bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 29
Ezekiel 29
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 30 →
1
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа уьтталгӀачу шеран уьтталгӀачу беттан шуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна дуьхьал вист а хилий, цунна а, берриг а Мисар-махкана а дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
3
Иштта ала: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун, Со хьуна дуьхьал ву, хьо боккха саьрмик санна ву, хьан Нил-хин гаьннашна юкъахь Ӏуьллуш болу. Ахь боху: ‹ХӀара Нил-хи сан ду, иза аса кхоьллина а ду›.
4
Амма Аса хьан мочхалех мӀара а тесна, хьан пелагашна тӀе хьан хиш чуьра чӀерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тӀелеттачу чӀерашца цхьаьна.
5
Ас хьо яьссачу аренгахь охьакхуссур бу, хьо а, хьан хиш чуьра берриг а чӀара а. Хьо даьссачу кха тӀе охьабужур бу, цхьаммо а хьуна гӀо а дийр дац. Ас хьо лаьттахь лелачу акхарошний, стигаларчу олхазаршний дӀалур бу, цаьрга баийта.
6
ТӀаккха хуур ду берриг а Мисар-махкахь бехаш болчарна, Со Веза Эла вуйла. Исраилан халкъо хьоьгара, Мисар-махкара, гӀо лехча, хьо, эрз санна, ледара гӀортор ма яра.
7
Цара хьо шайн куьйгашца схьалаьцча, хьо бекъабелла дӀабелира, церан ерриг а белшех кӀохцалш а дохуьйтуш. Уьш хьох шайна гӀортор ян хӀиттича, ахьа, каг а белла, церан берриг а букъ лазийра’.
8
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Ас хьуна тӀе тур хьалаойур ду, хьан адамаш а, дийнаташ а хӀаллак а деш.
9
Бассалур бу Мисар-мохк, тӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. ‹ХӀара Нил-хи сан ду, хӀара ас кхоьллина а ду› ахь алар бахьана долуш,
10
Со хьуна а, хьан хишна а дуьхьалваьлла. Ас бассор бу Мисар-мохк Мигдолара дуьйна Савейнина тӀе кхаччалц а, цигара Хушин дозанна тӀе кхаччалц а.
11
Мисар-махкахула я адаман, я дийнатан ког а ловзур бац. Шовзткъа шарахь цигахь цхьа а стаг хир вац вехаш.
12
Даьссачу латтанашна юкъахь уггар баьсса мохк бина дӀахӀоттор бу Ас Мисар-мохк. Шовзткъа шарахь цуьнан гӀаланаш йохийначу гӀаланашна юкъахь хир ю. Аса дӀасабаржор бу мисархой кхечу къаьмнашкахула а, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу’.
13
Хьалдолчу Эло иштта боху: ‘Шовзткъа шо дӀадаьлча, Ас схьагулбийр бу мисархой кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржийначуьра.
14
Ас юхабалор бу мисархойн йийсархой, уьш схьабевлла долчу ПатӀрусан лаьтта тӀе схьабалор бу Ас уьш, амма церан пачхьалкх кхин чӀагӀъелла дӀахӀуттур яц.
15
Иза кхечу пачхьалкхашна юкъахь уггар гӀийла пачхьалкх хилла лаьттар ю, кхин цкъа а кхечу пачхьалкхел лакха а ер яц. Ас кӀеззиг бийр бу уьш, кхин цкъа а кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалла а деш дӀа ца хӀиттийта.
16
Исраил-мохк кхин цкъа а хир бац Мисар-махках бозуш. Цунна дагахь лаьттар ду ша Деле гӀо а ца доьхуш, Мисар-махке гӀо а дехна, латийна долу къинош. ТӀаккха хуур ду царна Со Хьалдолу Эла вуйла’“».
17
Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа ткъе ворхӀалгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
18
«Адаман кӀант! Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара шен эскар гӀелдина, Цора-гӀалина дуьхьал цаьрга тӀом а бойтуш. Массо а тӀемалойн месаш тилла дӀаевлла, церан белшаш лахъелла, амма царна хӀумма а ца делла цара бинчу балхана дуьхьал».
19
Цундела Хьалдолчу Эло боху: «Ас Мисар-махкара латтанаш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна дӀалур ду, цуьнга мисархойн лаьтта тӀехь талораш а дайтина, церан бахам шен тӀемалошна, алапа санна, дӀабалийта.
20
Ас царна мисархойн латта цара бинчу балхана дуьхьал совгӀатна дӀалуш ду, хӀунда аьлча цара Сан дуьхьа бина и болх». Иштта элира Хьалдолчу Эло.
21
«Цу дийнахь Ас Исраилан халкъана цуьнан ницкъ юхаберзор бу. Ткъа хьо, Яхьазкхиал, Ас цаьрга маьрша вистхуьлуьйтур ву. ТӀаккха царна хуур ду Со Веза Эла вуйла».
← Chapter 28
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 30 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48