bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 46
Ezekiel 46
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 47 →
1
Хьалдолчу Эло иштта боху: «Чоьхьарчу кертан малхбалехьа долу ков болх бечу ялх дийнахь дӀакъевлина хила деза, амма шоьтан дийнахь иза, бутт цӀинлучу дийнахь санна, дӀадиллина хила деза.
2
Эла, арахьарчу кертахула чухуларчу кевнан ученна чу а веана, оцу кевнан неӀарна улло дӀахӀуттур ву, ткъа динан дайша элан дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дохур ду. Эла, кевнан неӀ йолчохь Везачу Элана охьа а таьӀна, аравер ву, ткъа ков сарралц схьадиллина хила деза.
3
Шоьтан деношкахь а, иштта бутт цӀинлучу хенахь а кху мехкан халкъ хӀокху кевнна уллохь Везачу Элана суждане гӀур ду.
4
Шоьтан дийнахь ша Везачу Элана лерина доккхуьйтуш долчу дийнаташ дагоран сагӀина эло бан беза шайна тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а, цхьа уьстагӀ а.
5
Иштта хӀора уьстагӀца кӀен сагӀина цхьацца мазал кӀа а дан деза, ткъа хӀора Ӏахарца кхин а шен дан йиш йолччул кӀа а дан деза, цу тӀе хӀора мазал кӀеца цхьа хӀин зайтдаьтта а дан деза.
6
Бутт цӀинлучу хьалхарчу дийнахь цо тӀехь цхьа а сакхт доцу старгӀа а, иштта тӀехь сакхт доцу ялх Ӏахар а бан беза.
7
Цо старгӀица а, уьстагӀца а цхьаьна цхьа мазал кӀа дала деза кӀен сагӀина лерина. Ӏахаршца шен дала таро йолччул кӀа а дала деза цо, кхин а хӀора кӀен мазалца цхьа хӀин зайтдаьтта а дала деза.
8
Ша кхуза вогӀучу хенахь, иза кевнан ученна чухула чувала а веза, цигахула аравала а веза.
9
Динан дезачу деношкахь, адам Везачу Элана хьалха дӀахӀуттучу хенахь, къилбаседехьа долчу арахьарчу кевнехула чуваьлларг, къилбехьа долчу арахьарчу кевнехула аравала веза. Ткъа къилбехьа долчу кевнехула чувеанарг, къилбаседехьа долчу кевнехула аравала а веза; хӀорра а стаг ша чувеанчу меттехула аравала ца веза, амма цунна дуьххьал долчу кевнехула аравала веза.
10
Эла а царна юкъахь хила веза — уьш чубогӀучу хенахь чуван веза, уьш арабовлучу хенахь аравала а веза.
11
Билгалдаьхначу дезачу деношкахь а, динан дезачу деношкахь а цуьнгара хӀора стараца а, хӀора уьстагӀца а цхьацца мазал кӀа дан деза, ткъа Ӏахаршна тӀера шен дог реза доллучул кӀа дала деза цо. ХӀора мазал кӀа дахьаш, цуьнца цхьа хӀин зайтдаьтта дан а деза.
12
Элана шен лаамца Везачу Элана сагӀа даккхийта лиъча, — дийнаташ дагоран я бертан сагӀа иза делахь а, — цунна малхбалехьа долу ков схьаделла деза. ТӀаккха цо, шена даккхийта лиъна долу сагӀа, шоьтан дийнахь санна доккхуьйтур ду. Иза араваьллачул тӀаьхьа цунна тӀаьхьа ков дӀакъовлур ду.
13
ХӀора дийнахь Везачу Элана лерина долчу дийнаташ дагоран сагӀина хӀора Ӏуьйранна шо кхаьчна болу тӀехь сакхт доцу цхьацца Ӏахар бан беза ахьа.
14
Цуьнца цхьаьна хӀора Ӏуьйранна цхьацца сахь кӀа а, иштта хӀинан кхоалгӀа дакъа зайтдаьтта а дан деза, цуьнца дама хьакхорхьама. Иштта ду кӀен сагӀанах лаьцна массо а ханна тӀедиллинарг.
15
Цара иштта массо а ханна хӀора Ӏуьйранна дийнаташ дагоран сагӀа санна цхьацца Ӏахар а, кӀен сагӀа а, зайтдаьтта а дахьар ду».
16
Иштта боху Хьалдолчу Эло: «Нагахь санна эло шен кӀентех цхьанна шен долахь долчу лаьттах цхьа дакъа совгӀатна дахь, иза цу кӀентан тӀаьхьенна кхочур ду. Иза церан долахь, доьзалан дакъа санна, хир ду.
17
Нагахь эло шен долахь долчу лаьттах шен ялхойх цхьанна совгӀат дахь, и латта ялхочун долахь хир ду ПаргӀатдаккхаран шо тӀекхаччалц, цул тӀаьхьа лаьттан и дакъа элан дола дер ду. Цуьнан кӀенташна бен ца кхочу шен лаьттах цо дина долу совгӀат.
18
Элан бакъо яц нахера латта схьадаккха а, уьш цу лаьтта тӀера дӀалахка а. Шен долахь долу латта бен дала йиш яц цуьнан шен кӀенташна совгӀатна, хӀунда аьлча Сан халкъах волу цхьа а стаг шен долахь долчу лаьтта тӀера дӀалалла бакъо яц цхьаннан а».
19
ТӀаккха цу стага со кевнна агӀонгахь чуволийла йолчу меттехула динан дайн къилбаседехьа дӀаерзийна лаьттачу езачу чоьнаш чу вигира. Цигахь малхбузехьарчу агӀор йистехь йолу цхьа меттиг гира суна.
20
Цо соьга элира: «Кхузахь динан дайша гӀуда такхаран а, къинан а сагӀанашна деанарг кхехкор ду, иштта кӀен сагӀина деанарг а доттур ду, цаьрга арахьарчу керта иза ца даккхийтархьама а, иштта халкъ даздина ца хилийтархьама а».
21
Цо со, арахьарчу керта а ваьккхина, цуьнан еа а маьӀӀе вигира. ХӀора маьӀӀехь кхин а жима керт яра.
22
ХӀора маьӀӀерчу кертахь шовзткъа дол йохалла а, ткъе итт дол шоралла а долуш рагӀуш дара. Уьш дерриш а цхьана барамехь дара.
23
Оцу деа а рагӀуна гонах дина пенаш дара, ткъа пенашна уллохь гобаьккхина дина кхерчаш дара.
24
Цо соьга элира: «Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх деш болчара чохь халкъо деана сагӀанаш кхехко деза чоьнаш ю хӀорш».
← Chapter 45
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 47 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48