bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 23
Ezekiel 23
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 24 →
1
Везачу Элан дош кхечира соьга:
2
«Адаман кӀант! Цкъа ши зуда хилла — цхьана ненан ши йоӀ.
3
Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏийдина.
4
Йоккхаха йолчун цӀе УхӀулат яра, жимаха йолчун — УхӀулибат. И йижарий Сан бара, цара Суна кӀентий а, зудабераш а дора. УхӀулат — иза Шамран-гӀала ю, ткъа УхӀулибат — иза Ярушалайм-гӀала ю.
5
5-6 УхӀулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тӀемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу.
6
***
7
ТӀаккха иза берриг а оцу къоначу кӀенташца лела йолаелира, ткъа уьш Ашур-махкара уггар тоьлла кегий нах бара. Боьхачу лаамех а юьзна, ша мел лелла цӀуш бахьана долуш, ша Далла хьалха бехйира цо.
8
Мисар-махкахь йолуш ша долийна долу нахаца лелар ца дитира цо. Иза къона йолчу хенахь божарий буьйшура цуьнца, цуьнан куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдура цара, шайн хьайна хилар цунна тӀе а дассадора.
9
ТӀаккха Аса иза шен безаргийн кара дӀаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дӀа а елира.
10
Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кӀентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таӀзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура.
11
Цуьнан жимаха йолу йиша УхӀулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чӀогӀа гена даьллера, иза шен йишел а чӀогӀа нахаца лелаш яра.
12
Иза ашурхошца — мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тӀемалошца а, говза дошлошца а — лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара.
13
Суна гира, цо а ша Суна хьалха бехйина хилар. ШолгӀа йиша а хьалхарчун некъа яьллера.
14
УхӀулибатан Суна тешаме цахилар кхин а генадаьллера. Шена пенаш тӀехь басаршца дехкина цӀен духар дуьйхина хашадхойн божарийн суьрташ гича, цо шен нахаца лелар кхин а алсамдаьккхира.
15
Хашадхоша гӀодаюккъехь доьхкарш леладора, церан кортош тӀе техкина хаза чалбанаш яра. Уьш берриш а, тӀехьаьжча, лакхарчу даржехь болчу тӀеман хьаькамех тера бара, Хашад-махкахь бина болчу бавелхойн элех тера а болуш.
16
УхӀулибат цаьрца, цкъа дӀахьожжушехь, массаьрца а лела марзъелла. Цо бавелхой болчу шен геланчаш бахийтира.
17
Ткъа уьш, схьа а баьхкина, УхӀулибатан меттахь цуьнца дӀабийшира. Шайн боьха леларца цара иза Далла хьалха бехйира. Иштта ша бехйича, иза шен безаргех, дог а даьлла, дӀайирзира.
18
УхӀулибата цхьаннах а хьул ца дора шен нахаца лелар, цо шен дегӀ божаршна дӀаделира. ТӀаккха Со цунах дӀавирзира, цуьнан йишех ма-верззара.
19
Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош.
20
Виран санна, дегӀ долчу а, бокъий санна хьайна болчу а шен безаргашца леларан лаамех юьзна яра иза.
21
УхӀулибат, хьуна дагаеана хьо къона хилла йолу зама, Мисар-махкахь хьан везарго хьайн накхойх куьйгаш а Ӏуьттуш, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Ӏуьйдуш хилла йолу зама».
22
Цундела, УхӀулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кӀордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьӀӀера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тӀаккха цара хьуна го бийр бу.
23
Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуӀагара а, КхуӀагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тӀеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу.
24
Уьш хьуна тӀелетар бу герзашца а, гӀудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гӀемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дӀалур ю, цаьрга хьуна тӀехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Ӏадаташка хьаьжжина, хьуна таӀзар дийр ду.
25
Сайн эмгаралла Ас хьуна дуьхьал йоккхур ю, уьш, оьгӀаз а бахана, хьуна дуьхьал бевр бу, цара хьан мара а, лергаш а дохур ду, ткъа хьох тӀаьхьадиснарг туьро хӀаллакдийр ду. Цул тӀаьхьа цара хьоьгара кӀентий а, зудабераш а схьадохур ду, ткъа диснарг цӀарца дагор ду.
26
Цара хьан хаза духар а, жовхӀарш а дӀадохур ду.
27
Ас сацор ду хьан боьха лелар а, хьан нахаца лелар а, ахь Мисар-махкахь долийна долу. Хьо оцу леларе кхин цкъа а лаамца хьоьжур яц, ткъа Мисар-мохк дагабогӀур а бац хьуна».
28
Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХӀинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дӀалуш ю, хьан дог шайх дӀадирзинчеран кара.
29
Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дӀа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьӀаьржачу а хӀоттош.
30
И дерриг а хьуна дийр ду, хӀунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цӀушна Ӏамалъярехула хьо бех а еш.
31
Хьо хьайн йишас дӀакхехьначу некъа тӀе елира. Цундела Ас хьоьга дӀалур бу цуьнан таӀзаран кад».
32
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьайн йишин кад ахьа дӀамер бу. Иза кӀорга а, шуьйра а бу. Массо а хьох кхордуьйту цо. И кад буьззина ма бу!
33
Хьо ехна а хир ю, цо гӀайгӀанех юзур а ю хьо. ХӀаллакьхиларан, Ӏожаллин кад хьан йиша йолчу Шамран-гӀалин ма бу.
34
И кад ахьа дӀамер бу берриг а, ткъа иза кагбелча, цуьнан аьхкашна тӀе мотт хьоькхур бу ахьа, хьайн накхош а схьадохур ду ахьа. И иштта хир ду, иза Ас, Хьалдолчу Эло, аьлла дела».
35
Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а».
36
Везачу Эло соьга элира: «Хьо кийча вуй УхӀулатна а, УхӀулибатна а кхел ян? Цара лелийна мел долу дегазчу хӀуманех лаций дӀаала цаьрга.
37
Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тӀехь нехан цӀий ду. Шайн цӀушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кӀентий а цара, цӀерах чекх а бохуьйтуш, цӀушна кхачанна дӀалора.
38
Суна дуьхьал а бовлуш, кхин а иштта хӀуманаш дора цара: оццу хенахь цара Сан еза меттиг бех а йора, Суна лерина шоьтан денош сийсаз а дохура.
39
Шайн бераш шайн цӀушна сагӀина даьхьначу дийнахь, цара Сан еза меттиг, чу а бовлий, сийсазйоккхура. Иштта лелара уьш Сан цӀа чохь.
40
Иза дина а ца Ӏаш, цара кхечу мехкашкара баьхкинчу нахана тӀаьхьа шайн геланчаш бохуьйтура. Уьш схьабаьхкича, хьо, хьайн юьхь а юьлий, бӀаьргашна басар а хьокхий, хьайна тӀе жовхӀарш а духий, дӀахӀуттура.
41
ТӀаккха шу хаза кечбинчу метта довлура. Цу метта хьалхахь лаьтташ хаза кечйина стол а хуьлура, цунна тӀехь лаьтташ Сан хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, Сан даьтта а долуш.
42
Хьан цӀенна чуьра хезаш хуьлура тойне гулъеллачу тобанан гӀовгӀа. Оцу тойне схьабалабора яьссачу аренгара мелла болу нах. Цара зударшна хаза хӀазарш а, исбаьхьа таьжнаш а лора.
43
ТӀаккха Аса элира: „Нахаца а лелаш, ямартло еш йолу и зуда гӀелъеллехь а, цуьнца божарша кхахьпалла леладо“.
44
Божарий юх-юха а иза йолчу оьхура, кхахьпа долчу санна. Иштта боьха лелаш йолчу УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀеоьхура уьш.
45
Амма бакъахьа лелаш болчу божарша царна бехк буьллур бу. Цара кхел йийр ю царна, нахаца лелаш а, цӀий Ӏенош а болчу зударшна санна, хӀунда аьлча уьш нахаца лелаш а бу, церан куьйгаш цӀийх дуьзна а ду».
46
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Схьагулъе адамийн тоба, цаьрга УхӀулатна а, УхӀулибатна а тӀехь ницкъ байта а, къола дайта а.
47
Цул тӀаьхьа гулбеллачеран тобано царна тӀе тӀулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кӀентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цӀенош а дохор ду.
48
Ас иштта сацор ду кху махкахь боьха лелар, кхиболчу массо а зударшна хӀара хӀума дӀахьедар а деш, уьш нахаца ца лелийтархьама.
49
Шуна таӀзар дийр ду шун боьха лелар бахьана долуш, иштта цӀушна Ӏамал а еш, аша летийначу къиношна жоп дала дезаш а ду шу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла».
← Chapter 22
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 24 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48