bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Jeremiah 34
Jeremiah 34
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 35 →
1
Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кӀел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тӀом беш долчу хенахь:
2
«Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гӀой, яхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀуга дӀаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дӀалур ю, тӀаккха цо иза цӀарца ягор ю.
3
Хьо а вер вац цуьнан куьйга кӀелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дӀалур ву, хьан бӀаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТӀаккха хьо Бавеле дӀавуьгур ву’.
4
Делахь а, ладогӀа Везачу Эло бохучуьнга, яхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац.
5
Хьо маьрша лийр ву. Хьол хьалха паччахьаллехь хилла болу хьайн дайн сийнна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягош ма-хиллара, дӀавуллучу хенахь хьан сийнна а изза дийр ду, ткъа хьуна тийжаш хир бу, ‹Маржа-яӀ, тхан паччахь!› бохуш. Цу тӀехь Ас дош ло хьуна’“», — боху Везачу Эло.
6
Ярми-ЯхӀус и хаам Ярушалаймехь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахье дӀаэлира.
7
Цу хенахь Бавелан паччахьан эскар Ярушалаймца а, ЯхӀуд-махкахь массо а схьалацаза йисинчу гӀаланашца а тӀом беш дара. ЯхӀуд-махкара чӀагӀйинчу гӀаланашна юкъахь схьалацаза Лахиш-гӀала а, Ӏазекхи-гӀала а бен ца йисинера.
8
Ярми-ЯхӀуга Везачу Элера хаам кхечира, ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо Ярушалайман массо а бахархошца, шайн леш паргӀатбохур бу аьлла, барт бинчул тӀаьхьа.
9
Массара а Ӏебархой болу божарех а, зударех а болу леш паргӀатбаха безаш бара. Цхьаннен а шайн къомах болу а, ЯхӀудан тайпанах болу а леш шайгахь сецо бакъо яцара.
10
Массо а баьччанаша а, дерриг а халкъо а шайгахь болу божарий-леш а, иштта зударий-леш а паргӀатбаха а, уьш кхин йийсарехь шайгахь латтор боцу а барт тӀеэцнера. И барт а бина, массара а шайн леш дӀахецнера.
11
Амма, ойла а йина, шаьш паргӀатбаьхна болу леш юхабало хӀиттинера уьш. Цара хьалха шайн леш хилла болу божарий а, зударий а юха а леш бина дӀахӀиттийнера.
12
ТӀаккха Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхӀуга:
13
«Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Шу Мисар-махкара лоллехь долчуьра арадаьхначу дийнахь Ас шун дайшца барт бира. Аса цаьрга аьллера:
14
‘ХӀора ворхӀалгӀа шо дӀа мосазза долу, шуна ша воьхкина волу шайн къомах волу Ӏебархо дӀахеца веза аша. Цуьнга шайна ялх шарахь болх байта, тӀаккха иза мукъаваккха’. Амма цара Соьга ла ца дуьйгӀира, цара Со тидаме а ца ийцира.
15
Аша хӀинцца, дохко а девлла, Суна нийса хеташ дерг леладора: аша хӀорраммо а шайн къомах волу лай паргӀатвер ву элира. Сан цӀе лелош долчу цӀийнан кертахь, Суна хьалха и хӀума кхочушдан аша барт а бира.
16
Амма хӀинца шайн дегнаш юха хийцира аша, Сан цӀе сийсаз а йоккхуш. Аша шайна луъучу дӀабаха паргӀатбаьхна болу божарех а, зударех а болу леш шайна юхабалийра, уьш юха а шайна муьтӀахь а бина“.
17
Цундела Везачу Эло боху: „Аша Соьга ла ца дуьйгӀира, шайн къомах болчарна паргӀато а луш. Цундела Аса паргӀато лур ю туьрана а, Ӏожаллин уьнна а, мацаллина а, — боху Везачу Эло, — шу дайъийтархьама. Аса шуна дечунна дуьненан массо а пачхьалкхаш Ӏадийна лаьттар ю.
18
Суна хьалха бина барт а бохийна, бертан тӀедожораш кхочуш ца диначаьрца Со иштта хир ву: барт чӀагӀбеш хадийна долчу а, шина эханна юккъехула шаьш девлла долчу а эсана диннарг царна а дийр ду Аса.
19
Цу эсанан шина эханна юккъехула бевлла болу ЯхӀуд-махкара а, Ярушалаймера а баьччанаш а, паччахьан кертара ялхой а, динан дай а, иштта дерриг халкъ а
20
уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀашка Аса дӀалур бу. Церан декъий стигаларчу олхазарийн а, лаьттарчу акхаройн а даар хилла дӀахӀуьттур ду.
21
Аса яхӀудхойн паччахь волу ЦӀадукъ-ЯхӀу а, цуьнан баьччанаш а уьш байа гӀерташ болчу церан мостагӀийн кара дӀалур бу. Аса уьш Бавелан паччахьан эскаран кара дӀалур бу, и эскар хӀинца шуьца тӀом беш долчуьра юхадаьллехь а.
22
Ас омра дийр ду, — боху Везачу Эло, — уьш и гӀала йолчу юхабахкийта. Цара, тӀе а летта, иза схьа а йоккхур ю, цӀарца ягор а ю. ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Аса яссор ю, цигахь цхьа а адам а хир дац дехаш“».
← Chapter 33
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 49
Chapter 50
Chapter 51
Chapter 52
Chapter 35 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48
49
50
51
52