bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 6
Ezekiel 6
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 7 →
1
Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
2
«Адаман кӀант! Исраил-махкарчу лаьмнашна дуьхьал вистхилий, Делера болу хаам бе цаьрга.
3
Цаьрга ала: „Исраил-махкара лаьмнаш! ЛадогӀа Хьалдолчу Элера долчу даше. Лаьмнашка а, гунашка а, боьранашка а, тогӀешка а Хьалдолчу Эло боху: Шуна тӀе тур хьажор ду, шун сагӀа доккху гунаш дохорхьама.
4
Шун сагӀа доккху меттигаш яссийна хир ю, ткъа хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш хӀаллакйина хир ю. Байъиначеран декъий Ас шун цӀушна хьалха охьакхуьссур ду.
5
Исраилхойн декъий Ас церан цӀушна хьалха охьадохкур ду, ткъа шун даьӀахкаш шун сагӀа доккхучу меттигашна гонах охьакхуьссур ю.
6
Шу дехаш йолу массо а гӀала яссийна хир ю, шун сагӀа доккху гунаш дохор ду, иштта шун сагӀа доккху меттигаш яссийна а, йохийна а хир ю, шун цӀуш кегбина а, хӀаллакбина а хир бу, хаза хьожа йогӀу хӀума яго меттигаш кегйина хир ю, аша шайн куьйга мел йинарг дӀаяьккхина хир ю.
7
Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
8
Амма шух цхьаберш кхечу къаьмнашца бечу тӀамах кӀелхьарбовлуьйтур бу Аса, ткъа уьш хийрачу мехкашкахула дӀасабаржийна хир бу.
9
Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Ӏаш болчу хенахь, Со дагавогӀур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дӀадовларна а, церан бӀаьргашца цӀушна тӀаьхьахӀиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хӀуманаш а, шаьш мел дина дегаза гӀуллакхаш а бахьана долуш.
10
Царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла а, Айса царна бохам боккхур бу Аса эрна аьлла доцийла а“».
11
Цул тӀаьхьа Хьалдолчу Эло соьга элира: «Куьйгаш вовшах а детташ, когаш а бетташ, дӀаала: „Жолам-яӀ!“, исраилхоша лелийна долчу дерриг а вочу а, дегазчу а гӀуллакхашна. Уьш тур а, мацалла а, Ӏожаллин ун а бахьана долуш хӀаллакьхир ма бу.
12
Генахь верг Ӏожаллин ун бахьана долуш лийр ву, уллохь верг туьро вуьйр ву, ткъа дийна бисинарш мацаллех лийр бу. Иштта охьайоссор ю Аса царна тӀе Сайн оьгӀазалла.
13
ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хӀаллакбина болу уьш шайн цӀушна юкъахь а, шайн сагӀа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тӀехь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а, хӀора тӀехь гӀа долчу дитта кӀел а, иштта шен гаьннаш дӀаса дахийтинчу ножан диттана кӀел а — шаьш хаза хьожа йогӀу хӀуманаш цӀушна лерина ягийначу массо а меттехь — шаьш Ӏохкучу хенахь.
14
Сайн ницкъ царна тӀе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тӀера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гӀалина тӀекхаччалц Ас дассийна дӀахӀоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТӀаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла».
← Chapter 5
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 7 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48