bible
ra
🌐 Language
English
Español
Français
Deutsch
Português
Italiano
Nederlands
Русский
中文
日本語
한국어
العربية
Türkçe
Tiếng Việt
ไทย
Indonesia
All Languages
Home
/
Chechen
/
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
/
Ezekiel 18
Ezekiel 18
Chechen 2012 (Делан Йозанаш)
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 19 →
1
Соьга Везачу Элера дош кхечира:
2
«Аша Исраил-махкахь стенна даладо хӀара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“?»
3
Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса, Исраил-махкахь кхин и кица далор ма дац аьлла.
4
Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду — ден я кӀентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг.
5
Масала, вехаш ву, бакъдерг а, нийсо а лелош волу цхьа бакъахьара стаг.
6
Цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цӀушна доӀанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло.
7
Цо адамашна гӀело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хӀума а дӀало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хӀума а ло, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а ло.
8
Цо, тӀера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо.
9
Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тӀедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» — боху Хьалдолчу Эло.
10
10-11 «Ткъа, масала, цуьнан кӀант талорхо хила тарло, нехан цӀий а Ӏенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гӀуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цӀушна Ӏамал еш даьккхинчу сагӀанах хӀума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь,
11
***
12
я къечунна гӀело еш, цуьнгара хӀума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хӀума дӀа ца лахь, иза цӀушна Ӏамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хӀуманаш цо леладахь,
13
тӀера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хӀуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цӀий цунна шена тӀехь а хир ду.
14
Ткъа, масала, нагахь оцу вочу стеган кӀант хилахь, цу кӀантана шен дас мел лелорг гур ду. Цо, шен дас лелорг шена гуш доллушехь, и санна долу хӀуманаш ца леладо:
15
лаьмнашкахь цӀушна даьккхинчу сагӀанах хӀума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь,
16
адамашна цо гӀело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дӀа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хӀума а лахь, тӀехь хӀума йоцуш висинчунна тӀеюха хӀума а цо лахь,
17
къечун дог а ца дохош, тӀера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тӀедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву.
18
Ткъа цуьнан дас адамаш къизаллица баца а бора, шен къомах болчарна къоланаш а дора, шен халкъана юкъахь вонаш а леладора. Ша летийна къинош бахьана долуш иза лийр ву.
19
Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кӀант жоьпе хӀунда ца озаво?“ КӀант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву.
20
Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кӀантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таӀзар дийр дац, шен кӀанта летийначу къиношна дена а дийр дац таӀзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догӀу, вониг лелочун вон цунна бен догӀуш ца хиларе терра.
21
Ткъа зуламхочо, къинош леторан некъ а битина, Сан парзаш лар а деш, бакъдерг а, нийсо а лелаяхь, иза билггал вехар ву, лийр а вац.
22
Цо мел лелийна вонаш дагадоуьйтур дац. И стаг, ша дина нийса хӀуманаш бахьана долуш, вехар ву.
23
Вочу стеган Ӏожалла тӀеярах там хуьлий те Суна? — боху Хьалдолчу Эло. — Мелхо а, шен харцнекъа тӀера дӀа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара.
24
Амма нагахь санна бакъахьа лелаш верг ша дӀахьочу некъа тӀера валахь, иза вонаш дан волалахь, зуламхочо ма-леллора, вехар вуй ткъа иза? Цо мел дина дика лорур дац. Суна тешаме ца хиларна а, ша къинош леторна а, и стаг лийр ву.
25
Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ ЛадогӀал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса!
26
Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тӀера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хӀума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза!
27
Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тӀера дӀа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кӀелхьардоккхур ду.
28
Ша мел лелийна харцдерг а хиъна, царна тӀера иза дӀаверзарна, иза вехар ву, лийр а вац.
29
Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац!
30
Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хӀора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. — Иштта элира Хьалдолчу Эло. — Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тӀера дӀадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта.
31
ДӀадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хӀунда деза, Исраилан халкъ?
32
Со муьлххачу а стагана Ӏожалла тӀеярах там хуьлуш вац, — боху Хьалдолчу Эло. — Къиношна тӀера дӀа а дерзий, дехаш хилийша!»
← Chapter 17
Jump to:
Chapter 1
Chapter 2
Chapter 3
Chapter 4
Chapter 5
Chapter 6
Chapter 7
Chapter 8
Chapter 9
Chapter 10
Chapter 11
Chapter 12
Chapter 13
Chapter 14
Chapter 15
Chapter 16
Chapter 17
Chapter 18
Chapter 19
Chapter 20
Chapter 21
Chapter 22
Chapter 23
Chapter 24
Chapter 25
Chapter 26
Chapter 27
Chapter 28
Chapter 29
Chapter 30
Chapter 31
Chapter 32
Chapter 33
Chapter 34
Chapter 35
Chapter 36
Chapter 37
Chapter 38
Chapter 39
Chapter 40
Chapter 41
Chapter 42
Chapter 43
Chapter 44
Chapter 45
Chapter 46
Chapter 47
Chapter 48
Chapter 19 →
All chapters:
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35
36
37
38
39
40
41
42
43
44
45
46
47
48