bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 17
Jeremiah 17
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 18 →
1
Везачу Эло боху: «ЯхӀудан халкъан къа аьчка уьрсаца дӀаяздина ду тӀулгах динчу нехан дегнашна тӀехь. Церан къа мокхазца хедийча санна ду сагӀа доккхучу кхерчийн маӀаш тӀехь.
2
Церан берашна массо а ханна дагаоьху шаьш кечйина йолу сагӀа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина болу шайн дечиган бӀогӀамаш а. Ма „хаза“ дӀахӀиттийна бу уьш баьццарчу дитташна уллохь а, лекхачу гунаш тӀехь а,
3
лаьмнаш тӀехь а, аренашкахь а! Шун хьал а, массо а хазнаш а Аса цхьа а мах боцуш мостагӀашна дӀалур ду. Иза массо а меттехь аша летийна къинош бахьана долуш хир ду.
4
Аса шу, мостагӀийн лолле дӀа а делла, шайна бевзаш боцучу махка дӀадохуьйтур ду, хӀунда аьлча аша Сан оьгӀазаллин цӀе самаяьккхина. И цӀе массо а ханна йогур йолуш ю».
5
Иштта боху Везачу Эло: «НеӀалт хир ду, кхечу стагах а тешаш, цунах шена гӀортор а йина, шен дог Везачу Элана уллора дӀадаьккхина лелаш волчунна.
6
Иза яьссачу аренгахь йолу колл санна хир ву. Диканиг хилча а, цунна иза гур дац. Яьссачу аренгара екъачу меттигашкахь а, адамаш ца дехачу лаьттахь а Ӏийр ву иза.
7
Декъала хир ву Везачу Элах тешаш верг а, шен тӀетовжа меттиг — Веза Эла ерг а.
8
И стаг, хин татол долчохь дӀадоьгӀна долчу, шен орамаш хина уллохь хецна долу дитт санна хир ву. Цунна ца хаало йовхо тӀееача. Цуьнан гӀа баьццара лаьтта. Иза йокъанах а ца кхоьру, шена тӀе стом ца латош а ца хуьлу.
9
Мекара ду адаман дог, чӀогӀа телхина а ду иза. Цунна чохь дерг цхьанна а ца хаьа.
10
Амма Веза Эла волу Со цуьнан даг чохь дерг хаа йиш йолуш ву, цуьнан тешар зен йиш йолуш а ву, цу нахана царна доггӀург дӀадалархьама».
11
Моша кхечу олхазарша дина долчу хӀоаш тӀе тевна даккха охьахоу. Иштта ву хьарам хьал гулдина волу стаг. Шен дахар юккъе даьлча, иза и хьал дита дезаш а хир ву, шен дахар чекхдолучу хенахь юьхьӀаьржачу а хӀуттур ву.
12
Далла лерина долу оха дина деза цӀа дуьххьара дуьйна хьалаайина йолу Ӏарш санна ду.
13
Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. Хьох дӀабевллачеран цӀераш эхарте дӀаязйина ю, хӀунда аьлча шайна цӀеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.
14
Дарба дехьа суна, Веза Эла, тӀаккха со толур вара. КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кӀелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг.
15
Цара соьга боху: «Мичахь ду Везачу Эло хир ду аьлларг? Цо аьлларг кхочушхуьлийла!»
16
Царна вониг дан Аса Хьо сихвина вацара, бохаман де тӀекхачаре сатесна а вацара. Хьуна иза хууш ма ду. Сан багара даьлла дош Хьуна хьалха дӀадиллина ма ду.
17
Ма хилахьа суна кхераме, де эшначу дийнахь Хьо сан тӀетовжийла ма ю.
18
ЮьхьӀаьржачу хӀиттабехьа сан мостагӀий, ткъа со юьхькӀайчохь хилийтахьа. Човхабехьа уьш, ткъа со паргӀат хилийтахьа. Царна тӀе бохаман де тӀедаийтахьа, уьш кхоччуш хӀаллакбехьа.
19
Везачу Эло соьга элира: «Ваха а гӀой, Ярушалаймерчу халкъан ков долчохь дӀахӀотта, яхӀудхойн паччахьаш чу-ара буьйлучу меттехь. Иштта Ярушалайман массо а кевнаш долчу кхача хьажа.
20
Цигарчу халкъе хаам бе: „ЛадогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахьаш а, ЯхӀуд-махкара дерриг халкъ а, гӀалин кевнийн неӀаршкахула чу мел богӀу Ярушалайман бахархой а!
21
Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоӀучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха.
22
Иштта шайн хӀусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тӀе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза.
23
Амма шун дайша Соьга ла ца дуьйгӀира, Со тергал а ца вира. Бухахьа а бевлла, Соьга ладогӀа а, Аса уьш нисбар а ца лаьара царна.
24
Нагахь санна аша Аса хӀинца бохучуьнга ла ца догӀахь, — боху Везачу Эло, — хӀокху гӀалин кевнашкахула шоьтан дийнахь мохь чу ца кхоьхьуш шу сацахь, и де аша цхьа а тайпана болх ца беш Суна лерина ца хилийтахь,
25
тӀаккха кху гӀалин кевнаш чухула Дауд-паччахьан тӀаьхьенах схьабевлла паччахьаш а, элий а Ярушалайман кевнах чекхбевр бу. Уьш а, церан тхьамданаш а шайн гӀудалкхаш тӀехь а, говрашна тӀехь а богӀур бу, ЯхӀудан халкъаца а, Ярушалайман бахархошца а цхьаьна. Ткъа Ярушалайм абаденналц лаьттар ю.
26
ЯхӀуд-махкарчу массо а гӀаланашкара а, Ярушалайм-гӀалина гонахарчу ярташкара а, Бен-Яманан тайпанан махкара а, малхбузерчу акъарера а, лаьмнашкара а, ЯхӀуд-мехкан къилбехьара а дийнаташ дагоран сагӀанаш, кӀен сагӀанаш, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн сагӀанаш, баркаллин сагӀанаш Делан цӀа долчу схьадахьар ду.
27
Нагахь санна шу, шоьтан дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула маххьаш чу а кхоьхьуш, и де Суна лерина а ца хуьлуьйтуш, аша Соьга ла ца догӀахь, Аса Ярушалайман кевнашкахь цӀе латор ю. Аса кху гӀалахь мел йолу гӀепаш ягийна дӀайохур ю, ткъа цхьаннен а иза дӀаяйа йиш хир яц’“».
← Chapter 16
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 18 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52