bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 7
Ezekiel 7
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 8 →
1
ТӀаккха со волчу Везачу Элан дош кхечира:
2
«ХӀинца, адаман кӀант, хӀара бу хьуна Хьалдолу Эла волчу Соьгара Исраил-мехкан халкъана лерина болу хаам: тӀекхаьчна чаккхе. Берриг а мехкан еа а маьӀӀе кхаччалц тӀекхаьчна чаккхе.
3
Исраилхой, шуна чаккхе тӀекхаьчна. Сайн оьгӀазалла охьаӀанор ю ас шуна тӀе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
4
Ас къинхетам бийр бац шух, кхоор дац шу. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла».
5
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Бохамна тӀаьхьахӀоьттина богӀуш бохам бу!
6
ТӀекхочуш ю чаккхе! Улло кхаьчна чаккхе. Иза кестта шу долчохь хир ю. Иза хӀинцале а тӀекхаьчна.
7
Исраил-махкахь Ӏаш берш, бохаман рагӀ шуна тӀекхаьчна. Дог доьхначеран зама тӀекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гӀовгӀа ца хеза де.
8
Кестта Аса шуна тӀе охьаӀанор ю Сайн дералла, ткъа Сан оьгӀазалла шуьга кхочур ю. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, Ас бекхам а бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
9
Шух къинхетам а бийр бац, шу кхоор а дац Аса. Аша лелийначунна а, шун дегазчу гӀуллакхашна а бекхам бийр бу Аса шуна. ТӀаккха хуур ду шуна, таӀзар Дийриг Веза Эла волу Со вуйла.
10
ТӀекхаьчна и де! ТӀекхаьчна карзахдаларан зама! Бохаман рагӀ тӀекхаьчна. Харцоно заза даьккхина, куралла хьалакхиъна.
11
ГӀелоно харцо кхиайо. Царах цхьа а вуьсур вац. Цхьа а хӀума дуьсур дац оцу тобанах а, церан бахамах а, церан сийлаллех а.
12
ТӀекхаьчна зама, тӀедеана къематде. ХӀума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хӀума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду.
13
ХӀума йоьхкинарг ша доьхкинчу лаьтта тӀе юхавоьрзур вац, иза а, хӀума эцнарг а дийна волчу хенахь, хӀунда аьлча хӀокху суьртехь хӀоьттинарг массарна а ду, ткъа иза юха ца доьрзуш ду. Шайн къинош бахьана долуш царах цхьаьнгге а шайн дахар кӀелхьара а даккхалур дац.
14
Цара коьман маӀа локхур ю, уьш тӀамана а кечлур бу, амма царах цхьа а тӀамтӀе а гӀур вац, хӀунда аьлча Сан оьгӀазвахар массарна а ду».
15
«Карахь тарраш долу мостагӀий гӀалина арахь бу, ткъа Ӏожаллин ун а, мацалла а гӀалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гӀалина чоьхьа берш мацалло а, Ӏожаллин уьно а хӀаллакбийр бу.
16
Ткъа биснарш, лаьмнашка дӀа а бахана, цигахь хир бу, тогӀешкара къаьхкина кхокхий санна. Шаьш летийна къинош бахьана долуш, цара узарш дийр ду.
17
Массеран а куьйгаш охьадахана хир ду, ткъа церан когийн голаш, хи санна, егош хир ю.
18
Цара шайна тӀе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хӀораннан а юьхь тӀехь юьхьӀаьржачу хӀоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду.
19
Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хӀума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кӀезиг гӀо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хӀуманашка церан мацалла а дӀаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хӀунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна.
20
Шайн дашочу а, даточу а хӀуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хӀуманех шайн дегаза а, ирча а цӀуш бора, цундела Аса оцу хӀуманех царна дегаза хеташ долу хӀума дийр ду.
21
Ас и хӀуманаш хӀонс санна хийрачу нехан кара дӀалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду.
22
Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цӀа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.
23
Дейша буржалш, хӀунда аьлча цӀий Ӏанош болчарах буьзна бу хӀара мохк, гӀело ечарах юьзна ю хӀара гӀала.
24
Аса кхечу къаьмнех уггар къиза халкъаш схьадалор ду кхуза, цара Исраил-махкара цӀенош дӀалоцур ду. Ас йохор ю ницкъболчеран куралла, иштта церан еза меттигаш а сийсазйохур ю оцу халкъаша.
25
Къемат хӀуттур ду Сан халкъана тӀе. Цара машар лохур бу, амма иза царна карор бац.
26
Цхьа сингаттам дӀабалале важа сингаттам схьакхочур бу, цхьа ирча кхаъ схьакхаьчна балале важа а кхочур бу. Цара пайхамаршка хоьттур ду, амма царна суьрташ хӀуьттур дац. Динан дайшка нахана товрат Ӏамалур дац, къаношка царна хьехам а балур бац.
27
Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тӀе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дӀалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла».
← Chapter 6
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 8 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48