bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 1
Ezekiel 1
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 2 →
1
Халкъан цхьа дакъа Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа, ткъе уьтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан пхоьалгӀачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхӀуд-махкара йийсаре дӀабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дӀаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хӀиттира.
2
Оццу беттан пхоьалгӀачу дийнахь (иза дара ЯхӀу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгӀачу шарахь),
3
соьга, динан да волчу Бузин кӀанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тӀе Везачу Элан ницкъ боьссира.
4
Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цӀаста санна йолу хӀума яра.
5
Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хӀума яра. ДӀахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра.
6
Делахь а цу хӀораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тӀам а бара.
7
Церан когаш нийса бара, ткъа коган кӀело аьттан берг санна яра, цӀандина цӀаста санна къегаш а яра.
8
Церан еа а агӀонашкахь долчу тӀемашна кӀелахь адамийн куьйгаш дара.
9
Деа дийнатан яххьаш а, тӀемаш а дара. Церан тӀемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дӀадуьйлалучу хенахь уьш, дӀаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агӀор дӀадахалора.
10
Церан хӀораннан а хьалхара юьхь — адаман юьхь яра, аьтто агӀорниг — лоьман юьхь яра, аьрру агӀор — стеран юьхь яра, ткъа хӀораннан а тӀехьара юьхь аьрзунан юьхь яра.
11
Церан шишша тӀам царна тӀехула дӀасабаржийна бара. ХӀораннан а шишша тӀам вукхуьнан тӀемех хьакхалуш бара. ХӀораннан а иштта кхин а шишша тӀам бара, цаьрца шайн догӀмаш къайладохура цара.
12
Уьш хӀорра муьлххачу а агӀор дӀадахалора. Шайн са дӀагӀертачу агӀор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дӀаса а ца доьрзуш.
13
Дийнатийн сибат, догуш долу кӀегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цӀе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра.
14
Ткъес санна, сиха дӀасалелаш дара и дийнаташ.
15
Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агӀонна уллохь.
16
ХӀора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тӀулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.
17
И чкъургаш дӀайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агӀонгахьа дӀайигалора цаьрга. Чкъургаш дӀаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дӀадоьлхура.
18
Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара — уьш массо а бӀаьргех дуьззина дара.
19
И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дӀаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора.
20
Дийнаташ шайн сино дӀаюьгучу метте дӀадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дӀайоьлхура цаьрца нийсса, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.
21
И дийнаташ дӀадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дӀайоьлхура, уьш сецча — совцура, уьш лаьтта тӀехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хӀунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.
22
Церан кортош тӀехула нартол санна йолу хӀума яра, ша санна цӀена исбаьхьа лепаш а йолуш.
23
Цу нартол бухахь дӀасадахийтина церан тӀемаш дара, хӀораннан а тӀам вукхуьнан тӀомах кхеташ. Ши тӀам царна тӀехула дӀабоьдуш бара, ткъа вукху шина тӀомо церан дегӀ дӀахьулдора.
24
Уьш дӀадоьлхучу хенахь суна церан тӀемийн гӀовгӀа хезара. Церан тӀемаша, дӀадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гӀовгӀа йоккхура. И гӀовгӀа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гӀовгӀа санна хеталора. И дийнаташ дӀадоьлхучуьра совццушехь, тӀемаш церан агӀонашна тӀедуьжура.
25
Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тӀемаш охьадахийтича, церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехулара аз схьахезара.
26
Церан кортошна тӀехуларчу нартолна тӀехула саппир олучу безачу тӀулгах йинчу Ӏаршах тера хӀума яра. Цу тӀехь адаман сибатехь волу цхьаъ Ӏаш волуш санна хетара.
27
Суна гира гӀодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цӀеран алу санна, иза лепачу цӀастанах тера хилар. Ткъа гӀодаюкъана охьа а цӀе летта лепаш санна йолу хӀума гира суна.
28
ДогӀа догӀучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаӀад санна, серло яра цунна гонах йогуш.
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 2 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48