bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 21
Jeremiah 21
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 22 →
1
Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус и волчу Малки-ЯхӀун кӀант Пашихьур а, иштта МаӀсей-ЯхӀун кӀант динан да волу Цапни-ЯхӀу а хӀара хабар эцна вахийтинчу хенахь:
2
«Дехар дехьа тхох лаций Везачу Эле, хӀунда аьлча бавелхойн паччахь волу Набухди-Нецар тхуна дуьхьал тӀом беш ву. Везачу Эло тхан дуьхьа, Ша хьалха ма-дарра, Ӏаламат дан там бу, Набухди-Нецар тхуна дуьхьал ваьллачуьра дӀа а волуьйтуш».
3
ТӀаккха Ярми-ЯхӀус цаьрга элира: «ЦӀадукъ-ЯхӀуга иштта дӀаала:
4
„Исраилан халкъан Везачу Дала боху: Шун карахь болу тӀемалой гӀалина го бинчу бавелхойн паччахьца а, хашадхошца а хӀинца гӀалин пенашна арахула тӀом беш бу. Амма Аса и тӀемалой гӀалин юккъе юхаберзор бу.
5
Аса-Айса бийр бу шуна дуьхьал тӀом, кховдийначу куьйгаца а, нуьцкъалчу пхьаьрсаца а, Сайн оьгӀазаллица а, дераллица а, чӀогӀачу моханца а.
6
Аса тухур ю Ярушалаймехь бехаш болчарна — адамашна а, бежанашна а. Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр бу уьш.
7
Цул тӀаьхьа, — боху Везачу Эло, — яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гӀалара Ӏожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кӀелхьардаьлла долу халкъ а дӀалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагӀашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хӀаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“.
8
Цу халкъе кхин а дӀаала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘ХӀинца Аса шуна дахарна тӀебоьду некъ а, Ӏожаллина тӀебоьду некъ а дӀакховдабо.
9
ХӀокху гӀалахь виснарг туьро, мацалло, я уьно хӀаллаквийр ву. Амма Ярушалаймера ара а ваьлла, гӀалина го бинчу хашадхойн каравахнарг дийна вуьсур ву. Цо шен дахар кӀелхьардаьккхина хир ду.
10
Аса сацам бина хӀокху гӀалина бохам баккха, Аса цунна диканиг дийр дац, — боху Везачу Эло. — Ярушалайм-гӀала бавелхойн паччахьан кара дӀалур ю, ткъа цо иза цӀергахь ягор ю’“».
11
ЯхӀудхойн паччахьан цӀийнах лаьцна Везачу Эло суна тӀедиллира иштта дӀаала аьлла: «Везачу Элера болчу хааме ладогӀа!
12
Даудан тӀаьхье! Везачу Эло иштта боху: хӀора дийнахь кхел е, гӀело хуьлуш верг цуьнан мостагӀчух кӀелхьар а воккхуш. Иза аша ца дахь, Сан дералла, цӀе санна, летар ю, аша лелош долу вониг бахьана долуш. Сан оьгӀазалла йогуш хир ю цхьаьнгге а дӀаяйалур йоцучу тайпана.
13
ТогӀин яхархо йолу Ярушалайм-гӀала, тӀапломахь лаьтта тарх, хьуна дуьхьал ваьлла Со, — боху Везачу Эло. — Аша боху: „Тхуна дуьхьал цхьа а вер вац, тхан дӀалечкъийла цхьаммо а дӀалоцур яц“.
14
Аша динчу гӀуллакхе хьаьжжина таӀзар а дийр ду шуна, — боху Везачу Эло. — Аса шун паччахьан цӀахь цӀе латор ю, цо гонах мел долу хӀума дагор ду».
← Chapter 20
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 22 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52