bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 13
Ezekiel 13
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 14 →
1
Соьга Везачу Элера дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Соьгара хаам бе Исраилан халкъан хӀинца пайхамаралла деш болчу харцпайхамаршка. Шайн дегнашкара харцпайхамаралла деш болчаьрга иштта ала: „ЛадогӀа Везачу Элера болчу хааме!“
3
Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тӀаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хӀума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн.
4
Хьан пайхамарш, Исраилан халкъ, къапалгашна юкъахь уьдуш лела чангӀалкхаш санна бу.
5
Шу дӀа ца хӀиттина гӀалин пенан йохийначу меттигашна улло, Исраилан халкъан дуьхьа уьш тоярхьама, Везачу Элан дийнахь тӀом бечу хенахь гӀалин пен латтийтархьама.
6
Царна даьсса суьрташ а го, цара харцахьа пал а туьйсу. Цара боху: ‘Везачу Эло иштта олу’, Везачу Эло шаьш нахана тӀе бахийтина боццушехь. Мелхо а, шаьш аьлла дош кхочушхиларе хьоьжу уьш!
7
Даьсса суьрташ-м ца гина те шуна, иштта харцахьа пал-м ца тийсина те аша, ‘Везачу Эло иштта боху’ а олуш, Аса хӀумма а аьлла доццушехь?“
8
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: „Соьгара ду бохуш, аша нахана дийцинарг даьсса хиларна а, шун суьрташ харц хиларна а, Со шуна дуьхьалваьлла.
9
Шайна даьсса суьрташ гуш болчу а, харцахьа пал туьйсуш болчу а пайхамаршна таӀзар дан Сайн куьг хьалаайина Аса. Сан къоман кхеташонехь уьш кхин хир бац, церан цӀераш Исраилан халкъана юкъахь дӀаязйина хир яц, уьш цкъа а Исраил-махка юха а богӀур бац. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла.
10
Иза иштта билггал хир ду, хӀунда аьлча цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар боццушехь. Халкъо ледара пен боьттича санна хуьлу, ткъа пайхамарша цу пенна тӀе кир тоьхча санна хуьлу.
11
Цу пенна тӀе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дӀахаийта. ЧӀогӀа догӀа а догӀур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тӀе а хьокхур бу.
12
И пен охьабоьжча, халкъо хоттур ду пайхамаршка: ‘ХӀун хилла аша цу пенна тӀе тоьхначу кирах?’“
13
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аса Сайн дераллица буьрса мох бохуьйтур бу, Сайн оьгӀазаллица чӀогӀа догӀа а доуьйтур ду, Ас къора а тухуьйтур ю, дераллица массо хӀума а хӀаллакдархьама.
14
Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тӀекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кӀелахь шу хӀаллакьхир ду. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
15
Ас Сайн оьгӀазалла цу пенна а, цунна тӀе кир тоьхначарна а тӀеерзор ю. ТӀаккха Ас эр ду шуьга: ‘Пен кхин бац, иштта цунна тӀе кир тоьхнарш а бац —
16
машар боццушехь, Ярушалаймана машар бу бохуш, пайхамаралла дина болу Исраилан халкъан пайхамарш’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
17
Везачу Эло боху: «Адаман кӀант, Соьгара хаамаш беш боцучу, ткъа шайна дага доггӀург дуьйцуш болчу Исраилан халкъан зударшна дуьхьал вистхила. Царна дуьхьал Соьгара болу хаам бе.
18
Ахьа ала деза: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Декъаза бу Сан халкъан синош лоьцуш болу зударий! Церан куьйгашна аша холмачалла лелон бехчалгаш а тоьгу, церан шерашка хьаьжжина, аша холмачаллин йовлакхаш а до, церан синош лецархьама! Сан халкъан синош а лоьцуш, шайн синош кӀелхьардахалур ду моьтту те шуна?
19
Аша Со Сан халкъана хьалха сийсазвоху мекхан канин а, баьпкан юьхкан а дуьхьа. Аша Сан халкъе харцдерг дуьйцу, царна и харцдерг деза а делла. Ца лийр берш байа лаьа шуна, ткъа бехар боцурш дийна бита лаьа’“.
20
Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса шуьга боху: „Аша, олхазарш санна, нах лоьцу холмачаллин бехчалгаш чӀогӀа ца еза Суна. Шун куьйгашкара уьш дӀайохур ю Аса, ткъа адамаш паргӀатдевр ду, речӀанна чуьра арадовлу олхазарш санна.
21
Аса этӀор ду шун холмачаллин йовлакхаш, Сан халкъ шун карара схьа а доккхуш. Уьш кхин хир бац шун карахь ижу санна. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
22
Шаьш дуьйцу харцдерг бахьана долуш, Сан лаамехь болчеран дегнаш дохадо аша, Суна уьш гӀайгӀанехь хила ца луъушехь а. Харцдерг лелош берш шайн харцнекъа тӀера дӀа ца бовлар аша къобал ма дора, и дарца цара шайн синош кӀелхьардаха тарлуш хилахь а.
23
Цундела шуна кхин гур дац даьсса суьрташ, иштта аша кхин пал а туьйсур бац. Ас шун карара кӀелхьардоккхур ду Сайн халкъ. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».
← Chapter 12
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 14 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48