bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 41
Ezekiel 41
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 42 →
1
Цул тӀаьхьа цо, со Делан цӀийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гӀортораш юьстира. Церан хӀора а агӀонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира — иштта яра хӀора пенийн гӀорторийн шоралла.
2
Чуволу меттиг итт дол шуьйра яра, цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш пхиппа дол яра. Еза чоь йохалла шовзткъа дол яра, ткъа шоралла — ткъа дол яра.
3
ТӀаккха, чухуларчу чоьнна чу а ваьлла, чуволучун пенийн гӀортораш юьстира цо. Церан хӀораннан а шоралла ши дол яра. Чуволучун шоралла ялх дол яра, ткъа цуьнан шина агӀонгахь йолу пенийн гӀортораш ворхӀ-ворхӀ дол яра.
4
Цул тӀаьхьа цо ерриг а чоь юьстира. Иза йохалла ткъа дол яра, оццул шуьйра а яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара меттиг уггар еза чоь ю».
5
Цо Делан цӀийнан пен буьстича, иза ялх дол хилира, ткъа цу цӀийнан агӀонашкахь йолу чоьнаш юьстича, церан шоралла диъ дол хилира.
6
Делан цӀенна тӀехоьттина кхаа гӀота тӀехь агӀонгара чоьнаш ткъе итт-итт яра. Делан цӀенна гонах долчу оганна тӀехь терхеш яра, агӀонийн чоьнийн тӀеш царна тӀедахкархьама, и тӀеш Делан цӀийнан оганашна чу а ца диссош.
7
ХӀора лакхарчу гӀотан агӀор чоьнаш шорлуш яра, хӀунда аьлча Делан цӀенна гонах долу ога лаха мел дели шорлуш дара. Иштта, Делан цӀийнан шоралла цхьана гӀота тӀера вукху гӀота тӀе кхаччалц хийцалора. Лахарчу гӀота тӀера лакхарчу гӀота тӀе юккъерачу гӀота тӀе а волий, хьалавалалора.
8
Суна гира, дерриг а Делан цӀенна гонах хьалабоьттина бух бара. Иза агӀонашкахь йолчу чоьнашна лерина бара. Цуьнан локхалла цхьана гӀожан барамехь яра, ялх дол а йолуш.
9
ЦӀийнан агӀонашкара йолчу чоьнийн пенаш пхи дол шуьйра дара. Цу чоьнашна а,
10
Делан цӀенна гонах йолчу чоьнашна а юкъахь ткъа дол хиллал меттиг яра.
11
АгӀонгарчу чоьнашна чуволу меттигаш яьссачу меттигна тӀейоьдура. Чуволу цхьа меттиг къилбаседехьа яра, важа — къилбехьа яра. Пхеа даларна агӀорчу чоьнийн бух яьссачу меттигна чубогӀура, дерриг а Делан цӀенна гонах.
12
Малхбузехьа йолчу Делан цӀийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гӀишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гӀишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра.
13
Цул тӀаьхьа цо Делан цӀа дуьстича, иза дохалла бӀе дол дара, ткъа шена тӀехь и гӀишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бӀе дол яра.
14
Делан цӀенна хьалха малхбалера майда юьстича, иза а шоралла бӀе дол яра.
15
Делан цӀенна тӀехьа йолчу майданна дуьхьал лаьтташ йолчу гӀишлойн йохалла, цуьнан шина а агӀонгахь йолчу чоьнашца цхьаьна, юьстира цо. Иза а бӀе дол хилира. Делан цӀийнан йоккха чоь а, чухулара чоь а, уче а,
16
неӀсагӀанаш а, дӀакъевлина кораш а, кхаа гӀота тӀехь агӀонашкара чоьнаш а — неӀсагӀина дуьхьал мел йолу хӀума дечиган турсашца кхелина яра. И турсаш дара лаьтта тӀера корашна тӀе кхаччалц. Кораш а дӀакъевлина дара дечигаца.
17
Иштта, чухуларчу чоьнна чуволу меттигна тӀехула а дечиган турсаш дара. Гобаьккхина массо а пенаш тӀехь, чохь а, арахь а, билгалъяьхначу меттигашкахь,
18
каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара дехкина. ХӀора хурма-дитт шина каруб-маликана юккъехь дара, хӀора каруб-маликан шишша юьхь яра.
19
Цхьана агӀонгара хурма-диттана тӀе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агӀонгара — лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цӀийнахь массанхьа а дехкина дара.
20
Лаьттара дуьйна чуволучунна тӀехула йолчу меттигна тӀе кхаччалц каруб-маликаш а, хурма-дитташ а дара. Уьш иштта Делан цӀийнан пенашна тӀехула дехкина а дара.
21
Делан цӀийнан йоккхачу чоьнна чуволучохь болу гур беакӀов бара. Уггар езачу чоьнна хьалха цхьа хӀума яра лаьтташ. ДӀахьаьжча,
22
иза дечигах бинчу сагӀа доккхучу кхерчах тера яра. И кхерч кхо дол лекха а, ши дол шуьйра а бара. Цуьнан маьӀигаш а, бух а, агӀонаш а дечигах йина яра. Цу стага соьга элира: «ХӀара Везачу Элана хьалха лаьтташ йолу стол ю».
23
Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан а, уггар езачу чоьнан а шишша неӀ яра.
24
И неӀарш шишша дакъа долуш яра, хӀора дакъа меттахдаккха йиш йолуш дара. Шиъ цхьана агӀор, ткъа важа шиъ — вукху агӀор.
25
Делан цӀийнан йоккхачу чоьнан неӀарш тӀехь дехкина, пенаш тӀехь дерш санна долу, каруб-маликийн а, хурма-диттийн а суьрташ дара. Ткъа ученна хьалха дечигах йина лаба яра.
26
ДӀакъевлина кораш а, дехкина хурма-диттийн суьрташ а дара шинна а агӀор — ученан а, агӀонашкарчу чоьнийн а, лабанийн а агӀонашкахь.
← Chapter 40
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 42 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48