуьлуш верг Веза Эла ву.
16
Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тӀебаийтале, маьркӀажехь долчу гунаш тӀехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Ӏаьржа бода бийр бу.
17
Нагахь аша Везачу Эле ла ца догӀахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бӀаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дӀадигна хиларна.
18
Везачу Эло соьга элира: «ДӀаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гӀанташна тӀера охьабисса, хӀунда аьлча церан кортошна тӀера сийлаллин таьжнаш охьаэгна.
19
НегӀаб олучу яьссачу арара йолу гӀаланаш дӀакъевлина ю, уьш схьаелла стаг а вац. ЯхӀудан дерриг а къам йийсаре дӀадуьгуш ду».
20
Хьажал Ярушалайм, хьайн бӀаьргаш дӀахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагӀий тӀебогӀуш бу! Ӏалашдан хьоьга дӀаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагӀий мичахь ду?
21
ХӀун эр ду ахьа, ахьа айхьа Ӏамийна болу бартхой Везачу Эло хьуна тӀехь хьаькамалла дан дӀахӀиттийча? Цундела лоцур юй те хьо лазарша, берах хьийзош йолу зуда санна?
22
Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХӀунда беана суна тӀе хӀара бала?» — аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттӀа ю, когаш берзина а бу.
23
Хийцалур дуй хушахочуьнга шен чкъор, я цӀоькъе дӀадахалур дуй шена тӀера томмагӀаш? Иштта вонаш дан Ӏемина долчу шуьга далур дуй дика хӀума?
24
Везачу Эло боху: «Аса дӀасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дӀасаяржош йолу кегаш санна.
25
Иштта кхаж баьлла хьан, Аса хьуна билгалбаьккхина кхоллам бу иза, — боху Везачу Эло, — Со виц а вина, харцделанех хьо тешна Ӏаш хиларна.
26
Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тӀе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дӀагайта.
27
Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тӀехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цӀушна Ӏамалъяр. Ма бала богӀур бу хьуна тӀе, Ярушалайм. Ма кестта цӀанъелла дӀахӀуттур яц хьо».
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52